Язык сайта

 

Язык сайта

 

21 февраля - Международный День родного языка

21 фев 2020 года
49 просмотров

КАДЫРОВ Рамзан, Нохчийн Республикин Куьйгалхо, Россин Турпалхо: Нохчийн мотт бийцина ца Iаш, ойла а нохчийн маттахь ян Iама дезаш ду вай. Вайн уггаре а коьртачу декхарех цхьаъ хила деза нохчийн мотт бийца Iамор, цуьнга марзо кхоллар. Цу тIехь болх бан а беза вай. Тахана паргIат и бийца хууш, цуьнан бакъонаш евзаш берш баккхийчарна юкъахь бен бац. Кегийрхой чIогIа ледара болх беш бу нохчийн мотт Iаморна тIехь. Вай тоьлла хьелаш кхолла деза вайн тIекхуьуш йолчу тIаьхьене нохчийн мотт Iамабайта, лакхарчу тIегIане даха деза дешаран гIуллакх.