Язык сайта

 

Язык сайта

 

Дикаева Я. «Нохчийн литературни критик, яздархо, гочдархо волчу Бурчаев Хьаьлиман-55 шо»

Муьлха а мотт дийна хиларан уггар хьалхара билгало ю цуьнан литература кхиар. Ткъа нохчийн литература таханлерачу дийнахь яздархошна а, произведенешна а къен яц. Дуккха а шерашкахь нохчийн литературехь къахьоьгуш ву вевзаш волу литературни критик, яздархо, хьехархо, журналист, гочдархо Бурчаев Хьаьлим.

Иза вина 1956-чу шарахь Казахстанан Акмолински областера Тургеневка олучу юьртахь. Оццу шарахь Хьаьлиман доьзалан аьтто белира шайн Даймахка – Ножай-Юьртарчу Ялхой-Махка ц1а берза. 1963-чу шарахь Хьаьлим шайн юьртарчу юккъерчу ишколе деша вахара. 1975-чу шарахь иза Нохч-Г1алг1айн пачхьалкхан университетан филологически факультетан нохчийн отделени деша д1ах1утту. 1980-чу шарахь ша дешначу ишколе хьехархочун балха вог1у иза. 1997-чу шарахь Оьрза-г1ала (Червленни) д1акхелхира Хьаьлиман доьзал. 2005-2007 шерашкахь университетан нохчийн литературан а, фольклоран а кафедрехь хьехархочун болх бо цо. 2004-чу шарахь дуьйна иза Россин Федарацин яздархойн а, журналистийн а союзийн декъашхо ву. Таханлерачу дийнахь «Орга» журналан коьртачу редакторан заместитель а, «Грозный» ГТРК-н гочдархо а, НР-н 1илманийн Академин коьрта говзанча а ву Хьаьлим. Г1арабевллачу оьрсийн а, кхечу къаьмнийн а яздархойн исбаьхьаллин произведенеш нохчийн матте гочйина цо. Иза винчу денца доьзна тхан корреспондентан къамел хилира цуьнца.

-Хьаьлим, дийцахьа, муха д1адоладелира хьан нохчийн литературица гергарло?

-Уггар хьалха сан нохчийн литературе болу безам вайнехан туьйранашна т1ера д1аболабелира. Ишколехь доьшучу хенахь воккхах волчу вешица юьртарчу библиотеке вахча, суна ларамза караеара цхьа тишъелла киншка. «Хьекъал тоьлла» яра цуьнан ц1е. Вайнехан туьйранийн гулар хиллера иза. Ас боккха тидам т1ебахийтина дийшира и туьйранаш. Сан цецваларан доза дан а дацара. Х1етахь суна вайн меттан хазалла ца евзара, ца хаара иза уггар хьал долуш болчу меттанех цхьаъ буй. Цу туьйранаша самабаьккхира сан нохчийн литературе а, нохчийн матте а болу безам. «Чинг1аз», «1аьржа Хожа», «Дашо г1аш» ….церан к1оргерчу чулацамо къеггина гойтура вайнехан г1иллакхаш, 1адаташ, 1аламан хазна. Уьш берийн туьйранаш бен дацахь а, амма цара шен жима дешархо 1амавора г1ийлачунна г1о дан, луьрачу мостаг1чуьнца къар ца луш тассавала. И туьйранаш ас цхьаъ цхьаьнна т1аьхьа цу дийнахь дийшира дерриш. Х1етахь, бераллехь айса нохчийн маттаца сайн дахар дозуш дан х1оттийна 1алашо таханлерачу дийне кхаччалц хийцина яц ас.

-Хьо доьшуш хилла долу шераш а, хьо нохчийн литературехь болх бан волавелла зама а, нохчийн маттана кхиа башха парг1ато йолуш зама яцара. Х1етахь нохчийн литературехь хиллачу хьолех лаьцна дийцахьа.

- Сан ойла х1инца цхьаццаболчарна тамашийна хета а мега, амма х1инцалера зама хьалхачуьнца юьстича, х1етахь нохчийн меттан кхиар сов дара, аьлла хета суна. Бакъду, х1инца санна хьелаш дацара иза 1амо, амма нехан а, къаьсттина кегирхойн а, цуьнга к1еззиг безам бацара. Х1етахь университетехь х1ора шарахь нохчийн отделенис 75 стаг схьаоьцура деша, ткъа таханлерачу дийнахь цу отделенехь 25 студент бен вац. Мотт 1амо 1едалера цхьана а аг1ор дихкина дацара. Мотт дийна бара, кхуьуш бара, амма цхьабакъду, сий долуш бацара иза х1инца санна. Со даима а цецвуьйлу таханлерачу дийнахь вайн матте долчу хьоле хьаьжча. Вайн мехкан куьйгалло цунна д1акхайкхина маршо ю, пачхьалкхан мотт бина цуьнах, х1ора шарахь даздеш нохчийн меттан де ду вайна билгалдаьккхина, амма и мотт х1инца а ша хила безачу т1егант1ехь бац, х1унда аьлча дийцарх ца тоьу, закон кхочуш деш ца хилча.

-Хьаьлим, литературица йолу юкъаметтигаш муха яра хьан ишколехь доьшучу заманахь?

-Литературица сан гергарло теснарг, ас хьалха ма-аллара, тхан юьртара библиотека ю. Ишколехь доьшучу заманахь цу библиотекехь мел йолу киншка ешна вала г1ерташ дукха къа хьоьгура ас. Сайн мукъа хан даима а цигахь йойура . Оьрсийн а, нохчийн литература ишколехь уггар суна еза предметаш хилла д1ах1иттира. Со 6-чу классехь доьшуш волуш Наурски к1оштан Керла Солкушино олучу юьрта кхелхина д1абахара тхан доьзал. Дукха хан яьллехь а, йиц ца луш, безамца дагалоцу ас цигара сайн хилла йолу оьрсийн меттан а, литературан а хьехархо. Уггаре хьалха сан литературе болу безам хаабелларг иза яра. Цуо даима хаставора со, дийцар а, байт суна сиха 1ема бохуш. Хьох яздархо хир ву олура даима а. Амма суна х1етахь иза дагахь а дацара. Х1ете а цхьацца байташ язъян-м г1ертара со. Сайн хьехархошна лерина а, цхьана доьшуш долчу берашна лерина а. Доцца аьлча, бераллехь дуьйна схьа гуш дар-кх сан литературица хийра ца хилар.
-Дуьххьара ахь хьайн дахарехь яздина мог1анаш–хуьлийла уьш байташ я дийцар– х1инца дагадог1ий хьуна?.

-Байташ язъян г1ерта-м со дукха хьалхе волавелира, царех дош а ца хилира. Со кхетара айса лелош дерг берийн ловзар хиларх. Амма хьанна хаьа, цара цхьа бух биллина хилла хир бу-кх сан кхид1айолаеллачу кхоллараллина а. Жималлехь дуьххьара ас язйина, зорбанехь араяьллачу байтан ц1е «Накъосташка» яра. Иза ша ерг х1инца дага ца йог1у суна, амма цуьнан мог1анаш дицдала йиш яц.

«...Ваг1ахь со иллешца хестош
Тешаме доттаг1ий, сий,
Уьш декахь, дагчу ц1е латтош,
Доттаг1ий, т1е эца со!»

1975-чу шарахь, со студент волчу хенахь, иза «Ленинан некъ» ( х1инца «Даймохк») ц1е йолчу газета т1е туьйхира. Суна боккха кхаъ хиллера цуьнах. Гонорар елира. Дагадогу иза а эцна доттаг1ашца ресторане тхаьш дахар а. Цул т1аьхьа «Орга» журналехь сан дийцар а араделира, юха дукха ца 1аш, 1980-чу шарахь «Даймохк» газетехь болх бан а кхайкхира со. Шинхьа а болх беш, нохчийн литературехь къахьоьгуш схьа вог1уш вара со, ткъа цул т1аьхьа, вайна ма-хаъара, маьрша зама а чекхъелира , ша- дерг кегаделла, даьржина д1аделира. Луш алапа дацара, т1еман къиза мур бара т1ех1оьттинарг. Цундела тхо а цхьаццанхьа д1асадаьржира. 
-Хьо литературе вог1учу хенахь, дуьххьара хьан пох1ма билгалдаьккхина, хьан 1уьналла деш, хьуна г1о динарг мила вара?

- Оцу хаттарна жоп луш суна уггар хьалха билгалваьккха лаьа вайн къоман гоьваьлла яздархо, нохчийн литературан классик Айдамиров Абузар. Х1инца а дагадог1у суна, и дуьххьара сайна гар, суо цунна т1аьхьаваьлла лелар, цуьнга вистхила эхь хеташ, т1аьххьара а майра ваьлла суо цунна т1евахар а. Ткъа ас цуьнга сайн байташ а, дуьххьара айса яздан долийна дийцарш а гайтича, цунна уьш хаза а хийтира, хьох яздархо хир ву хьуна аьлла, сан дегайовхо кхоьллира, яздархо хила сан лаам кхин а ч1аг1 а бира. Со кест-кестта и волчу воьдура. Шозза-кхузза цуьнан ц1ахь а хилла со. Таханлерачу дийнахь ас дозалла а до суна литературехь дуьххьара некъ хьехнарг и пох1ма долу, сийлахь-воккха яздархо хиларна. Вайн къамелехь цхьа кхин ц1е яккха а луур дара суна. Иза ву поэт Байхаджиев Зайнди. Иза ч1ог1а дика накъост вара сан. Цуо 1аламат дика, пайдехь хьехарш а дора суна. Ткъа ас болх бечу ишколехь вовшахтоьхначу берийн литературни кружоке а вог1ура иза. Ткъа шен кхоллараллица поэзин дуьне суна схьадиллинарг, цунна т1ехь суна г1о динарг Гадаев Мохьмад-Салахь ву. Цу хенахь 1едало вийца иза магийна а вацара х1етте а куьйга йозанаш дара тхуна юкъахь лелаш. Цара массара а кхоллараллехь г1о дина суна, амма х1етте а дукхачу декъана суна т1е1аткъам бинарг Абузар ву. Уьш, вайна мел халахетахь а, х1инца вайца бац. Царна Дала геч дойла.

-Оьрсийн а, нохчийн а г1арабевллачу яздархошна юкъара хьан даго къобалвеш муьлханиг ву? Бераллехь а, х1инца а муьлха ю хьуна уггар дукха езна литературни произведени?

-Бераллехь дозанал арахьара литература сайна евзинчу хенахь уггар хьалха суна хазахетта Даниэль Дефон «Робинзон Крузо» ц1е йолу произведени яра. Цуо 1аламат цецваьккхинера со, х1унда аьлча цигахь дуьйцург кхин дуьне дара, кхин къомах нах бара, церан амалш яра. Ткъа юха-м, ас книгаш дукха ешаре хьаьжжина, езна произведениш а дукха хилира. О.Генри а, Э. Хемингуэй а, кхин а. Оьрсийн классикашна юкъара сан даго къобалвина Лев Тослтой ву. Ас х1ора шарахь йоьшу цуьнан «Хьаьжа-Мурдт» ц1е йолу повесть. Ишта суна уггар дукха езна произведени М.Шолоховн «Тихий Дон» ц1е йолу роман а ю.

-Ахь дуккха а произведенеш оьрсийн маттера нохчийн матте гочйина. Нохчийн матте гочъян муха билгалйоккху ахь произведени?

-Нохчийн матте гочъян-м муьлхха а мегар ю произведени, х1унда аьлча, вайн мотт вуно хаза а, хьал долуш а бу. Амма произведени гочъян сайн ойла кхоллаелча, уггар хьалха сан хуьлу 1алашо – и произведени дешархошна пайдехь хилар ду. Ишколерчу хьехархошна цуьнах г1о хилийтархьама а, ткъа дешархойн нохчийн матте безам кхиийта, уьш цунна т1еберзо. Цу 1алашонца гочдинера ас Чехов Антонан «Лошадиная фамилия» ц1е йолу дийцар. Т1аьххьарачу хенахь вайн нахана дукха гина т1емаш а, ц1ий а. Цундела со и санна чулацам болу дийцарш мелла а генахь дита г1ерта. 1аламан хазна, адаман дикалла гойтучу литературни произведенешка дерзо лаьа суна вайн адамаш. Айса яздечу дийцаршкахь а, оьрсийн маттера гочъечу произведенешкахь а ас сайна х1оттийна 1алашо и ю.

-Муьлхха а мотт, вайна ма-хаъара, 1алашбеш, кхиош ерг литература, телевидени, радио ю. Доцца аьлча, шуьйрачу хаамийн г1ирсаш бу. Ткъа тахана, нохчийн мотт уггар лаккхарчу т1ег1ан т1е х1оттор хьан карахь хилча, оцу шуьйрачу хаамийн г1ирсаш юкъара муьлхачунна т1ера д1аволалур вара хьо г1алаташ нисдан?

-Ас уггар хьалха вайн массо а 1илманчийн цхьаьнакхетар а дина, цкъа а вайн ца хилла йолу орфографически словарь арахоьцур яра. Ткъа цул т1аьхьа г1алаташ гучудаха дезаш, уьш нисдан дезаш йолу меттиг вайн телевидени ю. Цигахь буьйцуш берг публицистически мотт бу. Меттан уггар лаккхара кеп ю и. Массарна а масала гойтучу аг1ор ц1ена, к1оргера, лаккхарчу т1егант1ехь хила беза теливизорчухула вайна хеза мотт. Амма ас х1инца дуьйцург вайна цигара цкъачунна схьахезаш а дац, я хаза х1инца а генахь ду моьттуш а ву со. Цундела ас цига боккъалла а нохчийн мотт хууш болу говзанчаш бен оьцур бацара. Ас боккъалла а журналист хир ву аьлла билгалваьккхина цхьа пхи-ялх стаг бен вац цигахь. Цара нохчийн маттахь язъйо, гочйо, шайна цхьажима г1о деш хилахь. Ткъа кхиберш х1инца а нохчийн мотт дика хууш бац. Телевиденехь долу хьал говзанчаш балха а оьцуш тада мегар дара. Ткъа цхьа кхин х1ума а ду. Нохчийн меттан сий айда лаахь, цуьнан хьехархошна алапа т1етоха деза уггар хьалха, цаьрга дог дог1уш, ницкъ болуш болх байтархьама.

-Таханлерачу дийнахь нохчийн литературан бухбилиллиначу классикашца вуста мегар волуш вайн заманахь муьлха яздархо хета хьуна? Я ван а вуй иштаниг?

-Поэзехь билгалваккха мегар ду вайн г1араваьлла вевзаш волу поэт Цуруев Шарип. Ницкъ болуш, дагах кхеташ, шатайпа поэзи ю цуьнан. Шарипан шен йоза ду, шен хат1 ду, ткъа иза хилар коьртаниг ду поэтан кхоллараллехь. Ишта билгалбаха мегар ду дукха хан йоцуш хьалха вайна юкъара д1акхелхина болу Алиев Г1апур а, Талхадов Хьамзат а. Байтийн гуламаш арахецар ца хиллехь а, нахана башха бовзар ца хиллехь а, уьш кхиъна бевлла поэташ бара. Вайна ма-хаъара, байташ я дийцарш дукха яздарх хуьлуш ма вац поэтах поэт а, яздархочух яздархо а. Цундела шайна киншка арахецар церан ца хиллехь а, нохчийн литературехь мелла а лар йитина цара. Вай церан сий а до, уьш дага а лоцу. Ткъа прозехь кхиамца къа хьоьгуш болчарна юкъара цхьа а шеко йоцуш вуьззина яздархо – иза Бексултанов Муса ву. Иштта кхузахь ц1е яккха хьакъ ву Юсупов 1усман. Цуьнан «Къоман тептар» ц1е йолчу романо йоккха меттиг д1алоцу вайн заманан нохчийн литературехь. Публицистикехь ас къастош, со реза волуш Алиева Зарина ю. Ткъа къоначарна юкъахь ас къобалбеш Арсалиева Люба а, Хабаев Исмаил, а Халикова Асет а ю. Со тешна ву царех дика поэташ хир бу аьлла, уьш хила суна ч1ог1а лаьа.

-Х1инца вайн къамел дерзош, къоначу литераторшна, нохчийн мотт 1амочу студенташна х1ун хьехар лур дара ахь?

- Нохчийн мотт хьоьхучарна уггар хьалха Дала собар лойла. Х1унда аьлча, меттан говзанча хила ч1ог1а хала ду. Со тешна ву, цара шаьш ца кхоош къахьегар терго йоцуш дуьтур ца хиларх. Царна оьшу хьелаш кхуллур ду, церан болх бан дог доуьйтур ду. Х1унда аьлча цара кховдийнарг бен т1екхуьчу чкъуран хаарш хир дац. Нохчийн яздархой, нохчийн мотт 1амош болу студенташ, хьехархой уьш сайн гергара, чуьра нах санна дукха беза суна. Даггара ала лаьа, Дала аьтто бойла церан. Уьш вайн меттан сий деш, и кхиош, цуьнан доладеш болу нах бу. Дала шаьш арабаьккхинчу некъа т1ехь г1о а дойла царна!

- Хьаьлим, хьуна Дела реза а хуьлда х1окху къамелехь ахь дакъа лацарна а, тхан хаттаршна жоп дала хьуна хан карорна а.

«Хьехархо» газетан редакцин коллективо даггара декъалво Бурчаев Хьаьлим шовзткъе пхийтта шо кхачарца. Хьайн дахарца, балхаца, йозанца вайн мотт а, литература а ларъеш, кхиош, нохчийн къоман бух латточу къонахех цхьаъ ву хьо. Дала т1аьхье беркате йойла ахь къоман дуьхьа мел хьоьгучу къинан. Кхид1а а нохчийн литературехь къахьега Дала ницкъ а, могашалла а, ирсе, деха дахар а лойла хьуна.