язык сайта

Цигахь дакъалецира университетан ректора, философин Iилманийн кандидата Халадов Хож-Ахьмада, университетан хьалхарчу проректора, педагогикин Iилманийн кандидата Ажиев Ахьмада, философин Iилманийн доктора Сатцаев Эльбруса, психологин Iилманийн доктора Исаева Эльмирас, Цефрас Дениса (Луганскан къоман университет), вайн республикин лакхарчу дешаран учрежденешкарчу студенташа.
Конференци дIайолош вистхилира Х-А.Халадов. Цо элира: - Таханлерчу конференцехь йийцаре еш йолу тема маьIне ю. Суна хетарехь, гуманитарни факультет хаьржина волчу студента ойла йо хир ю: «Керла хIун юкъадалор дара-те?!», олий. Вайна ма-хаъара, зама хийцалуш йоьдуш ю, цуьнца цхьаьна адамаш а. Iилма - йист йоцу хIорд бу. Цундела, даима а лехамашкахь хила беза къона Iилманчаш а, хьуьнар долу студенташ а.
- Кегийрхошна дахарехь некъ карорна тIехь гIо дийриг дешар ду. Цундела, шаьш къона болччуьра деша а, керланиг довза а хьовса беза кегийрхой. Шайна пайдехь дерг довза а, Iама а лаам хила а беза церан. Iилма кхиор - иза цхьана адамана эшна ца Iа, вайн юкъараллина а оьшуш ду. Керланиг юкъадало а, Iилманехь кхиа а шу ца гIиртича, муха кхуьур ду Iилма?!, - бохура Ажиев Ахьмада.
Конференцехь докладаш йира Исаева Эльмирас ("Профилактика тенденций маргинальности личности"), Сатцаев Эльбруса ("Народы Кавказа в эпическом произведении Х.Фирдоуси "ШахНаме"), иштта кхечара а.
Цул тIаьхьа "Кхузаманан Iилманехь мехала проблемаш", "Кхузаманан дешаран системехь педагогика а, психологи а" секцешкахь дIабаьхьира болх.

Подписка на новые публикации

Рассылка новостей и документов на электронную почту

Количество подписчиков: 16891

Порталы государственных услуг