язык сайта

«Шен ненан мотт халкъо, сий ойбуш, 1алашбахь, цу халкъан парг1ато цхьаммо а хьошур яц», - аьлла нохчийн сийлахь-воккхачу яздархочо Мамакаев Мохьмада.

И ларамаза а дац, х1унда аьлча муьлхха а къам дийна хиларан коьрта билгало ю цуьнан буьйцуш мотт хилар. Ткъа таханлерчу дийнахь нохчийн мотт кхиорехь а, шен хаарш кегийрхошна д1адаларехь а жигара дакъалоцуш а, къахьоьгуш а ву нохчийн меттан 1илманча, лингвист, масех дошаман автор, нохчийн меттан а, юкъара а филологин институтан нохчийн меттан практикуман кафедрин куьйгалхо Вагапов Iаьрби Джамалайлович.

Иза вина 1951 шеран 28-чу январехь Казахстанехь, Семипалатински областан Аягуз г1алахь. Дуьххьара школе вахар а цигахь нисделла Iаьрбин. Iаьрбис ворх1алг1а класс чекхъяьккхинчу хенахь церан доьзал Даймахка ц1абирзина. Кхузахь, Хьалха-Мартанахь, Iарбис чекхъяьккхина школа, ткъа цул т1аьхьа деша вахана Ростов г1алара пачхьалкхан университетан физико-математически факультете. Иза т1ехдика чекх а яьккхина, иштта Нохч-Г1алг1айн пачхьалкхан университетан филологически факультетехь а дешна цо.

2005 шарахь «Славяно-нахские лексические параллели» ц1е йолу кандидатски диссертаци кхиамца ларъйина Iаьрбис. Нохчийн мотт 1алашбарехь а, кхиорехь а цуо динчу г1уллакхашна юкъахь уггар мехала лара мегар ду 2004 шарахь Нью-Йоркехь дуьххьара зорбане яьлла цо х1оттийна ингалс-нохчийн меттан дошам.

Тахана, ша мукъа цахилар тергал ца деш, вайн «Хьехархо» газетин масех хаттарна жоп дала резахилира Iаьрби.

- Iаьрби, таханлерчу дийнахь хьо нохчийн меттан говзанча санна вевзаш ву массарна а. Дийцахьа, муха кхоллаелира хьан нохчийн мотт 1амо а, и к1орггера бовза а ойла.

- Со дуьххьара физикин факультетехь доьшуш вара, оцу корматаллица сайн дахар доьзна хилийта лууш а вара. Амма кест-кестта ас нохчийн маттах ойла йора, цуьнгахь долу хьал, орца дала бохуш, кхайкхам бечу т1едаьллера. Ткъа ас цу хенахь сайна 1алашо х1оттийра нохчийн мотт к1орггера бовза а, 1амо а, сайгара цунна хуьлу г1о дан а. Цундела со, физика д1а а ца тосуш, нохчийн меттан отделене деша х1оьттира. Дуьххьара д1аволалуш со х1инцалера оьрсийн мотт 1амош волавелира, х1унда аьлча къаьсттина нохчийн маттана тидам т1еберзийна бацара оцу отделенехь. Студент волчу заманахь сан нохчийн матте болу безам, и 1амо сан болу лаам, сан йолу говзалла хьехархоша тергалйора, цундела суна мелхо а цунах г1о-накъосталла хуьлура. Ткъа юха, кхано, перестройка а, 1едалахь цхьацца хийцамаш а хилла, нохчийн мотт 1амо беза боху къамелаш дуьйладелча, со х1окху кафедре балха а х1оьттира, ткъа юха 1991 шарахь дуьйна кхуьнан куьйгалла деш а ву.

- Дукхахьолахь ахь къахьоьгу вайн мотт талларехь, и хьалдолуш хилар гайтарехь. Амма берриге а хьан кхиамашна юкъахь коьртаниг лара мегар ду ахь физикин а, нохчийн меттан а вовшашца йолу уьйр гайтар. Ахь цунах лаьцна дийцича, и мехала хаам хир бара вайн хьехархошна.

- Со дуьххьара нохчийн мотт 1амо д1аволалучу хенахь ас уггар ч1ог1а тидам т1ебахийтинарг, суо физик хиларе терра, терминологи яра, х1унда аьлча физикехь дукха ю чолхе терминаш, ткъа сан сагатдийриг уьш нохчийн матте яхар, вайн меттан шен терминологи кхоллар дара. Суо дуккхаза а каравора суна оцу хьокъехь ойланаш ечохь. Уьш сан коьрте суо радиозаводехь болх беш волчу хенахь а лелара, айса беш болу болх а бицлой 1ара со, чолхе физически термин нохчийн матте муха йоккхур яра теша бохуш. Амма, билгалдаккха мегар ду, и ойланаш эрна яйна цахилар, х1унда аьлча ас а, Дадашев Райкома а т1ехь болх бина нохчийн меттан физикин терминийн дошам зорбане яьлла, йоккха тираж цуьнан яцахь а. Еккъа цхьана физикин терминаш 1амо а, нохчийн матте гочъян а сацамбина вац со. Ас болх бо медицински терминашна т1ехь, ораматийн, кхийолу а ц1ераш йовзуьйтуш. И болх бан хала ду, х1унда аьлча, х1ара ю хьуна план олий, цхьаммо а хьехам беш, ма ца бойтий хьоьга болх. Амма и болх сецна бац. Дуккха а дошамаш ю сан, коьртаниг лара мегар ду Америкехь зорбане яьлла ингалс-нохчийн меттан дошам. Ишта коьрта лара мегар ду дешнийн этимологи толлуш кхоьллина дошам а. Ша къаьсттина ара ца яьлла сан и, журналаш т1ехь зорба тухуш ю.

- Муьлхха а 1илма цхьана бух т1ера д1адолалуш ду, ткъа и бух латтош ерг, вайна ма-хаъара, школа ю. Таханлерчу дийнахь, хьуна хетарехь, нохчийн мотт муьлхачу т1ег1ан т1ехь бу вайн школашкахь?

- Вайн школашкахь нохчийн мотт башха лакхарчу т1ег1ан т1ехь бац моьттуш ву со. Бакъдерг ала деза, мотт бийцарехь а, 1едалехьара цуьнан сий айдарехь а цхьажимма кхиамаш бу, амма нохчийн мотт хьехаран сахьташ лахдеш ду. Меттан йоза а, мотт бийцар а – уьш ч1ог1а башхаллаш йолуш ши х1ума ду. Йозанан мотт ца хилча, къоман мотт лар ца ло, и кхиар лахара а хуьлу. Ткъа школашкахь сахьташ лахдина хиларо гойту вай мел генахь ду йозанан мотт кхиарехь.

- Т1аьххьарчу хенахь, вайн республикехь къаьсттина тидам т1ебахийтина нохчийн маттана, хьуна хетарехь, цхьажимма мукъана а лакхаяьллий цуьнан сийлалла а, вайн бахархойн цуьнга болу безам а?

- Оцу хаттарна доцца жоп дала лаьа суна. Ас даима а олу, нохчийн матто вайн дин лардо. Нохчийн маттана вай хийра хилахь, вайх бусалбанаш хир дац. Цундела, нохчийн мотт шорбан а, ч1аг1бан а дезаш дара вай, амма таханлерчу дийнахь, мел халахеташ и делахь а, вай генахь ду оцу г1уллакхна.

- Хьо студент хилла волу зама башха иштта нохчийн маттана а, культурина а маршо йолуш зама яцара, х1етте а вайн меттан говзанчаш а, 1илманчаш а кхиийнарг билггал и зама яра. Муьлха башхаллаш ю х1етахьлерчу кегийрхошна а, х1инцалерчарна а юкъахь?

- Дика хаттар ду и. Иза йоккха башхалла ю, х1унда аьлча, цу хенахь х1етахьлерчу 1едална нохчийн мотт безаш бацахь а, цуьнан кхиар царна хьашт ца хиллехь а, амма къоман политикин юьхь ларъеш, цара х1инцачул алсам бакъонаш еллера вайн маттана. Сахьташ х1инцачул сов дара школашкахь, къоман отделенехь студенташ алсам бара. Ткъа уггар коьртаниг: оцу студентийн цхьа 1алашо яра, царна гуш шайн перспектива яра. Х1ора студентна хаьара ша мичахь болх бийр бу а, цунна гуора шен корматалла республикина оьшуш хилар а, иза шена пайдехь хилар а, шена билггал мел алапа дог1ур ду а. Д1о цхьанхьа геннахь богуш стогар хилар санна ду и.

Ткъа таханлерчу дийнахь хьалха гуш цхьа а къилба ца хилча, муьлхха а стагана, кегийрхошна къаьсттина, хала ду дахаран некъа т1ехь д1аваха. Вайн университет чекх а яьккхина, школе балха баханарш ч1ог1а к1езиг бу. Дукхахболчеран 1алашо диплом ю, ткъа и лаам кхочушбан филологи ч1ог1а атта факультет хетта хаьржина цара. Баккъал а нохчийн къам а дезаш, баккъал а нохчийн мотт а безаш, цу меттан сий айдан а лууш болу нах алсам бара цу хенахь. И ю-кх уггар йоккха, коьрта башхалла.

- Нохчийн мотт кхиорехь, хьайн хаарш вайна юкъахь даржорехь а дукха г1уллакхаш дина ахь, х1инца а цу т1ехь къахьоьгуш а ву хьо. Берриге а хьайн кхиамашна юкъахь айхьа дина уггар мехала г1уллакх муьлханиг хета хьуна?

- Суна уггар коьрта хеташ а, сан уггар ч1ог1а сагатдийриг а этимологи ю. Дош мичара схьадаьлла, дешан маь1на довзийтар, нохчийн мотт муьлхачу меттанашна гергара бу таллар. Этимологис йоккха меттиг д1алоцу меттан дахарехь. Этимологис меттан къайленаш гучуйоху вайна, ткъа цуьнца цхьаьна муьлххачу а къоман дахарера а,исторера а х1инццалц вайна ца хиъна аг1онаш а схьайоьллу. Соьга хаьттича, иза ду коьртаниг, ткъа дийцича-м, дуккха а ду уьш. Школехь мотт хьехар, дешархошна уггар ледара хууш нохчийн маттахь муьлха аг1онаш ю, царна т1е тевжаш, лексикологехь болх бо ас. Дуккха а брошюраш зорбане евлла, акхаройн, дийнатийн, олхазарийн, бецийн, ораматийн нохчийн маттахь йолу ц1ераш юьйцуш. Ас хьалха ма-аллара, дуккха а дошамаш зорбане евлла физически, медицински терминашна лерина йолу.

- Къамел дерзош, вайн хьехархошка х1ун ала луур дара хьуна?

- Уггар хьалха, Дела реза хуьлийла ала луур ду суна, къаьсттина нохчийн меттан хьехархошка. Массо а хьехархоша беш болу болх ч1ог1а онда болх бу, къомана оьшуш а, пайдехь а болуш. Хьехархоша хьоьгуш долу къа баркалла доцуш довр дац, со цунах тешна ву. Кху дуьненахь царна иза хьакъдолчу совг1атца а, алапица я хьолаца а гучу ца далахь а, кханалерчу къематан дийнахь Веза-Сийлахь волчу Делера ял хир ю царна. Дала сий дойла массо а хьехархочун!

- Iаьрби, баркалла х1окху къамелехь дакъалацарна а, тхан хаттаршна чулацаме жоьпаш даларна а.

Подписка на новые публикации

Рассылка новостей и документов на электронную почту

Количество подписчиков: 16362

Порталы государственных услуг