26-чу февралехь Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институтан актови зала чохь дIаяьхьира «Нохчийн Республикан интеллектуальни центр» цIе йолчу юкъараллин организацин «Дато бухIа» совгIаташ дIадаларан VII-гIа церемони.
Даздаршкахь дакъалецира Нохчийн Республикан Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин а, Нохчийн Республикан Парламентан а векалша, Интеллектуальни центран декъашхоша, Iилманан, дешаран гIуллакххоша, шуьйрачу хаамийн гIирсийн векалша.
ХIокху шарахь ворхIазлагIа дIахьош яра и даздаран церемони. Ша организаци йиллина 2003-чу шарахь Нохчийн Республикан хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин дIадолорца. Тахана цуьнан могIаршкахь ву 200 сов стаг. И йиллинчу хьалхарчу дийнахь дуьйна Интеллектуальни центран советан куьйгалхо ву филологин Iилманийн доктор, профессор, Нохчийн Республикан пачхьалкхан хьехархойн институтан ректор Хазбулатов Бекхан. Интеллектуальни центран «Дато бухIа» совгIатан лауреаташ хилла 100 гергга стаг.
ХIокху шарахь ворхIазлагIа дIахьош яра аьлла, юкъараллин (къаьсттина, кхоллараллин а, Iилманан а интеллигенцин) цуьнга болу тидам цуьрриг а лах ца белла. Гал хир дац, интеллектуальни декъехь къахьоьгуш волу хIора стаг а «Дато бухIанан» да хиларе сатесна ву аьлча. Иштта сий-лараме, деза хеташ ду и совгIат. Цуьнан бахьана ду совгIаташ дIадаларан церемони цхьа шатайпанчу даздаран хьолехь, дикачу вовшахтохараллица Интеллектуальни центран кхеташонан дIаяхьа ницкъ кхачар. Цул сов, хIораннан а белхан шовкъ, дог-ойла ойуш ду ша юьхьарлаьцначу некъан, гIуллакхан юкъаралло лаккхара мах хадор.
Жюрин куьйгалхочо, историн Iилманийн доктора, профессора, Нохчийн Республикан Iилманийн академин декъашхочо-корреспондента Ибрагимов Мусас, Интеллектуальни центран советан председатела, филологин Iилманийн доктора, профессора, Хазбулатов Бекхана хьалхара дешнаш аьллачул тIаьхьа, дIакхайкхабо Нохчийн Республикан Интеллектуальни центран керла лауреаташ:
«Iилма» номинацехь – историн Iилманийн доктор, профессор Гарсаев Леча; «Дешар» номинацехь – физикин-математикин Iилманийн кандидат Магомаева Мая, филологин Iилманийн доктор, профессор Джамбекова Тамара, хьехаран Iилманийн доктор, профессор, Нохчийн Iилманийн академин декъашхо-корреспондент Арсалиев Шавади; «Искусство» номинацехь – Нохчийн Республикан халкъан артист Ясаев Мохьмад; «Литература» номинацехь – вевзаш волу яздархо Саракаев Хьамзат; «МогашаллаIалашъяр» номинацехь – Россин Федерацин хьакъволу лор, Гуьмсан районан больницан коьрта лор Байсултанов Идрис.
Цул сов, Интеллектуальни центран леррина совгIаташ дина кхин масех номинацехь. «Син орамаш» номинацехула лауреаташ кхайкхийна медицинин Iилманийн кандидат, Нохчийн Республикан коьрта нарколог Дальсаева Муса, «Исламан зIаьнарш» газетан корреспондент Мустаев Рамзан; «Шеран хьехархо» номинацехула – Гихтара №4 йолчу ишколан Нохчийн меттан, литературин хьехархо Альтемиров Iарби; «ГIуллакхах доглазарна» («За подвижничество») номинацехула – Россин Федерацин культуран хьакъйолу белхахо, республикан берийн библиотекин директор Сайдумова Зулай; «Журналистика» номинацехула – нохчийн журналистикин къано, Нохчийн Республикан хьакъволу журналист, «Даймохк» газетан жоьпаллин секретарь Магомаев Салавди, НТВ-н Къилбаседа Кавказерчу корпунктан куьйгалхо Дадаева Фатима; «Къона интеллектуал» номинацехула – технически Iилманийн доктор, Соьлжа-ГIаларчу пачхьалкхан мехкадаьттан институтан проректор Минцаев Мохьмад. Интеллектуальни центран советан дипломаца совгIат дина Дешаран белхахойн говзалла лакхаяккхаран нохчийн институтан директорна, историн Iилманийн кандидатана Эльмурзаева Гангина.
Iилманехь, литературехь, юкъараллин дахарехь хьуьнарш, маьIне гIуллакхаш дина нах билгалбахар дуьненахь лелаш хIума ду. Цунна лерина тайп-тайпана фестивалаш, фондаш, хIиттийна совгIаташ хуьлу. Оцу могIарера гIуллакх ду Нохчийн Республикан Интеллектуальни центро вовшахдеттарг а. Цо гойту вай а нахах тарлуш хилар (диканиг схьаэцарехь). Хазахеташ ду юкъаралло шайн белхан лаккхара мах хадо хьакъдолуш нах вайн дуккха а хилар а, царна бIаьрла совгIат-сагIа дарехь дакъалаца лууш комаьрша нах вайн хилар а. (Интеллектуальни центран генеральни спонсорш Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолу юкъараллин фонд а, «Россельхозбанкан» Нохчийн Республикера филиал а ю). Юккъехула аьлча, яккхий харжаш еш, кечъеш ю «Дато бухIа» статуэткаш а, лауреатийн дипломаш а, цул сов, хIора лауреатана луш ахчанан совгIат а ду.
Ша-шех хуьлуш хIумма а дац, шайн хан а, ницкъ а ца кхоош, шайн и декхар а доццушехь, шайн лаамехь Интеллектуальни центран кхеташонан декъашхоша и болх дIабахьар а, вовшахбеттар а ду хастаме. Конкурсийн жамIаш дечохь а, совгIаташ дIасадоькъучохь а дукхахьолахь цхьа вас, дегабаам боцуш ца нисло. Интеллектуальни центран совгIатийн керлачу лауреаташна юкъахь (церан массеран цIерш оха лакхахь ялийна) цхьа стаг а оцу совгIатана хьакъвоцуш ларамаза нисвелла ца хийтира тхуна. Иза а ду воккхавевеш. Оцу дерригено а цхьана жамIа тIе валаво: дика гIуллакх ду Интеллектуальни центро дIакхоьхьург, Iилманан, кхоллараллин хьаьрмахь къахьоьгучу нехан белхан шовкъ ойъуш хIума ду. Шеко йоцуш ду, оцу гIуллакхо дика тIеIаткъам бо Iилма, дешар, культура кхиорна.