Язык сайта

 

Язык сайта

 

«НЕНАН МОТТ – ИЗА ХАЛКЪАН ЮЬХЬ Ю, ХАЛКЪАН ОРАМ БУ!»

8 апр 2019 года
94 просмотров

НОХЧИЙН РЕСПУБЛИКИН ДЕШАРАН А, 1ИЛМАНАН А МИНИСТЕРСТВОС ХААМ БО РЕГИОНАЛЬНИ ЭТНОГРАФИЧЕСКИ ДИКТАНТ Д1АЯХЬАРХ ЛАЬЦНА. ИЗА, НОХЧИЙН МАТТЕ БОЛУ БЕЗАМ Ч1АГ1БАН, ЦУЬНАН ВАЙН ДАХАРЕХЬ ЛЕЛАР СОВДАККХА, РЕСПУБЛИКИН БАХАРХОЙН НЕНАН МАТТАХ ДОЛУ ХААРШ АЛСАМДАХА ЙОЛЧУ 1АЛАШОНЦА ЕШ Ю. "НЕНАН МОТТ – ИЗА ХАЛКЪАН ЮЬХЬ Ю, ХАЛКЪАН ОРАМ БУ" Ц1Е ЙОЛУ ЭТНОГРАФИЧЕСКИ ДИКТАНТ 2019-ЧУ ШЕРАН ОХАНАН БЕТТАН 9-ЧУ ДИЙНАХЬ ХИР Ю. 
ДИКТАНТ ЯЗЪЕН МЕТТИГАШ НОХЧИЙН РЕСПУБЛИКИН МАССО А ДЕШАРАН ОРГАНИЗАЦИШ Ю. 
ДИКТАНТАН Т1ЕДАХКАРШ ТЕСТИЙН КЕПЕХЬ ДОЛЧУ 50 ХАТТАРХ ЛАЬТТА. ИЗА Д1АХЬОШ А, ЦУЬНАН ЖАМ1АШ ДЕШ А ВОВШАХТОХАРАН КОМИТЕТО БОЛХ БИЙР БУ. 
ЭТНОГРАФИЧЕСКИ ДИКТАНТАХ ЛАЬЦНА ЮЬЗЗИНА ЙОЛУ ИНФОРМАЦИ МИНИСТЕРСТВОН САЙТ Т1ЕХЬ Ю.

ПОДПИСКА

на новые публикации

Рассылка новостей и документов на
электронную почту
Количество подписчиков: 1 146