язык сайта

Хасбулатова Малика Соьлжа-ГIалин №56 йолчу школехь болх беш ю. 2011-чу шарахь Нохчийн пачхьалкхан университет чекхъяьккхина цо. Дуьххьара болх бина Ойсхарара юккъерчу школехь. 2006 шарахь дуьйна №56 йолчу школехь нохчийн меттан а , литературан а хьехархочун болх беш ю Малика. ТIедогIучу шарахь 12 шо кхочу пайдечу а, лерамечу а гIуллакхехь цо къахьоьгу
Ша къахьоьгучу 12 шарчохь шен белхан накъосташна хьалха а, дешархошна хьалха а ледарло ца йолуьйтуш хьанал къахьегна цо. Цундела иза езаш а, лоруш а ю. Уггаре лакхара категори а ю цуьнан. Шен урокашкахь цо шуьйра пайдаоьцу хьехаран вайн заманан технологех. Цуьнан урокашкахь, я классал арахьара г1уллакх вовшахтохарехь а к1езиг ца хуьлу компьютерни г1ирсех пайдаэцар, церан г1оьнца видеороликашка хьажар, видеохаттарш х1иттор, видеосюжеташ т1ехь барта дийцарш х1иттор, иштта кхин д1а а. Иштта болх бо цо лакхара пох1ма долчу дешархошца. Цундела ларамаза дац цуьнан дешархоша к1оштахь а, республикехь а д1ахьочу тайп-тайпанчу къовсамашкахь, олимпиадашкахь а кхиамца дакъалацар.
Хасбулатова Маликас куьйгалла а деш, дешархочо язбинчу 1илманнан талламан («НПК-2014») балхо «Гадаев Мохьмад-Салахь. Къонахчух дош» 2 –г1а меттиг баьккхира.Иштта, 2015 шарахь Соьлжа-г1алахь Олимпиадин 3-г1а меттиг баьккхира цуьнан дешархочо.
Цуьнан белхан мах хадийна департаментан, школан администрацин куьйгаллин Сийлаллин грамоташца.

Подписка на новые публикации

Рассылка новостей и документов на электронную почту

Количество подписчиков: 12011

Порталы государственных услуг