«Литературни мотт къоман юкъараллин дахар кхиоран, цуьнан материальни а, син-бахаман а прогрессан коьрта г1ирс бу, халкъо социальни нийсо х1отторан некъахь бечу къийсаман а, халкъ кхетош-кхиорехь а, иза культурин а, техникин а, 1илманийн а хиллачу баххьашка боккху г1ирс а бу», – боху оьрсийн г1арваьлла вевзашволчу меттан 1илманчас В.В. Виноградовс.
1илманан барамца дуьстича, халкъан литературни мотт кхоллабалар масех а этапе декъалуш ду. Хьалхара этап оцу халкъо шел а кхиънадолчу халкъан йозанан литературни мотт лелабар ду. Масала, Европехь иштта мотт латинийн мотт хилла, Азехь, ширачу хенахь, – китайски мотт, ткъа Къилба-Азехь – 1арбойн мотт хилла иштта кх. д1. Вайн махкахь а лелла 1арбойн мотт цхьана хенахь йозанан литературни меттан функцеш кхочушъеш.
Шолг1а этап – халкъан меттан диалекташ юкъахь цхьа диалект юкъараллин-политически а, культурно-экономически дахарехь вукхарел а жигараяларца йоьзна ю. Диалектан жигаралла алсамъяларан коьртачех бахьанаш оцу диалектехь къамел деш долу халкъан дакъа кхечарел дуккха а доккха хилар а, экономически г1олечу хьолехь хилар а, кхечу къаьмнашца йолу культурни з1енаш а, уьйраш а алсамйийлар а иштта кх. д1. а ду.
Нохчийн х1инцалера литературни мотт кхоллабаларан шолг1а йолу этап вайн къоман уггаре а даккхий тайпанаш Нашхара мацах цкъа шаьш даьхначу Нохчамохк олучу территори т1е сехьа а девлла (Нажи-юьртан, Веданан, Куршлойн, Гуьмсен, Шелан к1ошташ), цигахь шолг1а а ч1агIделла, дахаховшар ю. И мур 10-чу б1ешерера 15-чу б1ешере кхаччалц бахло, цхьаццадолу тептаршца дуьстича.
Нохчамохк шен ландшафтни хьолаца а (ялта а, даьхни а кхио аьтту хиларца), гонд1а дехачу къаьмнийн латтанца долу доза деха хиларца а (цуьнга хьаьжжина, цаьрца йолу уьйраш а) дуккха а г1олечу позицехь хилла ламанца йолчу вайн кхечу территорел. Цундела кхузахь сихха кхоллало мехкан политически а (Мехк-кхиэл гулло Кхеташ корта – Ц1оьнтарахь), экономически а центраш. И хьелаш бахьана долуш къам диэбаран барам а алсамболу. 16-г1а чакхдолуш, 17-г1а б1ешо долалуш оцу территори т1ехь, лаххара дуьстича а, халкъан 70 % дакъа деха. Нохчийн халкъан оццул доккха дакъа Нохчмахкахь дехаш хиларе терра, кхузахь буьйцучу меттан (диалектан) фонетически, морфологически, синтаксически норманаш мелла а цхьатера хилар бахьана долуш а, халкъан дукхахйолу фольклоран произведенеш (иллеш, кицанаш, х1етал-металш иштта кх. д1.) оцу диалектехь хилар бахьана долуш а, оцу диалектан лексически а, грамматически а хьал мелла а туоло.
Монголаш а, тюркски цхьадолу къаьмнаш а т1елатале хьалха шен хиллачу махка нохчийн халкъ юхадоьрзуш (нохчийн аренга), уггаре хьалха а, уггаре дукха а аренга бевлларш нохчмахкара нах хилла (Беной, Билтой, Гедарганой, Гуной, Г1оьрдалой, Зандакъ, Ишхой, Шоной, Сесаной, Харчой, Ц1онтарой, 1аларой, Энганой, Эрсаной иштта кх. д1.). Х1унда аьлча, цкъа-делахь, адам ломахь дукха гулдаларна, шолг1а-делахь, шайгара нуьцкъаха схьабаьккхина мохк юхаберзо х1инца шайгахь хьал хиларна а. Оцу аренга охьадолучу адамах доккхах долу дакъа х1инцалерачу Нажи-юьртан, а Веданан а к1ошташкара хиларе терра, цигара диалект нохчийн аренан юкъара мотт а хилла д1ах1утту хан нохчийн литертурни меттан кхоалг1а этап ларало. Цуьнца дуьстина ала дог1у С.М. Джамирзаевc шен 1илманан кандидатски диссертаци т1ехь билгалдоккхург: «Фонетически а, морфологически а, синтаксически а исторически-дустаран анализ яро гойту Нажи-юьртан матто, цуьнан статусан хьесапдича, х1инцалерачу литературни а, ламаройн а (ч1еберлойн, шаройн иштта кх. д1.) меттанийн юккъера кеп д1алоцуш хилар» . Вайн махкахь а, цул арахьа а вевзашволчу мотт таллархочо К.З. Чокаевс а боху: «Нажи-юьртан к1оштан мотт арарчу диалектан лард лара мегар ду». Амма, ерриге а диалектах лаьцна аьлча, цуьнан доза цхьана Нажи-юьртан к1оштаца кхачалуш дац. Веданан а, Нажи-юьртан а к1ошташкара диалект цхьаъ лара мегар ду, оцу меттан синтаксически а, морфологически а, лексически а форманийн анализ йича. Вайна цу юкъахь билгалйовлу башхалонаш кхин д1ора классификационни маь1на долуш лара мегар яц, х1унда аьлча, ур-атталла дозанца цхьана хоттаелла йолчу шина юртахь а карайо и тайпа башхалонаш. Цундела билгалдаккха мегар ду, нохчийн литературни меттан лард билгалъеш, 1ора йолург берриге а нохчмахкхойн диалект ю. Я.З. Ахмадовс шен балха тIехь а ч1аг1до иза :«Нохчамохк нах уггаре а луьста бехаш меттиг хилла Нохчийчохь, цу т1е, политически аг1ор дуьстича, уггаре нуьцкъала а. Цхьа ша-тайпа – ахархойн республика. Оцу мехкан бахархоша цхьана нохчмахкхойн диалектехь мотт буьйцу. И мотт нохчийн литературни меттан лард ю.»
Кавказан т1ом чекх а баьлла, адам, т1еман хенаца дуьстича, мелла а даха маьрша дисича, Шелан а, Хьалхара-Мартанан а к1ошташкахь хеневала ломахьчул бег1ийла хьал долу дела а, нагахь т1ом юха а балахь, лома юхахьалаваха уллохь долу дела а вайн халкъан экономически коьрта центраш оцу шина юртахь д1ах1уьтту. И бахьана долуш оцу ярташка а, царна гонд1а а даха вайн мехкан тайп-тайпана маь11ера адамаш кхалха долало. Х1инццалц кхузахь буьйцучу нохчмахкхойн маттана кхечу диалекташкара дешнаш а, церан классификационни цхьацца форманаш а юкъаяхка юьйлало. Амма билгалдаккха деза, оцу керла юкъакхеттачу меттан г1ирсаша ша и нохчмахкхойн диалектан лард хийцаяллал т1е1аткъам бина цахилар. Делахь а цхаццадолу дешнийн синонимически а, классификационни а варианташ кхузахь олуш йолчу форманашца маттахь ч1аг1ло. Масала, н1аьна – борг1ал, тезет ду – тезет ю иштта кх. д1. И хан нохчийн литературни меттан йоьалг1а этап лара мегар ду.
Советан 1едал а х1оьттина, нохчийн йозанан бух а кхоллабелла, вайн къоман литературин а, культурин а, дешаран а кхиар д1адоладеллачу шерашкара (ХХ-б1ешеран хьалхара дакъа) дуьйна таханалерачу дийне каччалц йолу хан вайн литературни меттан пхоьалг1а этап лара мегар ю.
Мотт даимна а кхуьуш, къоман исторически а, политически а, культурни таханалерачу хьолаца нислуш йолу цхьа ша тайпа система ю. Амма иштта кхечу, мелла а политико-культурни хьал тоьлашдолчу къаьмнаша а бо нохчийн маттана боккха т1е1аткъам. Цуьнца доьзна гучудолу дуккха а кхачамбацарш. Цул сов, тахана нохчийн йозанан орфографехь а карайо цхьана дешан тайп-тайпа язйина варианташ. И кхачамбацарш д1а а дохуш, меттан цхьа стандарт х1отто еза хан т1екхаьчна.
Пайдаэцна литература:
1. Виноградов В.В. Избранные труды. История русского литературного языка. М. 1978, с.288.
2. Исраилан Джабраилан тептар. Дег1астанехь хиллачийн хронологи.
3. Джамирзаев С.М. «Ножай-Юртовская речь в ее отношении к чеченскому литературному языку (историко-сравнительный анализ)». Дис. на соискание к.ф.н.
4. Чокаев К.З. «Нохчийн халкъан юкъара мотт а, литературин мотт а». Материалы Региональной научно-практической конференции «Чеченский язык: проблемы и перспективы развития», посвященной Дню чеченского языка. Грозный, 2012, с. 3.
5. Ахмадов А.З. История Чечни с древнейших времен до конца XVIII века. С. 164.