Язык сайта

 

Язык сайта

 

Алиева Т. «Нагахь дешан къиза кхиэл елахь, со ц1ена ю цунах…»

Халачу дахаран кхолламах чекхъяьлла зуда, поэтесса, оьрсийн яздархошна юккъехь а цхьа билггал меттиг д1алоцу Цветаева Марина дуьнен т1е яьлла 120 шо дузу кху шеран 26-чу сентябрехь. Цуьнан байташкахь евза иза х1ора олучу дашна чу сакхолла говзалла йолу башха поэт а, шен мохк к1орггера безаш йолу патриот а санна. 50 шарахь а ца яьхна иза х1окху лаьтта т1ехь, 71 шо ду иза д1аяхана а.

Россин пачхьалкхан дахар галморзах даьллачу хенахь яха ирс хилла я иза дайна хилла Марина кхиъна искусствоца, литературица уллора гергарло долчу доьзалехь. Цуьнан да, Цветаев Иван Владимирович, доьзална дагайог1учу хенахь Москвара Музей изящных искусств кхолларна т1ехь къахьоьгуш вара. Ткъа ненан Мария Александровнин дахар а, ханна шел дикка воккхачу стаге маре яхана хиларе терра, дерриг шен пох1ма а – цунна дика евзара музыка, башха локхура рояль, дуьненан хазалле догу дог суьрташ дахкарца гайта хаьара – берашна лерина а, цаьргахь башхачун ойла кхолларна т1ехьажийна а дара.

«Тхан нана гуттаренна а тхан сица яха кхелхина яра дийна йолуш а, – яздина Маринас шайн нана дагалоцуш, – тхан ирс хилла цо делларг 1илма доцуш, лирика хилар. Цо кхиийра тхо, лирикин пхенашкара кхача баош. Ткъа лирика ца тоьура, тхо цунах ца 1ебара цкъа а. Цуьнан б1арзделла са тхан сица даха дисна».

Схьахетарехь, ишттачо алсам т1е1аткъам бина хетало дукха жимайолуш дуьйна а стихаш язъян Марина йолаяларна. Дукха к1оргера ойла йойтуш а, дахар доца хиларал сов, олуш ма-хиллара, б1аьргаш д1акъевлинчул т1аьхьа цуьнан цхьа а т1аьхьало цахиларан ойла йойтуш а ю цо шен 16 шо долуш язйина стихаш:

Идешь, на меня похожий, 
Глаза устремляя вниз, 
Я их опускала – тоже! 
Прохожий, остановись!

Прочти – слепоты куриной
И маков набрав букет – 
Что звали меня Мариной 
И сколько мне было лет.

Не думай, что здесь – могила, 
Что я появлюсь, грозя… 
Я слишком сама любила 
Смеяться, когда нельзя!

И кровь приливала к коже, 
И кудри мои вились… 
Я тоже была, прохожий! 
Прохожий, остановись!

Сорви себе стебель дикий 
И ягоду ему вослед: 
Кладбищенской земляники 
Крупнее и слаще нет.

Но только не стой угрюмо, 
Главу опустив на грудь. 
Легко обо мне подумай, 
Легко обо мне забудь.

Как луч тебя освещает! 
Ты весь в золотой пыли… 
И пусть тебя не смущает 
Мой голос из-под земли.

* * * 
Вог1у хьо, сох тера, 
Б1аьргаш а хьежадеш охьа, 
Со а йоьдура-кх иштта! 
Т1ехвериг, цкъа собардехьа!

Пет1амат зезагийн курс гулъяй, 
Кхоьлинчу б1аьргашца хьайн 
Дешахьа, сан ц1е Марина хилар а, 
Маса шо сан хилла хилар а.

Ма мотта, кхузахь каш хилча, 
Со хьалаер ю къардайна. 
Суна а мел ч1ог1а лаьара, 
Цамегехь к1ажъоьхуш ела!

Ц1ий а хьодура сан дег1ан чкъуре, 
Яьржара гуьра месаш… 
Со а яра хьуна, т1ехвериг! 
Т1ехвериг, цкъа собардехьа!

Ц1уначу сараган га даккха, 
Ношбелла ц1азам а кхалла, 
Кешнийн керташкахь ц1азамаш 
Даккхий а, мерза а кхуьу.

Ма латта, г1айг1ане вожий, 
Некха т1е оллийна корта, 
Ахь атта сан ойла ехьа, 
Цхьа атта со йиц а ехьа.

Ма ч1ог1а къагий хьо з1аьнарша! 
Дашо х1ур биллина т1е… 
Кху лаьтта бухарчу сан озах 
Ца оьшу хьо холчах1отта.

14 шо дара Маринин нана кхелхича. Ша т1аьххьара б1аьргаш д1акъовлале цо аьллачу: «Нийсонца дахалаш, бераш!» – дешнашца яха г1иртина Марина. Бакъду, дахаран халонаш дукха лан дезарна, шена ма-хетта, ненан весетца яхар ца нисделла цуьнан.

18 шо дара йоь1ан 1910-чу шарахь дуьххьарлера «Бозбуунчаллин чиркх» байтин гулар араяьлча. Ишттачу мехкарийн поэзех «альбом» олура оцу хенахь. Уьш алссам а яра. Амма Маринин «альбоман» тидам хилира бевзаш болчу яздархойн Брюсов Валерийн а, Волошин Максимилианан а. Цара лаккхара мах хадор бахьана долуш, поэзин йийсарера цкъа а ца елира Марина.

Дуьненан дахаро лучу массо а дика-вонах т1аьхьа йисарна кхоьруш санна, 20 шо кхаьчча, Эфрон Сергейга маре яхара иза. Цхьа шо даьлча дуьнен т1е елира дуьххьарлера йо1 Ариадна.

Хьалхара Дуьненаюкъара т1ом болабалале масех ирсе шераш хилира къоначийн дахарехь. Эфрона а «Бералла» ц1е йолу книга арахийцира, цуьнан коьрта турпалхо авторан къона зуда яра. Маринин а керла «Шина тептарна т1ера» поэзин гулар араелира. 1916-чу шарахь Сергей эскаре кхайкхира, цхьа шо даьлча цунах Добровольчески эскаран дакъалацархо хилира. Кхеран доьзалехь шолг1а йо1 Ирина йолу дуьнен т1е.

Т1амо мацалла а, г1ело а х1оттийначу Россехь яха а, доьзал кхио а атта дацара поэзех дезар дина ехачу Маринина. Дахарехь поэзина йисна меттиг яцара. Мацалла елира жима Ирина, цомгаш яра Ариадна а, Маринин байтех шай а ца лора. Йоьхна, яьржина, х1аллакьхилла д1аяьллера «Маринин Росси». Цуьнан дахаран хийцамех ца кхетачарах яра Цветаева а. Хилларг х1ун ду ца хууш, т1епаза вайнера Сергей а.

Эххар а 1922-чу шарахь боккхачу къинхьегамца шен йо1аца Германе д1аяха аьтто белира Маринин. «Ц1ечу» Россера бевдда бахана дуккха а яздархой бара кхузахь, амма т1ом д1абирзинчул т1аьхьа саг1адоьхурган битаме йирзина Германи къен яра. Мераберан даржехь бара х1орш цигахь. Кхузара Чехе д1аяха дийзира. Кхузахь схьакарийра Сергей а. 1925-чу шарахь церан доьзалехь дуьнен т1е велира к1ант Георгий. Цул т1аьхьарчу шерашкахь Парижехь бехира кхеран доьзал.

Хан мел ели а, шайн Даймахке сатийсам ч1аг1лора Сергейн а, Маринин а. 1932-чу шарахь советийн паспорт дийхира Эфрона. Йо1аца сехьавелира иза. Ткъа Марина а к1антаца 1939-чу шарахь СССР-е схьаеара. Дукха хан ялале Сергей а, Ариадна а лецира, набахте чубоьхкира. Бахьана а, бехк а буьйцуш бацара. Иштта чубухкуш, докъаза бойъуш эзарнаш бара. Царах дерг къастаза долуш, болабелира луьра т1ом. 1941-чу шеран августехь к1антаца Елабуге д1аяхара Марина. Дахаран харцоно т1етта тохарш дечу Маринас кхин цкъа а цхьа а мог1а язбийр боцуш нигат дина, кхача бухкучу пхьег1аш йила д1аэцахьара ша аьлла, дехар яздира. Амма оцу балхана а тешаме ца хийтира х1ара шен Даймахкахь…

Сталинан зама д1аяьллачул т1аьхьа шена хьакъйоллу меттиг д1алецира Маринас оьрсийн литературехь. Цуьнан лирически турпалхочо лар йитаза дахаран цхьа а аг1о яц, цо ялхаяза адаман цхьа а ойла а, синхаам а бац. Евзачу я цхьа билгалъяллачу кепара язйина йоцу байташ дукха ю цуьнан, цундела, кхечаьрца юьстича, цхьа заь1ап хета уьш, бакъду мел к1езигчуьнан а чулацам к1орггера хуьлу.

Зудчун, ненан хала дахар текхна Цветаева Марина гергара хета нохчийн ешархочунна. Цуьнан лирика ма-ярра евзина ялаза ю тахана а. Амма цунах мелла а ирс эцначунна цхьабосса ека иза муьлххачу а маттахь.