Язык сайта

 

Язык сайта

 

НОХЧИЙН МЕТТАН ДЕННА ЛЕРИНА: Заруева Залина Хусейновна - Нохчийн меттан, литературан хьехархо

18 мар 2020 года
315 просмотров

Нохчийн меттан а, литературан а хьехархо Хуьсенан йо1 Залина.

Залина йина 1989-чу шарахь, кхолламан беттан 27-чу дийнахь. Серноводскера юккъера юкъарадещаран школа чекхъьяьккхинчул т1аьхьа Нохчийн Паччалкхан Универтете Нохчийн меттан Юккъера Филологин йолчу Институтан «Къоман отделени» деша юьду Залина. Иза чекхъяьккхале 2009-чу шарахь дуьйна болало цуьнан хьехархочун некъ.

2009-2013-чу шерашкахь болх бо Серноводскера юккъера юкъарадешаран лоьмар 3 йолчу школехь.

2013-чу шарера дуьйна болх беш ю Залина цу школехь. 2015-чу шарахь цо дакъалоцу хьехархойн корматалла лакхъяккхаран къовсамехь.

2016-2017-г1ий шерашкахь дакъалоцу цо «Шеран тоьлла хьехархо бохучу къовсамехь»

«Хьехархо хилар атта г1уллакх дац. Ткъа къаьсттина нохчийн меттан хьехархо хилар-иза шатайпана башха йолуш г1уллакх ду, х1унда аьлча, нохчийн маттаца доьзна ду вайн г1иллакхаш а,оьздангалла а, «Ислам» динан хазалла а. Х1ора стага ша дуьненчохь йоккху хан муьлххачу а аг1ор шен халкъана а, махкана а пайдехь яккха еза аьлла хета суна» - боху Залинас.