язык сайта

Хьехархо корматалла яц, иза диагноз ю, - аьлла, билгалдаьккхира Нохчийн Республикан хьакъволчу хьехархочо, Россин яздархойн Союзан декъашхочо, Державинан а, Мамакаевн а ц1арахчу орденийн векало Эдильгериев Хьасана.

1962-чу шарахь дуьйна 1алхан-Г1алин № 1, 2 йолчу школашкахь нохчийн мотт, литература хьоьхуш а, дуккха а шерашкахь дешаран декъан заведующин болх бина а ву иза. Кху т1аьххьарчу шерашкахь могашалла галъяларна ц1ахь сецнехь а, школах дерг тидамехь латтош а, цуьнан бала кхочуш а ву. Олуш ма-хиллара, вайн берех дог лозуш, бакъволу хьехархо ву Хьасан. Цундела тхан хаттаршна жоьпаш дала резахилира иза.

-Хьасан, 50 шаре ца кхоччуш болх бина ахь школехь. Хьуна дагайог1у 60-70-чуй шерийн школа. Мел хийцамаш бу оцу заманан а, таханлерачу а школан?

- Суна хетарг а, сан хьежамехь дерг а кхечарна иштта ца хета а мега, цундела, бехк цабиллар доьху ас. Оцу ахь билгалъяьккхинчу заманах 20 шарахь завучан болх бина ас. Суна школа евза хьехархочунна а, куьйгалхочунна а санна. Дера юкъара хааршна т1ехь вай дикка хьалхахьа д1а ма дахана, амма школан дешарна т1ехь генна т1аьхьа а ма дисина. Иза берийн ийманах а, хьехархоша хаарш даларх а, доьзалехь кхетош-кхиорах а доьзна хиларх тешна ву со. 60-80-чу шерийн бераш эхь-бехк алсам долуш дара, ийманах дуьзна дара, цаьргахь воккхачуьнга, дега-нене, хьехархочуьнга лерам бара. Иза доьзалехь кхетош-кхиорах доьзна а ду. Оцу шерашкахь, дукха хьолахь, наной шайн ц1еноналлин г1уллакхаш деш доьзалехь бара. Балхахь берш а доьзалш кхион ларалуш бара. Х1инца наной х1усамдайн некъ лаьцна лелаш бу. Церан шайн доьзалш кхетош-кхиорна зама яц. Суна хетарехь, ун цигара схьадаьржина. Школехь кехаташца беш болу болх алсамбаьлла. Компьютерш хилча а цаларалучу хьолехь бу хьехархой. Урокан кечам бечу хьехархочун 1алашо шен дешархой керлачу темех кхетор хила езачохь, и 1алашо дика х1оттор хуьлу. Технически аг1ор, гайтаман-дидактически г1ирсашца, тайп-тайпана методикашца болх бан аьтто хиларна т1ехь тахана школа дуккха а хьалха ю. Амма цуьнан коьртаниг –дешархо хаарш а долуш, ийманехь кхетош-кхиор ду. Республикан Куьйгаллехь берш орцахъбевлла и нисдан дезачу вай кхачар а суна халахетачух ду. Делахь а, лоьраша ма-аллара, лазаран нийса диагноз х1оттор ах дарба ду. Вайн Куьйгалло юкъадалийна керланаш беркате хиларе дог дог1ийла ю сан.

-Хьасан, ткъа къастамаш буй 30-40 шо хьалхалерачу а, таханлерачу а дешархошна юккъехь? Дешархой бац уьш?

– Дешархой-м хьаха бу. Сан цхьа тергам хилла 90-чу шерийн чаккхенгахь 1уьйранна деша даьхкина бераш, школере мукъа девлча а, ц1а даха саготта доцуш, пхьоьг1анаш йой, эвла юккъехула хан йойъуш леларан. Цкъа цхьаьнга боху ас: «Хьенех, хьо ц1а х1унда ца воьду?». Цо суна жоп ло: «Бехк ма биллалахь, свидани ю сан». Иштта долчо гойту берехь г1иллакх цахилар, цунна иза доьзалехь ца1амор. Берийн бехк бац, вайн, дай-нанойн, бу бехк. Беран шен доьзалехь кхочуш беш цхьа билггала болх, г1уллакх хила деза. Бер чуьра арадолуш, стенга, муьлха 1алашо йолуш долу хаа деза. Ц1а маца дог1у хаа деза. Цуьнан хьаьнца уьйр ю хаа деза. Уьш дуьнент1е а баьхна, царна юург-мерг, коч-мача латторах, дай-нанойн декхарх ца довлу вай. Ма мотта кхин д1адолчунна декхарийлахь хьехархой бу. Вешан доьзалех вайн дог ца лезча, хьенан лаза деза? Нахах тардала я царал т1ехдала г1ерташ къахьоьгу вай, амма коьртаниг дицдо. Шен къоман г1иллакхаш, ламасташ доьзалехь дуьйна кхион деза берашкахь. Иза вайн доьзалшкахь г1елдалар дика гина вайн Куьйгаллина. Хийцамаш хила безаш бара. Вайн школашка ийманехь кхетош-кхиорехула директоран заместительш бахкар а дикачу аг1ор хирг хиларх дог тешна ду сан.

– Ткъа дай-наношна юккъехь болу къастамаш стенна т1ехь гучуболу?

-Вайн республикехь хиллачу бевзачу хиламаша, т1емаша къоман дерг артдина, г1иллакхаш гомхадаьхна. Шайн ярташкара, г1аланашкара арабевлла, т1амах бевдда бахнарш четарийн г1аланашкахь, нехан ярташкарчу ферманашкахь, клубашкахь, маь1-маь11ехь д1атарбелла 1ийна. Шен чохь, шен баьрчехь кхион дезачу г1иллакх-оьздангаллин к1еззиг тидам барна, церан мехаллаш яйелла. Ишттачу меттигашкахь кхоллабеллачу доьзалшкахь кхуьу бераш а бендацараллица кхиа тарло дукха хьолехь. И тайпанаш к1еззиг бац таханлерачу дешархошлахь. Церан а, церан дай-нанойн а «маьлхан к1ел меттиг» яккха дезна оцу халчу хьелашкахь. Къоман, Даймехкан мехаллашна мелла а херабевлла болу уьш, оцу хорша бало атта дац. Ишттачу дай-наношна юкъахь нисло алапа к1езиг долуш волу хьехархо лоруш боцурш а. Ткъа х1ун бохур ду вай цара кхиочу берашка, вайн дешархошка? Х1инца санна базаршкахь лаьтташ бацара вайн зударий, к1езиг делахь а, беттан юьххьехь алапа а долуш, балхахь волчуьнга цхьа лерам а болуш, къинхьегамца гергарло дара. Белхан меттигаш цахиларо дукхахболчу божарийн аьттонаш бохийна. Лаьттаца долу гергарло д1ахадаро, уггаре лаккхара мехаллаш ахча-бохча хетаро, дукхахболу къонахий шайх масал эца там болуш цахиларо галдаьхна доьлху вай, аьлла хетало суна. Шен къоман дерг дика девзаш, стенна т1е тидам бахийта беза хууш Республикан Куьйгалхо хилар а Делан къинхетам бу. Вайн дегайовхо а цуьнца йоьзна ю. Дикане сатуьйсур ду-кх вай.

–Хьайн шерийн лакхара а, белхан зиеделлачун к1оргаллера а х1ун эр дара ахь дай-наношка, хьехархошка, дешархошка?

–Вайн къоман божарий майраллица, доьналлица, шайн Даймахке, дега-нене болчу безамца, доттаг1ашца болчу тешамца бевзаш хилла. Зударий-эвхье, эсала, хьуьнар долуш хиларца, доьзалш к1орггерачу кхетамца кхиорца бевзаш хилла. Оцу хорше вай юхадерзар мехала г1уллакх ду. Тахана оьшург дай-наноша шайн доьзалийн доладар, церан архаш ч1аг1ъяр, сарах х1оз бар ду.

Бакъволчу, дикачу хьехархочун билгало иза шен дерриге а дахаран г1уллакх шен болх хеташ хилар ду. Вайн цхьацца болу хьехархой х1инца а лаьтташ бу базаршкахь. Хьехархойн институт чекхъяьккхина кегийрхой а ницкъ кхочуш школе балха ца бог1у. Цо гойту, хьехархочун материальни аг1о х1инца а лахарчу т1ег1ан т1ехь хилар. Хьехархочуьнга болу лерам кисанах боьзна а боцуш, цуьнан хаарех боьзна хила беза, и лерам вайн дай-наноша шайн доьзалшка юхаберзо беза.

Школехь а, доьзалехь а берашца беш болу кхетош-кхиоран болх а, хаарш даларан болх а нийса д1ах1оттийна хила беза. Вешан берийн бераллин зама царна йита еза вай. Доьзалехь хьехархочух цавашаран некъ бихкина хила беза. Вай вешан берашна ницкъ бо, царна хьалха хьехархочуьнга лерам цахиларца а, юха оцу вешан лерам боцчу хьехархочуьнга 1амадайта вешан бер дахийтарца а. Схьахетарехь, шайн берана шаьш реза доллу хьехархо харжа веза дай-наноша, цуьнан къинхьегаме хьаьжжина мах хадон а беза цуьнан.

–Хьасан, Дела реза хуьлда хьайн хьежамаш тхуна бовзийтарна.

-Дела реза хуьлда вайна массарна а.

Подписка на новые публикации

Рассылка новостей и документов на электронную почту

Количество подписчиков: 16524

Порталы государственных услуг