язык сайта

Оха д1айолайо ненан меттан Денна лерина "Нохчийн меттан къона 1у" ц1е йолу рубрика, шуна вайн говза хьехархой бовзийта 1алашонца.

Исраилова Луиза Абдул-Галимовна йина 1984-чу шарахь Шелан-к1оштан Белг1атой-эвлахь. Дешна шайн юьртарчу юккъерчу школехь, 2001-чу шарахь дашо мидалца и чекх а яьккхина, оццу шарахь деша яхна Нохчийн Пачхьалкхан университете, къоман отделенин филологически факультете. 2007-чу шарахь ц1ечу дипломца дешар чекх а доккхуш, караберзийна хьехархочун болх.

Юьртарчу школехь 13 шарахь, ткъа карарчу хенахь Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президентан, Россин Федерацин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин ц1арах йолчу дешаран Центрехь нохчийн мотт а, литература а хьоьхуш схьайог1уш ю. Луиза Абдул-Галимовна дуьххьарлерачу "Нохчийн меттан хьехархо- 2010" республикански къовсаман толамхо ю. Иштта иза дакъалоцуш ю вайн 1илманан декъан министерствоно кечъеш йолчу "Нохчийн меттан интернет-урокаш" д1аязъярехь.

Луиза Исраилова кхин а ша зуьйш ю прозехь а, поэзехь а. Цуьнан говзарш зорбане евлла «Синмаршо» ц1е йолчу юкъарчу гуларехь а, «Нана», « Орга» журналашкахь а, тайп-тайпанчу газеташкахь а.

Подписка на новые публикации

Рассылка новостей и документов на электронную почту

Количество подписчиков: 17738

Порталы государственных услуг