Язык сайта

 

Язык сайта

 

Саралиева Т. «Дай-нанойн союзан республикански конференци»

Хууш ма-хиллара, 2011-чу шеран май баттахь кхоллаелла «Дешаран учрежденийн дешархойн дай-нанойн союз» ц1е йолу керла юкъараллин организаци. Муьлхха а керланиг санна, хала г1уллакх дара иза кхоллар а, юкъаралло т1еэцар а. Делахь а юьхьанца хилла долу г1алаташ а, цакхетарш а тахана д1адевлла.

Дай-нанойн Союз ехаш хиларал сов, тахана цо б1аьрла меттиг д1алоцу школийн дахарехь. Д1адаханчу шеран сентябрехь дуьйна Союзо кхочушбира вовшахкхетараллин а, уставан а белхаш. Ткъа декабрехь д1аяьхьначу активан дуьххьарчу заседанехь къастийра, республикехь д1ахьочу дешаран декъан модернизацехь дай-нанойн комитеташа д1алоцу меттиг а, ийманехь кхетош-кхиоран белхан эвсаралла лакхаяккхаран некъаш а. Ала деза, тахана дай-нанойн Союзан цхьа билггала кхиамаш хиларх лаьцна а. Цунна лерина яра кху деношкахь цо д1аяхьна республикан конференци а.

Профсоюзийн ц1ийнан актови зал юьзнера Нохчийн Республикан массо а к1ошташкарчу дай-нанойн юкъараллин векалша. Президиумехь бара республикан Куьйгалхочун, Парламентан, Юкъараллин палатин, Дешаран а, 1илманан а министерствон а, Союзан шен а векалш а, х1инцалерачу школан дахар вайн юкъараллехь коьрта г1уллакх лору бевзаш болу 1илманчаш, хьехархой, бакъонаш ларъярхой. «2011-чу шеран августера 2012-чу шеран сентябре кхаччалц Союзо бинчу белхан жам1ех» доклад йира дай-нанойн Союзан председатела Агаева Яхас.

Цо шен докладехь билгалдаьккхира: «Союзан исполкомо республикан массо а к1ошташкахь семинараш, совещанеш д1аяьхьна. Церан дакъалацархой бара ярташкара имамаш, администрацин векалш, дешаран декъан белхахой, школийн директорш, кхиазхойн г1уллакхашкахула болу инспекторш. Царна оха йовзийтира тхайн 1алашонаш а, кхочушбечу а, т1ейог1учу заманчохь бан юьхьарлаьцначу а балхах дерг а. Союзан куьйгалло белхан уьйраш лелайо республикан структурашца, дагадовлу, кхойкху шаьш ечу мероприятешка. Х1окху шарахь тхайн заседанешкахь оха д1асалистина дуккха а классийн, школийн, к1оштийн дай-нанойн комитетийн г1уллакхаш. Вовшахтоьхна, д1асаяхьийтина ишттачу балхана оьшу методикан а, хаамийн а материалаш. Ницкъ кхочучу кепара жигара баьккхина дайн-нанойн комитеташа школийн куьйгаллица а, хьехархойн коллективашца а беш болу юкъара болх. Тхан тидамехь хилла берийн а, церан дай-нанойн а бакъонаш ларъяран г1уллакхаш. Союзан куьйгалла цхьаьнакхетта Дешаран а, 1илманан а министерствон а, к1оштийн дешаран декъан а куьйгалхошца а, школийн директоршца а. Оха цаьрца къастийна «Вайн школа» газета школашка кхачаран а, школан духарх а, учебникех долу а г1уллакхаш. Союзан исполкоман инициативица дара, кхушара дуьххьара ЕГЭ-н комиссешкахь дай-нанойн юкъараллин векалша дакъалацар а. Тесна ца дитира оха бераша аьхка сада1арх доьзна а, гуьйренна школаш керлачу дешаран шарна кечъяран а г1уллакхаш».

Гуш ма-хиллара, дай-нанойн Союз жигара болх беш ю вайн дайн а, нанойн а юкъараллин лазаме г1уллакхаш тидамза ца дуьтуш. Вайна гуш ду, республика юхаметтах1оттаран декъехь биначу белхийн юьххьехь лаьтташ школаш а, дешаран учрежденеш а меттах1итторна т1ехьажийна белхаш хилар. Тахана республикехь йолу 444 школа ремонт йина я керла юхайина, оьшучу оборудованица кечйина.

«Иштта дерг стенгара а, хьенан куьйгаллица а ду дика хаьа тхуна, – элира Агаевас, – цундела оха дерриг а дай-нанойн ц1арах баркалла боху вайн къоман лидерна Кадыров Рамзанна. Х1инца санна дешаран а, культуран а, спортан а, кхетош-кхиоран а аьттонаш ца хилла вайн цкъа а. Тхо кхеташ ду, дерриг а цхьаьна дийнахь а, шарахь а кхочушдалург цахиларх. Бакъду, тхо иштта тешна ду, вайн куьйгалло вайн къоман къона т1аьхье 1илманан а, кхоллараллин а, ийманехь кхетош-кхиоран а некъашца кхиорна коьрта тидам латториг хиларх а».

Цундела Сацитас билгалдаьккхира, Дай-нанойн cоюз шен ницкъ кхочучу барамехь Республикан Куьйгаллин накъост хилар. Цунна тоьшалла ду Куршлойн а, Т1ехьа-Мартанан а, Шелан а, Шуьйтан а, Аргун г1алин а, иштта кхийолчу а к1ошташкара дай-нанойн комитеташ кхиамца болх беш хилар а, церан куьйгалхой Ахмадов, Саидов, Абубакаров, Данаева, Мусаев, Момуева шайн декхарех кхеташ а, уьш кхоллараллица кхочушдеш хилар а. Оцу декъехь Агаевас билгалбаьккхира Соьлжа-Г1алин Ленинан к1оштарчу дай-нанойн комитетан болх. Х1инцале оцу организацина юккъехь 6 б1е да-нана ду. Цуьнан куьйгалхо Попова Людмила массо а х1уманца хьалха ю республикерчу ишттачу комитеташна юкъахь.

«Исполкомо даггара баркалла боху цунна, – къастийра Агаевас, – иштта, шайн г1уллакхна чу садиллина адамаш алсам делара вайн!».

Союзан куьйгалхочо т1е тидам ца бохуьйтуш ца йитира юкъараллин дахарехь билгалъяккха еза цхьа а аг1о. Докладан чулацамна т1етевжина шайна хетарг а, меттигерчу лазамех а дийцира г1алин №23, №47 йолчу школийн а, Соьлжан к1оштан Серноводскерчу №3 йолчу школан а, г1алин Заводской к1оштан а, иштта кхийолчу школашкарчу дай-нанойн комитетийн куьйгалхоша.

Цара а, докладчико а х1иттийначу хаттаршна жоьпаш делира Дешаран а, 1илманан а министерствон тергаман а, талларан а департаментан директора Каимов 1абдурахьмана:

«Лераме дай-наной, хьеший, конференцин дакъалацархой, со дика хеташ 1ийра Дешаран министерствос бинчу белхан аша мах хадош, – къастийра цо. – Прокуратурин а, республикан Куьйгалхочун Администрацин а векалша къасточул а ч1ог1а дара иза. Диканиг а, вониг а, дешар а, цадешар а доьзалера хиларна реза ду-кх шу. Вайна дика девза Россин а, Нохчийчоьнан а дешаран Закон а, цу т1ехь билгалдаьхна т1едахкарш а. Таханлерачу дийнахь Дешаран министерство Соьлжа-Г1аларчу Президентан а, №12 йолчу а шина лицейн учредитель ю, ткъа кхин д1айолу юкъарадешаран учрежденеш муниципальни к1ошташна чуйог1уш ю. Дерриге а хаттарш церан адресца хила дог1у. Министерствехь яц дай-нанойн г1уллакхашна лерина отдел, амма тхан ю дешаран декъах долу массо а г1уллакхаш девзаш а, лелош а юкъарчу г1уллакхийн отдел а, кхетош-кхиоран балхаца йоьзна йолу отдел а. Ткъа дай-нанойн проблемаш а, г1уллакхаш а церан Союзо дича бакъхьа хир ду. Ала деза, Россехь а, цуьнан регионашкахь а иштта болх бен союз дуьххьарлера хилар а, цуьнан кхоллаялар а Дешаран министерство бахьанехь хилар а. Кху чохь волу Дадаев Лоьма министр волчу хенахь дуьйна а Арсанукаев 1абдулла автор волу бераш кхетош-кхиорехь ден-ненан декхарш билгалдаьхна пособи ю оха арахецна, цунах пайдаэцар доьху ас. Дешаран Законан 52-чу статья т1ехь къастийна шун бакъонаш санна, декхарш а ду. Уьш хаийла шуна. 2002-чу шарахь дуьйна а министерствос къастийна лакхе к1айн, лахе 1аьржа йолу духар ду школехь магийнарг, кхин д1адолчунна тхо юкъара дац. Аьхка бераш сада1аран г1уллакх а къинхьегаман а, социальни лардаран а, балха нисбаран а министерствон карахь ду. Тхуна дика хаьа, дешаран шо д1адоьдучу хенахь бераш дешарна юкъахдаха цадезар а, цара «садо1учу» лагершкахь дешар доцийла а. Бакъду, тхан декхарех дац уьш цига цадахийтар а, я цаьрца хьокъалла болу хьехархой я студенташ бахийтар а».

Гулбеллачийн кхолладеллачу хаттаршна, ткъа уьш дара керлачу стандартех, школашкахь хьехархой тоьуш цахиларх, ЕГЭ-х, дешархойн форманех, учебникех, иштта кхидолу а дай-нанойн лазаме долчу г1уллакхех кхачам боллуш жоьпаш делира Каимовс. Амма залана кхета цалаьара, берийн дешар школашкахь д1ах1оттон а, цунах жоп далан а декхарийлахь йолу Дешаран а, 1илманан а министерство, кхечу, дешархойх доьзна долчу г1уллакхашна декхарийлахь х1унда яц. Иштта долчо дуккхазза а гулбеллачаьрга сиха цахилар деха дийзира конференцин д1ах1оттаман болх лелочу Джамбулатов Салавдин.

Конференцехь къамелаш дира Парламентан депутата Сулейманов Ризвана а, Ленински к1оштан дай-нанойн комитетан куьйгалхочо Попова Людмилас а, республикан Куьйгалхочун Администрацин а, Правительствон а динан а, юкъараллин а организацешца йолчу уьйрийн департаментан говзанчас Арсалиев Мовсара а, иштта кхечара а.

Дешарца, спортаца, 1илманца болчу белхан Республикан Куьйгалхочун г1оьнчас Дадаев Лоьмас шен вистхиларехь, конференцин ц1арах Кадыров Рамзанера маршаллин а, Союзан шо кхачарца декъалдаран а дешнаш д1аэлира:

«Дай-нанойн союз оьшуш организаци хилар цхьаьннан а шеко яц. Вайн махкана а, халкъана а оьшу г1уллакхаш кхочушдан Дала аьтто а бойла шун!».

Дадаевн къамелехь билгалделира, кхоллаеллачу проблемех дерг цунна дика хууш хилар а, и проблемаш д1аяхарна т1ехьажийна Республикан Куьйгалхочун т1едилларца цхьа билггала беш болх хилар а.

«Хьехархо цхьа тера-мера болх бац, – элира цо. – Алапа доцуш а белхаш бинарш бу вайна юкъахь. Ткъа тахана хьехархой цатоар а вайх доьзна ду. Берана жимчохь дуьйна а дахарехь хинйолчу говзаллех болу хаамаш бийца беза. Вай вешан бераш кхион деза хьехархой хила. Кхуза кхаччалц а ца 1аш, шу декхар ду шайн школашка даха, цигара проблемаш йовза, школан куьйгаллина г1о дан. Кхачамбацарш ган а, дийца а атта ду. Уьш д1адахарна т1ехьажийна болх бан беза вай. Дай-наной а кхето беза. Вайн бераш мичхьа д1адахча а кхетамца, хьекъалца, г1иллакхца долуш хила деза, цунна кхоьллина к1еззиг хьелаш дац вайн. Дала аьтто бойла вайн вешан декхарш кхочушдан».

Конфренци ерзале йистхиллачу республикан директорийн Союзан говзанчин (Зулпаан?) йистхиларехь нохчийн зудчун, ненан, хьехархочун лазам бийкира:

«Дуккха а шерашкахь хьалха а атта дацара школана дай-наношца йолу юкъаметтигаш хила езачу т1ег1анна т1ехь д1ах1иттон. Х1инца-м х1етте хала ду. Шина т1амах чекхдаьллачу нохчийн къоман зударша халла вовшахтоьхна бераш ду вайн тахана дерш. Тоьур ду царна евзина къизалла. Суна кху чохь цуьнан хьу кхийтира. Иза вешан амалех херъян еза вай. Вовшашца к1еда-мерза, г1иллакхе-оьзда хилий вай? Вовшашна чу ца г1ерташ, вовшех бехкаш ца дог1уш, нийсонна т1ехь бакъдерг лахий вай? Вовшашна делакъажий вай?».

Союзан исполкоме делла дуккха а кхачамбацарш т1ехь долу, орца доху кехаташ гулделира конференци чекхъялале. Царах х1ора талла а, кхачамбацарш д1адаха декхарийлахь йолчу инстанцешка жоп деха а, иза ц1арах д1акхачо а т1елецира дай-нанойн Союзан куьйгалхочун заместитела Джамбулатов Салавдис.

Конференцин болх берзош, Дадаев Лоьмас а, Агаева Яхас а Баркаллин а, Хастаман а кехаташца а, Сийлаллин грамоташца а билгалбаьккхира дай-нанойн Союзехь б1аьрла болх бинарш. Царна юккъехь бара Попова Людмила, Абубакаров Ваха, Асхабов Салман, Албакова Ленка, Хаджиева 1айнаъ, Шахидова Сацита, Керимова Т1аус, Увайсова Луиза, Атабаева Елена, Мучаева Аэлита, Далцаева Лайла, Хашумова Роза, Дадагов Тамерлан, Магомедова Ума, Кукаев Хьамзат, Пешхоева Роза, иштта кхиберш а.

Конференцехь дакъалаьцначу Соьлжа-Г1алин №№ 18, 60 йолчу школийн дешархошна а, гулбеллачарна массарна а баркалла элира Союзан куьйгалло.