язык сайта

 

1910-чу шарахь 1ашхой-Мартанахь вина Мамакаев Мохьмад. Дукха хьалхе да а, нана а делла висна. Ден, ненан, йиша-вешин уьйр-марзонехь ца кхиъначу, берийн ц1ийнахь бералла д1аяхначу к1ентан амал хьалхе ч1аг1ъелла. Оцу амало цунна г1о а дина, халонаш т1ех1иттича, букъ ца саттош, корта айббина шен дахаран некъахь чекхвала, шен къомах сий-лараме дош олуш. Шен дайн мохк, халкъ а дезаран шовкъо язъяйтира цуьнга нохчийн маттахь байташ.

Зорбане валар хала хиллехь а, амма кхиаме хуьлуш д1аволавелла иза. Шен 24 шо кхочучу шарахь (1934-чу шарахь хилира СССР-н яздархойн хьалхара гулам), А.М.Горькийс билет д1а а луш, иза пачхьалкхан яздархойн мог1аршка д1аэцна. СССР ц1е йолчу пачхьалкхехь, къаьсттина 20-чу б1ешеран 30-чу шерашкахь, харцо толош мур беара. Республикаш, къаьмнаш а ца къестош, х1аллакбан болийра баха доьналла мел дерш, интеллигенцин векалш.

Сталинан 1азапаш лайра вайн яздархошна а. Цу хенахь 1едало бехкбоцуш х1аллакбина Бадуев Саь1ид, Дудаев 1абди, Нажаев Ахьмад, Айсханов Шамсудди. Мамакаев Мохьмада ткъех шо набахтехь даьккхина, царах 6 шо – иза ша цхьаъ волчу камери чохь доккхуш. Цо яздина: «Сан 16 шо бен дацара, со Ленинграде а, Кольски ахг1айре йолчу а кхаьчначу хенахь. Т1аьхьо Эрмалойн махкахь а, Генарчу Малхбалехь а хилира. Сан ваха, къахьега дийзира Г1ум-Азехь, тундрехь, Полярни гуонал дехьахь а. Йистйоцчу Даймехкан х1ора маь1игехь а шатайпа билгалонаш а, хазаллаш а карайора суна».

Шеца амал йог1учу къонахошца вазалуш, ледарлонаш емалъеш ваьхна иза. Цуьнан «Даймохк» бохучу кхетамо Нохч-Г1алг1айчоьнан латта юкъалаьцна ца 1а. Кхечу къаьмнийн яздархошлахь цуьнан хилла доттаг1ий: А. Горький, В. Маяковский, Д. Гатуев, Г. Кайтуков, К. Кулиев, М. Шолохов, А. Фадеев, А. Серафимович, Л. Леонов, Э. Багрицкий, дуккха кхиберш а.

М. Мамакаевх яздинчо, иза вевзинчийн дагалецамаша вуно б1аьрла гучудоккху цуьнан куц-кеп, амал, доьналла. Бакъ къуьйсуш, къонахаллийца, ц1енчу даггара ваьхна иза. Шена аьтто ца лоьхуш, цуьрриг шеца х1илла доцуш, онда орам хецначу харцонашца къуьйсуш хала некъ бина цо. Некъ бина, шен дош – дош долуш, ницкъ кхочучу кепара мехкан, меттан, халкъан дола а деш. Иза дерриг бахьанехь 1едало лаца а лаьцна иза. Ца лаьцна, шех г1алат даьлла, я харцдерг дийцина, я шех тешийначунна тешаме ца хилла-м.

М. Мамакаевн къонахчун амалан тоьшаллех цхьа тоьшалла ду 1956-чу шеран ноябран 16-чу дийнахь Москвахь советски историкийн конференцехь цо дина къамел (буьззинчу барамехь цуьнан чулацам дуьххьара бевзира вайна «Молодежная смена» газетан аг1онаш т1ехь: №89 (188), 10.11.2004). Оцу конференцехь кхуьнгара х1ума даккха, х1ара собарх вохо г1ерта ши юьхь йолу историк Аджемян, амма Мохьмада шен доьналлийца, собарца, кхетамца, хьекъалца тоьшаллаш а далош, бакъдолчун буха т1ехь толам боккху. Шайн сакхташна, ледарлонашна, ямартлонашна мук1арло дай, дохко а довлий, гечдар дехий, шаьш муьлш ду а хаий, 1ад1е, боху Мамакаевс, х1оъ тес-тесначу аг1ор а буьйлуш, котамаш санна леллачу 1илманчаш бу бохучу харц-историкашка. Амма цаьрга иза ца дало, т1аккха Мохьмада, кхоа ца беш, шен говзачу, хьекъалечу къамелаца шайн хьакъ дуьззина д1ало царна:

«… Суна ч1ог1а ца тайра накъ. Аджемяна дийцинарг, резавоцуш виси со накъ. Фадеевс динчу къамелана а. Ма-дарра аьлча, ц1енчу даггара доцу бехказдийлаг1ертар ду иза. Фадеевн, (иза волччу барамехь вайн историн цхьадолу хаттарш нийса ца тидарна бехке болчу) дуккха кхечу накъосташкахьара иза дерриг кхеташ хир дара х1инцачул, масала, пхи шо хьалха…

Айса хьо (Аджемян) мел ч1ог1а ца ларахь а, кху т1аьхьарчу шерашкахь сайга х1оьттина хьал хьоьга х1отта луур дацара суна… Партин 20-г1а съезд хиллачул т1аьхьа, дийнна халкъашна т1ехь йина г1ело, дина 1азап ерриг партис, вайн советски халкъо а нийса доцуш леринчул т1аьхьа, там боцуш хета х1окху жоьпаллин трибуни т1ера хезаш долу Аджемянан а, цунах терачийн къамелаш… Дуьнен т1ехь дац вуон а, зуламе а халкъаш, амма х1ора халкъа юккъехь вуон а, зуламе а долу адамаш ду; дуьненан дерриг халкъийн мостаг1ий бу уьш, вайн сийлахьчу хьалхахьа бечу некъана кхиаме йоцу новкъарлонаш еш долу. Шемалан чалма дукхаезарна, я Турцигахьа дог-ойла латтарна ца къийсина Кавказан ламанхоша… Маршонехьа, хьомсарчу лаьтте болу беккъа цхьа безам баьхна Кавказан ламанхойн дегнаш чохь……Вайна лаьа, вайн халкъийн доттаг1алла дохалур доцуш хуьлийла, х1унда аьлча цуьнца ду дуккха къаьмнаш шена чохь дехачу вайн сийлахьчу Даймехкан ирс, ницкъ а».

Йоккха хазна, вайн мехкан мехала синбахам а лара бог1у аьлла тешна ву со вайн республикин бевзашболчу кхолларалин наха Мохьмадах зорбане баьхна дагалецамаш, статьяш, эссеш а. Яздархочун къонахаллин дахаран керл-керла аг1онаш гучуйоху цара. Мамакаев Мохьмадан дахарх язйинарш тахана дуккха белахь а (А. Айдамиров, Хь. Туркаев, В. Дыхаев, Ю. Айдаев, М. Бексултанов, Э. Минкаилов, Хь. Сайдуллаев, Х-А. Берсанов, 1. Кусаев, Э. Мамакаев, Г. Яблокова, Б. Виноградов, Д. Сумбулатов, Хь. Аболханов, Л. Гарсаев и.д1.кх.), яздинарг чулацаме, маь1не делахь а, кхечу къаьмнийн 1илманчаша шайн яздархойн кхолларалла ма-таллара х1инца а к1орггера, кхоччуш ца теллина Мохьмадан кхолларалла. Цуьнан а шен цхьа де хир ду, Дала мукъалахь.

К1езиг бац вайн поэташлахь М. Мамакаевн сий-ларам беш стихаш язйинарш. Поэто Сатуев Хьусайна шен цхьайолчу байташкахь х1оттийна долу М. Мамакаевн васт хьахо лаьа. 1991-чу шарахь Соьлжа-Г1алахь зорбане яьллачу «Чов йина илли» ц1е йолчу шен стихийн гуларехь Хь. Сатуевс къаьсттина меттиг д1аелла Мохьмадна. Цхьана киншки т1ехь кхоъ байт ю оцу воккхачу яздархочунна-къонахчунна лерина («Дарце», «Илланчин чов», «Буьрсачу арено г1елвина…»). Хьалхарчу байтехь дорцан куьцехь гайтина, х1ара «аркъалветташ, г1ора д1адоккхуш, хеза къемат», Мохьмада лайна, ловшболу «ца лехна бала», инзаре-яккхий халонаш, кхул хьалха а, назманча «доьналлех вохо, гуора х1отто г1ерташ, т1елистина кхерамаш», амма «1ожалла къаръеш», къонах хьалхахьа ихна хилар.

Оццу гуларера, 1973-чу шарахь язйинчу (Мамакаев Мохьмад кхелхина шо) «Илланчин чов» стихехь Сатуевс говза гайтина (оцу деношкахь шайга хьошалг1а варе ларвина волу) Мамакаев Мохьмад кхалхаран хьокъехь шен керта кхаьчначу хаамо «шен х1усам балане йожаяр», ша цунна «ларйинчу назманан аз, хорамо къардина, алаза дар». Мохьмад дийна волуш «лечанах левзина» долу Сатуевн аьрха дог, «т1ам бойна, бодашка чудожар», назманча ларвина «б1аьргийн нур довхачу ладарша д1адахьар»:

1аржбелла техкира стигланийн гуо,
Латтанаш когера шершара д1а,
Са лаьцна лаьттира чов хилла со,
Ткъов етташ, суна т1ехьаьвзира 1а.

Хьайн халкъан лазамаш д1акхехьна да,
Г1аролехь лаьттачохь д1авели хьо.
Алаза дисинчу хьан иллин аз
Хьох дагавийлинчу ас ойур ду.

Кхоалг1ачу байтехь Сатуев Хьусайна говза гайтина «безамо ира-карах1иттийначу» Мамакаевга халонаш эшаяларан къайле:

…Сан лаьмнаш, шу дезаш ца хиллехь,
Тоххара г1орийна хир вара.

Харцонашна дуьхьал ша латтийначу къийсамашца цхьаьна назманчин болх 1аламат хьуьнаре, говзаллица, шегахь доккха пох1ма хиларан б1аьрлачу тоьшаллийца кхочушбина Мамакаев Мохьмада. Поэзин мог1анашка цо дуьллура дахарехь ша лайнарг, сатийсинарг, зийнарг. Цо собарх, стогаллах дуьзна долу дош аьлла шен Даймахках, халкъах, заманах, ненан маттах, безамах. Цхьаболу иттаннаш эзарнаш мог1анаша чулоцучул маь1на дуккха алсам долуш, муьлххачу маттанна дог1уш (цара, оцу дешнаша, буьйцург нохчийн мотт боцуш, муьлхха мотт, муьлхха къам ду чулоцург) мог1анаш, ма-дарра аьлча, цкъа а лийрбоцу биъ мог1а язбина Мохьмада:

Шен ненан мотт халкъо,
Сий ойбуш, 1алашбахь,
Цу халкъан парг1ато
Цхьаммо а хьошур яц.

Мел доккха хьекъал, дарба, 1илма ду цаьрца, оцу дезчу дешнашца, вай шайх кхачамболлуш пайда а ца оцуш дуьтуш долчу! Уьш 1953-чу шарахь яздина. Къизачу замано ха хорцу мур бу иза.
Шен 16 шо долуш язйо Мамакаев Мохьмада Харачойн Зеламхина лерина шен дуьххьарлера поэтически говзар. Цул т1аьхьа ши шо даьлча нохчийн литературехь дуьххьарлера («Ц1ий хуьйдина лаьмнаш») поэма язйо. Х1етахь дуьйна Мамакаев Мохьмадан ц1е, къасто йиш йоцуш, йозаелла ю нохчийн литературан историх.
Дукха ду М.Мамакаевс нохчийн поэзехь, прозехь динарг: «Ц1ий хуьйдина лаьмнаш», «Орган т1ехь 1уьйре», «Ненаца дина къамел», «Хаьржинарш», «Сан некъан кехат», «Т1улгаша а дуьйцу» стихийн, поэмийн гуларш, «Революцин мурд», «Зеламха» романаш, нохчийн къоман юкъараллин д1ах1оттамах, 1ер-дахарх, маттах, историх публицистикин, 1илманан статьяш. Мамакаев Мохьмадан кхолларалла нохчийн литературан цхьа лакхе хилар, литература езачо, нохчийн къоман культура йовза луучо х1ораммо а яккха езаш хиларх яздина шайн белхашкахь литературоведаша. Мамакаев Мохьмад шен говзаршкахь даиманна а халкъаца, махкаца ву. Уггаре лакхара дарж лору цо шен къоман поэт хилар.
Вонехь а, диканехь а нахаца цхьаьна хилар ду цо коьрта лоруш дерг. Адамийн хьашташца, заманан лехамашца цхьаьна деттало цуьнан лирически турпалхочун дог. Доьналла долуш стаг ву поэтан лирически турпалхо, ондда дека цуьнан аз, шуьйра ойлайо цо заманах, адамийн дахарх, Даймахках.
«Зама» ц1е йолчу шен стихотворенехь поэто даггара боху:

Даймехкан сийлахьчу декхарна
Дуьненахь массо а деха вай.

И ойла Мамакаев Мохьмадан ерриге а кхоллараллах чекхйолуш ю.
Шех шатлакхан илли (гимн) ала хьакъдолуш ю «Даймехкан косташ» ц1е йолу назма. (Тидам биний вай цхьана бакъдолчун: 1940-чу шарахь Мамакаевс «Даймехкан косташ» назма язйина, ткъа оцу башхачу дешнашна мукъаман т1емаш лур долу Дагаев Валид а оццу, 1940-чу, шарахь дуьнен т1е ваьлла!) Халкъан даггара язйина хиларна, халкъо доггаха т1еоьцу «Даймехкан косташ» назманан х1ора а Дош:

…Хьаша-да, оьздангал
лаьттинчу х1усмашкахь,
Яхь йолуш кхиъначу
шен дикчу к1енташка, –
Бехачохь, дуьйцучохь,
боккхучу когаца,
Сийлахьчу Даймехкан
сий айде, боху цо.

Де доьхна, 1аьржачу
халоно хьовзийчахь,
Мацалло б1арздина,
г1елонна к1елдуьсчохь,
Бохамна, харцонна
юьхьдуьхьал х1иттинчохь
Собарах, стогаллех,
ма довла, боху цо.

Доттаг1аллах лаьцна а язйина Мохьмада шен дикачех йолу стихаш. Безамах Мамакаевс язйина байташ вайн къоман шатайпа хазна лара мегар ду; т1етоха, д1адаккха а сов х1ума шайца ца хаалуш, маь1нех, собарх, г1иллакхах, оьздангаллах, тешамах юьзна ю цуьнан «Шовда», «Ч1ег1ардиг», «Безам» ц1ераш йолу байташ, халкъан илланчас В. Дагаевс мукъаме дерзийна д1аолуш ду. Жиманиг, воккханиг бендоцуш вуьтур воцуш ду поэтан башха мог1анаш:

Безамах къастаро
Хеназа къежвина,
И гаре сатуьйсуш,
Г1айг1ано б1арзвина.
Сагатлуш, ладуг1уш,
Ойлано г1елвина
Алахьа ахь, безам,
Вай х1унда къастийна…
Къоьжалло къанварах,
Дог къона долуш ву,
Безам а, къийсам а
Лелалур болуш ву.

Тайп-тайпанчу къаьмнийн меттанашка яьхна цуьнан дуккха а говзарш. Уьш оьрсийн матте яьхначу гочдархойн шуьйрачу гуоно а (Н. Тихонов, А. Твардовский, А. Передреев, Э. Багрицкий, Н. Асанов, Н. Гребнев, А. Казаков, В. Щепотев, В. Бугаевский, С. Олендер, С. Куняев, Ю. Тимофеев и.д1.кх.) гойту Мохьмадан кхолларалла дуккха а къаьмнийн йовза аьтто хилар.
Вайн ерриге литературин, дерриге халкъан ша ойлаешволу дела, цо дика г1о дора, лехамехь а болуш, пох1ма долчу нахана. Нохчийн поэто, тележурналисто, мохкбовзархочо Кусаев 1адиза шен дагалецамашкахь М. Мамакаевн собарх яздо: «Цо… олура тхан стихех лаьцна шена хетарг, олура аьхна, к1еда-мерза, г1иллакхе, тхоьца дагаволуш санна. Дало-ош т1едаладора тхо бакъдолчунна. Нийсархочуьнга санна, ма-дарра д1аолура долуш дерг…» («Писатели Чечни», Соьлжа-Г1ала, 2005, а. 102). Шен дахаран т1аьххьарчу шерашкахь ша «Орга» альманахан редактор волуш, хийлачу нохчийн къоначу поэтан, довха дош аьлла, догъэцна, хийланна поэзе некъ биллина Мохьмада.

Суна цкъа а гина вац Мамакаев, 13 шарахь цуьнца цхьана заманахь суо ваьхнехь а. Амма Дагаев Валида, Магомедов Султана, Бушуев Мохьмада, Шоипов Саь1ида поэтан дешнаш т1ехь д1ааьллачу иллеша («Даймехкан косташ», «Зама», «Пондар», «Дакхе», «Шовда», «Со вухавог1ур ву», «Безам», «Ч1ег1ардиг», «Нана» …) беркат 1аткъам бина суна а, кхечарна а дог-ойла г1атторца, самалхадаккхарца, ойланаш шатайпанчу йийсаре йигарца. Тахана а деза-сийлахь лору аса уьш. Сан дог а лозу, суна къа а хета и йоккха, исбаьхьа хазна цаевзачу, цо ойлане ца бохучу вайн кегийрхойх. Оцу хазнина мацца цкъа уьш т1екхуьур болуш белахь, уьш тоъал ирс долуш нах хета суна.

Тахана и хазна д1аеллийтарна хьем бо яздархойн Бартан правленин хьокъала доллучу декъо яздархойн исбаьхьаллин говзарш мехала яхарехь, дешархочунна гергаялорехь кхачаме болх ца баро, телерадиокомпанеша Мамакаев Мохьмадан а дешнаш т1ехь даьхна иллеш хьулдина латторо. И кхачамбацар цхьажимма д1адаккха ницкъ кхочу вайн муьран зорбанан.
1ожалла Делера ю, цундела 1ожалла – бохам бац. Бохам бу халкъана шен верг мила ву цахаар, шен д1авахнарг цавовзар, хиллачун, долчун, хиндолчун ян ма-езза вай массара ойла ца яр. Вайн къонахийх (уьш дийна болуш а, белча а) вай дозалла ца дича, царах 1ама а, цара дитинчу 1илманах пайдаэцарца уьш юхабало а вайна ца хиъча, къоман кхетам кхуьуш д1аг1ур дуй-те вай?! Къонаха волу Дикаев Джунидан Мохьмад-м шен студенташна хьалхахь «К1ентий, шуна хаьий… Мохьмад… сан Мохьмад… ах1и-ах1и» бохуш, дог1а санна, велха ма вилхина, къонаха волу Мамакаев Мохьмад велла аьлла шена хезча (оцу суьртах лаьцна, вайна ма-хаъара, яздина Бексултановс).

Яздархочун халчу кхолламах лаьцна йоккха исторически роман язлур яра, шен дахарца, шен массо а г1уллакхца цо къоман сий лардина дела, иза, шена ца вехаш, къоманна ваьхна дела, ша динарг к1езиг хеташ, заманан болар сиха хеташ ваьхна дела:

...Зама, ма сихло, сан зама,
Цхьажимма некъ бита ахь суна.
Со дахарх 1аьбна вац хьуна,
Сан дисна дезарш ду хьуна:
Таллаза шорта ю ареш,
Яздаза дисна ду иллеш,
Дагара хаийта кхоьруш,
Геннара, кехатца езаш –
Со безам лехна ву хьуна,
Сатуьйсуш къежвелла хьуна...

Динарг к1езиг хеташ, дерригеннна ша г1атта веза аьлла дог тешна волуш, халкъан лазамийн г1уллакхна юкъ йихкина ваьхначу къонахчо оьзда лар йитна дерриг къоман исторехь. Мамакаев Мохьмад виццавар, вайн де доьхча я тоделча а цу тайпанчу нехан дахаран масал дагалоцуш вай хилар, царах 1ама г1ертар, церан оьздачу весеташна муьт1ахь хилар, – кхин х1умма ца хилча а, – вайна ваьшна дарбане, санехь, т1аьхьало йолуш ду. Безам, къийсам а лелалуш ваьхначун масал оьшу вайна массарна.

«Къонахчун 1ожалла» ц1е йолу эссе язъярца Бексултанов Мусас Мамакаев Мохьмадна дашо зиярт доьг1на хетарна, къамел Мусан дешнашца дерзо лаьа: «Соьга цхьаьнаэшшара, парг1ат дийца ца ло цу къонахчух, соьга иштта яз а ца ло. Цунах дуьйцучохь я олучохь, дег1 нисдеш ирахь хила лаьа суна: къам ду ала къам доцуш – шайна луучара махках дохуш, юха ц1а лоьхкуш, – мохк бу-кх ала, мохк а боцуш, – цхьамма д1абоккхуш, кхечо боькъуш – мохо ловзо ба1-кол санна, оьрсийн паччахьаша д1асахьаловзочу кху махкара (накъостийн меттанашца) каторге а хьажийна… кху дуьненан харцонна, цхьа п1елг санна, ша цхьаъ дуьхьал лаьттинчу къонахчух парг1ат муха дуьйцур ду, дег1 даржош охьа а хиъна…»

 

Подписка на новые публикации

Рассылка новостей и документов на электронную почту

Количество подписчиков: 16816

Порталы государственных услуг