Язык сайта

 

Язык сайта

 

Оздеева Алпа Ахмедовна – Борзерчу юккъерчу школан нохчийн меттан а, литературин а хьехархо

13 мар 2020 года
122 просмотров

Оздеева Алпа Ахмедовна – Борзерчу юккъерчу школан нохчийн меттан а, литературин а хьехархо.

Алпа йина 1953-чу шарахь 10-чу октябрехь. Джамбульски областехь Чуйски кIоштан Ново-Троицк юьртахь 1960-чу шарахь хьалхарчу классе яхана иза. 1970-чу шарахь цо чекхъяьккхина Борзера юккъера школа.

1970-чу шарахь дуьйна Алпа болх беш ю Борзерчу юккъерчу школехь. 1970-чу шарахь дуьйна иза болх беш яра юьхьанцарчу классашкахь. 1973-чу шарахь Алпа деша яхана «Грозненски хьехархойн училище», 1976-чу шарахь цо чекхъяьккхина иза. 1991-чу шарахь дуьйна нохчийн мотт, литература хьоьхуш схьайогIуш ю Алпа Борзерчу юккъерчу школехь.