язык сайта

Эльдарханов Таьштамир вина 1870-чу шеран 1-чу апрелехь Гихтахь. Цуьнан дас Эльжуркъа жима Таьштамир юьртачу хьуьжаре д1авелира бусалба 1илма 1амо. Цул т1аьхьа, ворх1 шо кхаьчна волу иза Соьлжа-Г1алахь цхьаъ бен ца хиллачу ламанхойн ишколе вахийтира.

Иза кхиамца чеккхъяьккхинчул т1аьхьа Таьштамир Буру-Г1аларчу реальни училище деша воьду…

1893-чу шарахь Т. Эльдархановс кхиамца чекхйоккху Тифлисера (Тбилиси) хьехархойн институт. Цул т1аьхьа пхеа шарахь болх бо Майкопехь. Т1аккха Соьлжа-Г1аларчу ламанхойн шеколехь болх бан волало. Болх дика баро, бераш ч1ог1а дезаро, к1орггера хаарш хиларо, боккха сий-ларам кхуллу Таьштамира. Хьехархошна евзина ца 1аш Соьлжа-Г1алахь а, ерриг Нохчийчохь а йовза йолало цуьнан ц1е.

Хьехархочун болх барх тоам ца беш, цо жигара дакъалоцу юкъараллехь д1абоьлхучу политически хицамашкахь а. Шайн парг1атонехьа, шайн лаьттехьа, демократи… къуьйсучу халкъехьа ойла лесташ вара Таьштамир. Иза белхалойн митингашка а, собранешка а оьхура, къамелаш дора.

Эльдархановс Т. лелош долу юкъараллин г1уллакхаш паччахьан 1едалан тидамза ца дисира. Кестта иза хьехархочун балхара д1аваьккхира, царна хетарехь, «политически тешаме цахиларна»…

Теркан областан ц1арах кадет А. Маслов а I-чу Думе хаьржира Эльдарханов Таьштамир, иза регионан ламанхойн халкъийн ц1арах хаьржина вара. I-чу Думехь Эльдархановс ма-дарра гайтира лаьмнийн халкъаш а хьоьгуш болчу къаьхьачу баланан, г1айг1анан сурт.

Эльдархановн Т. къамелаш коьртачу декъана, цхьаьнадог1уш хуьлура большевикийн юкъара демократически программица. Россин къинхьегаман адамаш паччахьана дуьхьал къийсам д1абахьа вовшахтоха г1ертара.
1906-чу шарахь 8-чу июлехь дума д1асалаьллира.
Дукхахан ялале II-чу Думе харжамаш хир бу аьлла кхайкхам бира.

1907-чу шеран 6-чу февралехь Терски областан ахархойн а, г1алийн бахархойн а ц1арах болчу харжамхойн гуламехь Эльдарханов Таьштамир шолг1ачу думин депутат хоржу.
II-чу Думехь шен къамелехь «Терски областан бахархойн болчу харжамхойн ц1арах» Эльдархановс доьху 1аламан хазнаш, йохр, лечкъор аграрни г1уллакхан йист яккхалц сацадахьара бохуш. Ткъа латтанаш, 1аламан хазнаш лечкъош ерг правительство ю. Цо ламанхойн тоьлла латтанаш шен дола дерзадо.

1907-чу шеран 3-чу июнехь Паччахьан 1едало II-г1а Дума д1асалаьллира. Цуьнан социал-демократически фракци 1едало лецира. Революци ийшира.
Шен демократически хьехамаш бахьанехь лечкъаш лела дийзира Таьштамиран а. Иза итт шарахь гергга Бакох 1ен везаш хилира, хьехархочун болх а беш. Оцу муьрехь цунна бевза чоьхьарчу Кавказера а, Къилбаседа Кавказера а большевикаш, ша аьлча, С.М. Киров, Н.А. Анисимов, И. Калинин, И. Малыгин, К. Ворошилов.

Воккхаверца т1еийцира Эльдархановс февралан революци. Эльдархановс а, А. Шериповс а, къехойн лаам кхочушбеш. 1918-чу шеран 29-чу майхь Г1ойт1ахь хиллачу йоккхачу митингехь хаам бира Нохчийчохь Советийн 1едал д1акхайкхош хиларан хьокъехь. Таьштамир Г1ойт1арчу Советан председатель хоржу. Нохчийчоь Г1ойт1арчу Советан а, Соьлжа-Г1алин большевикийн а куьйгалла хьалха а долуш, Деникинан эскаршна дуьхьал елира. Цаьрца турпаллица лийтира.

Соьлжа-Г1ала парг1атъяьккхинчул т1аьхьа, большевикаша юкъадаккхарца, Нохчийчоьнан а, Г1алг1айчоьнан а ярташкахь халкъан гуламаш д1абаьхьира. Цигахь цара къобалдеш т1еийцира Советийн 1едал.
Нохчийн ревкоман председатель х1оттийна Эльдарханов Т. Дукхах долу адамаш йоза-дешар хууш дацара. 1илма долуш нах к1езиг бара. Эльдархановн ницкъ кхечира ярташкахь 1едалан органаш кхолла, ахархошна лаьттанаш дала, дешаран а, культуран а кхерчаш схьаделла. Цу т1ехь цунна г1о дира Соьлжа-Г1аларчу большевикаша. С.М. Киров, К. Орджоникидзе коьртехь волчу ЦК РКП(б)-н Кавказан бюрос. 1920-чу шеран 1-чу августехь Нохчийчоьнан Советийн хьалхара съезд хилира. Цигахь областан исполкоман председатель хаьржира Таьштамир.

Оцу шеран ноябрь баттахь Терски областан халкъийн съезд хилира. Цигахь д1акхайкхира Ламанхойн Автономни Социалистически Республика йиллар. Оцу берриг а исторически хиламашна юккъе йоккха хазна йиллира Эльдархановс. Цуьнан хуьнарийн мах хадор дара Ламанан Республикан ЦИК-н председателан дарже иза харжар, цуьнгахь Нохчийн облисполкоман председателан дарж а дуьтуш.

Шеко йоцуш, Эльдарханов Таьштамир хьанал, ц1ена, майра, оьзда стаг вара. Ша д1ахьочу некъо нохчийн халкъан дахар зовкхе, маьрша дийриг хиларх к1орггера тешна вара. Халкъ йоза-дешарх кхеташ, дуьненахь хуьлучу хиламийн духе кхио лууш вара Таьштамир. 1908-чу шарахь ца арахийцира нохчийн абат. Иза оьрсийн графика т1ехь (кириллица) йина яра.

1922-чу шарахь, Нохчийчоь Ламанан Республикана юккъера схьаяьллачул т1аьхьа а, областан ревкоман председателан болх бира Эльдерхановс. Ткъа 1923-чу шарахь Нохчийчоьнан Советийн съездехь Нохчийн автономни областан Советийн куьйгалхо хаьржира.

1925-чу шеран сентябрь баттахь Таьштамир балхара д1авоккху. Делахь а, оццу шарахь, Къилбаседа-Кавказан край кхоьллича, крайисполкомехь йолчу къаьмнийн советан председатель х1оттаво. Цул т1аьхьа иза Дона-т1ерачу Ростове д1акхелха.

Эльдарханов Таьштамир Советийн Ерригроссийн VIII,X,XI,XII-чуй съездийн делегат хилла, ВЦИК-н X,XI,XII-чуй гуламийн декъашхо, СССР-н I,II,III-чуй гуламийн декъашхо вара Нохчийн автономни областан ц1арах.

Даймахка ц1авирзинчул т1аьхьа а тайп-тайпана куьйгаллин белхаш бира цо, цу юкъахь «Грознефть» цхьанакхетараллехь а.

Эльдарханов Таьштамир кхелхира 1934-чу шеран 14-чу ноябрехь. Шен заманан башха стаг вара иза. Шен къоман бакъ волу во1 вара Таьштамир. Цундела хьакъ ву т1аьхьенийн дагчохь ваха.

Подписка на новые публикации

Рассылка новостей и документов на электронную почту

Количество подписчиков: 17709

Порталы государственных услуг