язык сайта

Цкъа а дов ца дора Децас, амма иза оьгIазъяхарна, цунна цатам берг шайгара даларна кхоьрура бераш. Нанас дов дича а, тоьхча а, Децас реза йоцуш аьллачу цхьана дашо санна вага ца вора. Шайн деца ларар, цо олу хIора дош мехала, хьоме хетар дара иза.
Бераш компьютерна гуонаха я телефонаш буйнахь гар ца дезачу Децас хаьттира.
Мерзачу цIазамел мерза хIун ю хуур дарий шуьна?
«Сгущенка», «сникерс», «торт» – охьаягарйора бераша шайна дага мел йогIу марзаллаш.
– Уггаре а мерзаниг да-нана уллехь долуш дIаяьллачу бераллах болу дагалецамаш бу шуна, Децин бераш.
– Деца, шу муха ловзура? Компьютер ярий шун?
– Тайнигаш? – даима а дийца хаза хIуманаш долчу Деце хаттарш дан долийра бераша.
– Компьютерш яцара, уьш ян а яцара хIетахь. Цундела тхо ловзура, уьдура, тайнигаш а тхаьш йора. Вежарша аннийн яьшка вовшах а йоккхий, аннаш херхаца хадош, нисдеш ловзо «герз» дора шайна.
Тхо тIом бечу «немцойх» а, «индейцах» а ловзура. Зудабераша поппарх, кIадех пхьегIаш, тайнигаш йора, царна тIеюха бедарш тоьгура.
Шеран хIора муьран шен-шен хуьлура ловзарш. Тхан а ма-яра Деца, вуно дика а йолуш. Тхо тIамах ловзуш шина декъе декъалора, «немцойн» а, «советски салтийн» а тобанашка. «ТIом» болалуш кертахь долчу божалан, буьнан, рагIун, кертан, диттийн кIажошкахь тхайна меттигаш лохий, дIаловчкъийлаш йора оха. Юха чуччахьовда дезара тебна Iачуьра. «ТIом» болабалар хоуьйтуш, цхьамма «Война началась!» аьлла мохь тоха безаш бара, амма и аларца ша волу меттиг гучуйолийла ца лууш, цхьанна а ца лаьара иштта мохь тоха. Кертахула цхьацца деш я рагIу кIеларчу лохачу гIентахь, тIергIан пазаташ юцуш Iачу Децина тIедиллира оха и омра дар. Децас «Война начинал!» олура. Оха хIоразза а гIовгIанаш йой шена хуъушшехь Децас доладолуьйтура тхан ловзар. Тхо иштта ловзура, – чекхдаьккхира Децас къамел.
– Деца, кхин а дийцахь, кхин а дийцахь!
– «Индейцах» дийцахь. Царех муха ловзура шу?
– Индейцаш Iамарк махкара бахархой бара. Дуккха а халонаш, харцонаш латтайора царна тIехь церан латтанаш дIалаца баьхкинчу «кIайчу» наха. Уьш, цхьанна а бала а ца беш, амма, шайна бина ницкъ борах а ца буьтуш, майра нах бара.
«Индейцах» хIора кертахь, урамехь ловзура.
Гурахь дара иза. ХьаьжкIаш йоьй ахьар доккхуьйтура Дадас. Марсаца хьокхура уьш, тIера хьаьжкIийн кенаш схьа а дохуш. Тхан да киралелочу машенна тIехь вара болх беш, ткъа нана – хасстоьмаш бухкуш. Оцу шарахь къаьсттина, хьийкъинера хьаьжкIаш. Хьаькхначу гIодамех диначу такхорех тхайна «индейцийн лагерь» ян дагадеанера тхуна цхьана дийнахь. Тхан «лагерь» шен паччахь, гIаролхой, иччархой болуш яра. Такхорашна чохь херонаш яьхна, тхайна чоьнаш йинера оха, уьш гIодамашна тIерачу гIашца а, хьаьжкIашна тIерачу хьесешца а кечйинера.
Ловзар марсадаьлла, тхайл ирсе цхьа а цахеташ ловзучу тхоьга, нанас тхайга бетта мохь ца хезаш, совца кхеташ дацара тхо. «Буьйса Дала садаIа елла вайна! Кхана а догIур ду де! Чудуьйла!» – яппарш йора нанас.
КетIахь сецначу машенан гIовгIано дIатейира тхан гIовгIанаш.
«Дада цIавеана!» – кхераделира тхо, тхаьш арахь Iаржъяллалц чу ца доьлхуш Iерна.
Тхо бешахь гина тIевеана Дада, оха лелочуьнга хьаьжна, велавелла дIавахара. Масех минот ялале буйнахь тоькан сара а, чиркх а болуш юхавеара.
Минот ялале тхан такхорийн «хIусам» чу чиркх тесна къагийна, серлаяьккхира цо.
Тхан даьлла самукъа, тхан хилла ирс! Чиркхан серлонехь кхин а можа-дашо, кхин а хаза гуора хьаьжкIийн мажделла гIаш а, гIодамаш а.
«Лагерь» дешех кхелича санна яра.
ХIинца, гIалахь, йогIуш-йоьдуш юхкуш, кхехкийначу хьаьжкIех бIаьрг кхетча, карлаюьйлу сайн бераллера дашо хьаьжкIаш.
Тайнигаш ца хиллехь а, бералла хаза яра тхан. Тхан компьютерш, планшеташ ца хилла. Амма дашо хьаьжкIаш-м яра.
– Деца, тхуна а лаьа дашо хьаьжкIаш ган. Вайн хир юй уьш?
– Хир ю, Дала мукъ лахь. Шуна хеттарг бен дашо яц шуна, бераш, дуьнен чохь цхьа а хIума.

ХьаьжкIийн буьртигаш эца къайлах ахча гулдан барт хилла хиллера берийн.

Подписка на новые публикации

Рассылка новостей и документов на электронную почту

Количество подписчиков: 14309

Порталы государственных услуг