Язык сайта

 

Язык сайта

 

Тарамова С. «Маьлхан йовхо шуьца ю… »

Дукха хан йоцуш мукъачу дийнахь Соьлжа-Г1алин №10 йолчу юкъардешаран школехь доккха хазахетар хилира. Кхуза баьхкира Гуьмсан к1оштан Ойсхарачу №2 йолчу юккъерчу а, оцу юьртара берийн исбаьхьаллин школера а, Т1ехьа-Мартанан к1оштан Ша1ми-Юьртара юкъардешаран школера а дешархой.

Церан вовшахкхетар дара хьалххехь хьехархоша бинчу бартаца. Шайн дешархошна юккъехь доттаг1аллин уьйраш кхолларан а, къоман г1иллакхийн 1адаташкара хьаша-да т1еэцар а, цуьнга болу лерам бовзийтар а, «Арт-Серло» региональни юкъараллин организацино д1ахьочу «Кхолларалла-культурийн диалоган бух» ц1е йолчу проектан чулацаман 1алашонашна а жоп луш дара и цхьаьнакхетар.

Цунах дерг дийцира «Арт-Серлон» директора Идалов Нажмуддис: «Муьлхха а кхоллараллин болх вайн бераш кхетош-кхиорна т1ехьажийна бу. Тахана тхан цхьаьнакхетар а масех 1алашо йолуш ду. Цкъа делахь, тхо лулахой дац. Кхечу районера т1едаьхкина хьеший ду. Шолг1а делахь, тхайн коллегашца а, церан дешархошца а цхьаьнакхетар а, вовшашна довзар а, доттаг1аллин уьйраш кхоллар а, ерш ч1аг1ъяр а ду. Тхо вовшашна довзар а шен цхьа лехамаш болчу дешаран гурашкахь а доцуш, кхоллараллин аг1онца ду. Оха кхоллараллин балхана оьшу цхьацца ручканаш а, къоламаш а, басарш а, кехат а, иштта кхиерш а еъна берашна совг1атна. Ткъа цара а кечдина шайн совг1аташ. И дерриге а кхетош-кхиоран бух т1ехь долу г1уллакхаш ду».

Доттаг1аллин уьйраш ч1аг1ъярна а, дешархой кхетош-кхиоран гурашкахь къоман г1иллакхехь хьаша-да т1еэцаран масал гайтарна а т1ехьажийна и цхьаьнакхетар хиларх а, цунах берашна боккха синкъерам а, масал а хиларх доьзна дийцира «х1усамдайн» 10-чу школан 7-чу «А» классан куьйгалхочо, цхьаьнакхетаран вовшахтохархо йолчу Махмудова Хедас:

«Мукъа де хиларх доьзна доцуш, 1уьйрре схьадаьхкина, хьеший т1елаца кечам беш ду сан бераш. Оха кечдина хьешашна довха дешнаш, совг1аташ, иллеш, эшарш, мерза кхача а. Царах муьлххарг а шен цхьа билггала маь1на долуш ду».

Эххар а схьакхечира хьеший. Дуьхьалбовларца, маршалла хаттарца уьш т1еийцира «х1усамдайша» Хасульбеков Адама, Далаев Мохьмада, Ислентьев Александра, Ибрагимов Мусас, Азимов Илеса, Эльмурзаев Ислама. Хьешашна диканиг лаарца дийкира «х1усамнанойн» Даудова Дианин, Басханова Лалитин, Тисаева Лианин маршаллин дешнаш а:

«Де дика хуьлда, марша а дог1ийла шу, тхан хьоме хьеший! Дахар ирсе, х1усам токхе, доьзал беркате хуьлда шун. Ненан йо1 ирс долуш, ден к1ант г1иллакх долуш кхуьийла шун. 1уьйренаш-суьйренаш маьрша йолуш, декъала дахар хуьлда шун. Тхо долчу дахка шу а, шу т1елаца тхо а Дала вовшашна ма эшадойла вай!».

Иштта башхачу г1иллакхца, довхачу дешнашца шаьш т1елацарна доккха баркалла элира Ойсхарчу исбаьхьаллин школерчу хьехархоша Джабраилова Заремас а, Ильясовг1ар Зараа а, Маккас а.

10-чу школан директоран Астамиров Тимуран а, хьехархойн коллективан а ц1арах хьешашка маршалла д1а а луш, йистхиллачу хьехархочо Хеда Ахмедовнас билгалдаьккхира:

«Ша хьелуш хилахь а, шуьга доккха маршалла д1а а ло, к1иранде хаьржина а ца дог1уш, муьлххачу а дийнахь даьхкинехь а, деза хьеший дина шу т1еоьцур дара, д1аала а аьллера соьга Тимур Хасанбековича».

Хьешийн ц1арах вистхиллачу Нохчийн Республикан хьакъволчу хьехархочо Идалов Нажмуддис къастийра:

«Хууш ма-хиллара, дешаран г1уллакхна мелла а новкъарло йо иштта долчо. Цундела, шу кхоийна нисдина оха х1ара, шух доллург зиэ ца нисдина. Дела реза хуьлда».

Вовшашна довзар кхин т1е а к1аргделира х1усамдайша х1оттийна концерт бахьанехь. Къоначу артистийн Тисаева Лианин, Шахабова Танзилин зевнечу аьзнаша балхийра Даймахке, нене болу безам. Шайн эшаршкахь дийцира цара нохчийн къомах а, цуьнан мехкарех а долу дозалла. Цаьрца яхье бовларца «Даймохк» илли д1аэлира хьешаша Дадаева Хедас а, Маашева Пет1амата а, хелхаран говзалла гайтира Идалов Илеса а, Шахабов Зураба а.

Т1екхечира совг1атийн хан.

«Хууш ма-хиллара, дуьххьара веанчу хьешана совг1ат деш 1едал ду вайн къоман, – къастийра хьехархочо Махмудовас, – вай а вешан къоман векалш хиларе терра, оцу г1иллакхна юьстахдовла таро йолуш дац. Тхан совг1аташ къастийна ду мехкаршна а, к1енташна а. Хьалхарчарна оха вайн ворх1е а наноша ма кечдарра, тхешан куьйгашца кечдина, тегна, тай-маха лелон бохча ло. Тхуна луур дара, даккхий хилла, керлачу дахаран некъ хоржуш а безамца тхан совг1ат аша леладойла а, оцу некъа т1ехь шу ирсе хуьлийла а. Ткъа к1енташна, оха вайн заманах доьзна совг1ат кечдина – компьютеран ловзарш! Тхуна лаьа вайн к1ентий массо а х1уманца хьалха хуьлийла!».

Дешархошца баьхкина хьехархой а ца къастийра х1усамдайша, царна а цхьацца маь1не долу совг1аташ делира. Цул т1аьхьа цхьаьна стоьлана гонаха хевшина пхьор диира хьешаша а, х1усамдайша а.

Хууш ма-хиллара, иштта долу г1уллакх цхьаьна стагах доьзна хилча, ч1ог1а лазаме а, харж йолуш а хуьлу. Цунах дерг дийцира Махмудовас:

«Х1окху г1уллакхна т1ехь сан белхан накъостийн а, берийн дай-нанойн а г1о хилира суна, – билгалдаьккхира Хеда Ахмедовнас. – Доккха баркалла ала лаьа суна хьехархошна Нолтыгова Зейнабна а, Астамирова Раисина а, Джамильханова Джамиляна а, Дубаева Тамусина а, берийн наношна Галаева Элитина а, Батаева Табаракна а, поварна Умаева Маретна а, 11-чу классера дешархошна Шабазова Хьавана а, Шахабова Танзилина а. Къаьсттина доккха баркалла а, Дела реза хуьлда а ала лаьа суна денанна Эльмурзаева Заянуна. Аса классехь дечу муьлххачу а х1уманан декъашхо а, накъост а ю иза. Цо г1о ца динехь, суна хуур а дацара, тхайн хьешашна ч1ог1а хазахетта и башха совг1аташ-бохчанаш тега. Иштта болчу накъосташца хала дац суна! Ткъа сайн берийн амалашкахь а х1инццалца сайна ца евзина аг1онаш гучуевлира суна. Иза довзархьама а вовшахтоха дезаш г1уллакх хиллера х1ара!».

Дуккха а заманчохь бевзаш хилла доттаг1ий санна, д1асакъаьстира бераш. Цара вовшашка телефонан номерш а, почтан адресаш а делира. Къоман г1иллакхаш довзаран а, уьш карладахаран а, тайп-тайпанчу к1ошташкахь, ярташкахь 1аш болчу кегийрхойн вовшашка уьйр-марзо кхолларан закъалтан а, бераш шайн къоман г1иллакх-оьздангаллин гурашкахь кхетош-кхиоран белхан а доккхачу масаллин г1уллакх хилира оцу цхьаьнакхетарх.

Хьеший д1абахча а, школан кертахь дикка йийкира Хеда Ахмедовнин кабинета чуьра «бераш маьлхан серло а, йовхо а» хилар ч1аг1ден Дадашева Тамарин эшар.