Цхьа билгалчу хенахь чекхвала деза бераллин цамгар санна, цхьа к1еззиг зама йог1у вайн дахарехь, дуьненахь вайга хьоьжуш лаьттачу, вай кхочушден долчу даккхийчу г1уллакхашна ойланаш кхоллалуш. Цара вай 1ехадо, деладо, т1ома доху. К1омар охьадоьжча дуьсучу томмаг1ах цхьаццаерш юьсу вайца, цхьаццаерш 1уьйренан дахкарах яьржа. Мухха а нисделча а, хьаг1-гамо йовзаза долчу къоначу дагна, цхьа 1ийжаме-мерза дагахьбаллам буьсу оцу заманах. Цхьаццаберш цунах туоло, вукхара цуьнан закъалтах ца довлалуш дахар д1ало. Оцу шолг1ачех ю нохчийн меттан хьехархо Вагапова Асет.
Геннарчу Казахстанехь, Иссык станицехь йинчу цунна, шен дозалехь бийцарна, безабелира шен дайн мотт. Бакъду, цуьнан йоза довзар цахилира я цигахь а, я Кавказе ц1айирзича а. Шен лаамца 1амийра цо иза. Дийнахь «Сердало» газетехь машинисткин болх беш, суьйренан школа чекхъяьккхира йо1а. К1орггера нохчийн мотт 1амон йолчу ойланца Нохч-Г1алг1айн пачхьалкхан хьехархойн институте деша а яхара, и бахьана долуш хьехархо а хилира. 1967-чу шарахь Хьалха-Марта №1 йолчу школан 1-чу классехь хиллачарна х1инца а дика дагайог1у шайн къона хьехархо. Цуьнан дуьххьара берашна хьалха х1оттар а дара ша дечух тешна, йоккхаеш, шен некъах дозаллица чекхъяла ойла йолуш. Хено гайтира, цу т1ера иза мискъал-зарраттал юхацаялар. Шен дуьххьарлера «бераш» деша, яздан 1аморал сов, цо уьш минотана а мукъа ца буьтура, царна ца дуьйцуш, ца 1амош ницкъ кхочург ца дуьтура. Эххар а совг1ат а хилира кхунна, классехь уггар а сацам боцучу Чичаевс: «Хьуна ца хууш х1умма а дуй?» – хаттарца.
1968-чу шарахь Соьлжа-Г1алин №39 йолчу школе юьхьанцарчу классийн хьехархо хилира Асетах. Цу шарахь схьаэцначу берашца шолг1а а юккъера школа чекхъяьккхира цо. Цхьа маь11арго санна д1аделира 15 шо. Нохчийн маттах алсам зиэделларг гулделира Асете оцу шерашкахь. Цхьаьна ханна г1алин школийн ненан меттан пхьалг1а хилира кхеран школах. Ткъа коьрта говзанча, шеко йоццуш, Асет яра.
«Схьахетарехь, дешаран шарахь шозза а, цул сов а нохчийн маттана лерина тхан школехь семинар ца кечъеш, шо д1а ца даьлла», – дагалоьцу цо.
Хууш ма-хиллара, ишттачу г1уллакхо меттан керла анайисташ гучуйоху, цуьнан исбаьхьаллин к1оргене дешархой хьовха, хьехархой а кхиабо. Цунна т1едоьг1на дара, Асетан дешархо хиллачу Хасаханова Яхас аьлларг: «Дуьнено а нохчийн мотт 1амо беза бохучу ойланца кхиадора тхо Асет Бисултановнас, цундела кхечу х1уманна ойла генара т1е а ца йоьрзура».
1983-чу шарахь Нохчийн хьехархойн говзалла лакхаяккхаран институте балха Асет сехьаяккхар, шеко йоццуш, хьехархочун ненан мотт 1аморехь болу кхиамаш хилар дара. Шина шарахь нохчийн меттан коьртачу говзанчин а, цул т1аьхьа нохчийн меттан, литературин кабинетан заведующин а, институт юхаметтах1оттийначул т1аьхьа нохчийн меттан, литературин кафедрехь доцентан а болх бира Асета.
Оцу шерашкахь шен 39-чу школаца йолу з1е д1ахаьдда ца хилла цуьнан. Нохчийн маттана иза ецаш йолчу х1окху 44 шарахь, 40 шо сов цигахь д1адаьлла Асетан. Шел т1аьхьа цигахь битина ша санна говзанчаш а бу кхуьнан. Царах ю Бисултанова Лиля, Ибрагимова Лиза, Мударова Хьава, Ибрагимова Зулихан. К1еззиг бац уьш лаккхарчу дешаран учрежденешкахь а, масала: Яхьяева Лариса, Мацаева Има, Тагирова Марем, иштта кхиберш а.
Нохчийн маттана дина г1уллакхаш тайп-тайпана ду Асетан. Царах дара 2010-2011-чуй дешаран шарахь «Грозный» телеканалехь нохчийн мотт бевзачарна, иза 1амон ойла йолчарна цо елла урокаш а. Ши шо гергга заманчохь д1аяьхьначу оцу проектехь, нохчийн меттан урокийн школан программица, абатна т1ера чекхъяллалц йолчу теманашна урокаш елира Асета. Царах пайдаэца таро хилира хьехархойн а, х1унда аьлча цо гайтира урокийн методически аг1онаш а, пайдаэцаран тайп-тайпана г1ирсаш а.
Дала нохчийн къомана, маттана, церан кхиаран г1уллакхна кхоьллина адам хета суна Асет. Цо шен хьехархочун новкъахь пайдаэцна нохчийн литературийн къанойн дахарх, церан кхоллараллех, шен ден дахаран зиэделлачух. Цунна ца дицлучух ду дас олуш хилларг: «Паччахьан заманахь дуьйна а комаьршалла ца хиллехь тхоьга тхайн дин ларлур дацара, ткъа къонаха воцчуьнгахь комаьршалла а хир яц». Асет дика кхетара, дас юьйцу «коьмаршалла», «буй баьстина» бохург дацара, нохчийн къоман дерг дара. Дуккха а шерашкахь шен ненан маттана яьцначарах, иза нохчийн мотт хиларна йоккхайийначарах ю иза. Цунна яца шен корматалла тоарна дозаллица, шена зиэделларг а, цунах йоллу говзалла а комаьршаллица кхечаьрца екъа таро хиларна Далла хастам бина цо. Цкъа а и бахьана долуш, ша д1акхоьхьург шен нигатца т1елаьцна некъ хиларе терра, шега сов лерам хила беза аьлла а ца хетта.
Баккъал а нохчийн меттан яцархочун Вагапова Асетан дахар а, цуьнан къинхьегамах дерг а довза лаарх, нохчийн къоман дахар а, цуьнан мотт а, литература а кхиаран истори а, и кхион карахдаьллачеран ц1ерш а, церан кхолларалла а йовзар хилира суна. Муьлххачу а говзарх я авторх къамел тасадаларх, бух боллуш цунах ала дош а, мах хадон говзалла а леха ца езаш кийча яра цуьнгахь. Ишттачо тешайора, шен дахаран коьрта г1уллакх – дешархошна, кегийрхошна, хьехархошна, мелла а нохчийн маттаца, литературица уьйр йолчунна и къоман хазна еза, цуьнга марзо кхолла, кхион цкъа а б1окъажийна Асет цахиларх. Хууш ма ду, мел дукха а, дика а литература вайн хиларх, и халкъе д1акхачоран некъ буьллурш оцу халкъан хьехархой хилар. Шеко йоццуш, царах цхьаъ ю Асет а.
Наггахь а район хир яц вайн республикехь Асетан куьйгаллица нохчийн маттана лерина семинар д1аяхьаза. «Оцу семинараша гойтура нохчийн меттан хьал, – дагалоьцу цо. – Хууш ма ду, вай вешан маттана д1огара т1ера доцуш заманаш хила хилар а. Со реза йолуш, лаккхарчу айъамца чекхъелира тхан цкъа Невран районехь д1аяьхьна семинар. Цигарчу хьехархоша аьлларг дагара ца долу суна: «Нохчийн мотт хиндерг долу мотт хиларх а, тхайн хаарех а теший ахь тхо, Дела реза хуьлда». Суна дагахьбаллам бира оцу дешнаша. Бала хиллера-кх хьехархошкахь, шайн ненан меттан бала! Оцу дешнаша гойтура-кх, нохчийн мотт, вайн ненан мотт, вайн халкъан мотт мераберан даржехь хилар. Дала мукъалахь, и хенаш д1аевллехь а вайна диц дала ца деза, къоман мотт а, цуьнан хилларг а, дерг а, хиндерг а бух боцчу бердах кхийса кечделлачуьра, Делан къинхетамца, къоман бала болу куьйгалхо Цо валарна к1елхьара девлла вай хилар. Цуьнан хама бан а, сий дан а деза вай».
Вайн республикехь хьовха, Къилбаседа Кавказан республикийн а юкъарчу семинарашкахь а дакъалаьцна Асета. Царах цкъа а йицлун йоцучех яра Сочехь 2002-чу шеран гурахь хилла Дуьненаюкъара Америкин а, Россин а 1илманийн Академийн гуламехь Вагапован «Возрождение Чечни через образование» ц1е йолу доклад а, цунна кечам бен денош а. Муьлха лаккхара ойланаш хир яра херцлашкахь 1уьллучу Соьлжа-Г1алара д1аяхначу нохчийн меттан хьехархочун?
«Д1аберзаза болчу т1амехула школаш денлуш хиларх йоккхаерца цхьаьна лазам бара-кх, беккъа лазам, – дагалоьцу цо. – Стенна, муха 1амо дезара бераш? Д1аерзаза ма яра «зачисткаш». Тхан школера к1ант ма вара мехкаршна хьалхха, вогг1ушехь салтичо белш т1ера коч ят1ийнарг, доьхка лелийний хьажа. Суна лаьара, сайга ладоьг1учарна, к1ант кхеравала цакхиар майралла цахилар, (герзах цакхоьрург вац вайх), зудаберашна хьалха дег1 дерзина даккхарна юьхь1аьржа х1оттар хилар долчух кхетийла, (к1анта сихонца т1еуьйзира ят1ийна коч шен белшана, салтичо ша вуьйриг хиларан ойла ян ца ларавелира иза). Ишттачо гойтура вайн къоман оьздангалла жимачун-воккхачун ц1ийх яллар а, валаран кхерамо а иза д1айоккхуш цахилар а. Тхан директор ма вара оцу к1антана т1ех1оьттина вистхила таро цахиларна йишйохнарг а, цуьнга шена къинт1ера валар дехнарг а. Тхан лулара ма яра, нанас к1ант вича: «И х1унда вина ахь? Цуьнан блокпосташкахула чекхвийла дезар ма ду…», – бохуш, «ах1ий декъехь» йилхина йо1 а, жима йиша…».
Масане дара хьехархочунна кхечу мехкийн адамашна довзийта, царах дагаяла, иштта дерг дуьнент1ехь кхин ца хилийта, цаьрга кхайкхам бан луург. Амма нохчийн къоман бакъдерг дан а дац аьлла, хетарш карабора кхузахь а. Эха сохьтехь еша таро йолчу докладана 15 минот бен ца йитира Асетна. Гулам д1ахьон профессор (господин Тишков) резавацара Нохчийчуьрчу дешарх долу бакъдерг довзийтарна. Бакъду, «Къилбаседа Кавказ даиманна а хилла Россин жовх1ар», – аьллачунна баркалла ала диц ца делира цунна. «Гулбеллачарна а, т1амна к1елхьара яханчу суна а юкъахь алсам башхаллаш яра, – дагалоьцу Асета юха а, – делахь а, кхечу мехкашкара – Чехера, Данера, Америкера баьхкинчу дакъалацархоша т1е а бог1уш: «Госпожа Вагапова, мы чувствуем вашу боль», – аларо со тешийра, сан коьрта 1алашо – Бакъдерг д1ахазийтар! – кхочушхиларх».
Дуккха а дийцира Асета яздархойх Сулейманов Ахьмадах, Сулаев Мохьмадах, Ахматова Раисех, Абдулаев Лечех, Бисултанов Аптех, Гайтукаева Банех, иштта кхечарех а лаьцна. Айдамирова Машаран «Алахьа, аганан илли, нана» ц1е йолчу книжкин чулацамах дерг а хьахийра: «Нагахь беламениг вайн къаношкара даьллехь а, диканиг цаьргахь алсам хиларна, и хьулдан деза вай, масал дикаллин хила деза», – тешна хиларца боху цо.
Нохчийн мотт а, иза безарш а, цуьнца гергарло дерш а кхиорна, ша цунна лерина къахьегарна цхьа чамда Сийлаллин грамоташ а, Хастаман кехаташ а, Къинхьегаман ветеран хиларан билгало а, 1974-чу шарахь дуьйна Федеративни Россин а, 1982-чу шарахь дуьйна СССР-н дешаран хьакъйолу белхахо хиларан къастам а, Дуьненаюкъарчу Совг1атийн палатин баркаллин билгало а, иштта кхин дуккха а совг1аташ ду Асетан. Царах цхьа дозалла а дина цо уьш ца гайтарал сов: «Сан мотт, сан дезар, сан дахаран къилба ас муха кхиийна, со цунна муха яьцна суначул дика а хиъна, хьан мах хадон беза цуьнан? Сан меттана хилча, муьлххачо а дендерг а, дуккхаммо а дешдерг бен дац ас динарг а», – боху ойла а къаьстара цуьнан къамелехь.
Цунна т1едоьг1на дара яздархочо Айдамирова Машара аьлларг а: «Асет тамашийна адам ду. Цо йоккхаеш дукха дуьйцур ду-кх хьуна дех-ненах, йиш-вешех, гергарчех, луларчех, дешархойх, хьехархойх, яздархойх. Амма оццул долчехь шех лаьцна дош эр дац. Массеран а дахарца яьхна, шена яхар ца нисделла…».
Х1ан-х1а, кхузахь ас мелла а кхечу аг1ор эр дара, массеран а дахарца яхарехь хилла Асетан дахаран коьрта некъ, цуьнца ирсе а хилла иза. Х1инца а ю. «Нанас куьг лаьцна дахаре доккху бер санна, нохчийн матте болчу безаман новкъа тхо даьхнарг ю Асет», – тоьшалла дира цунна г1алин 36-чу школан нохчийн меттан, литературин хьехархочо Батаева Альбикас. Иза иштта хилар гира стохка Нохчийн меттан денна леринчу даздарехь а. Сцени т1е кхайкхина Асет охьахаъалц, т1араш детташ, ирахь лаьттира зал чуьра хьехархой. «Цул доккха совг1ат сан хилла а дац!» – эххар а дог даьстира Асета.
Со кхийтира, вайх массарел а алсам ненан матте болчу безаман к1орге евза, цуьнан башхаллаш оьрсийн, европейцин, Малхбален баккхийчу яздархойн говзарийн чулацамашца юстуш, церан юкъарчу башхаллех вайн къоман литература йоьзна хиларх йоккхаеш, цуьнан исбаьхьаллин лакхенаш дешархошца, хьехархошца екъар шен декхар хетачу Асетан дог-ойланах.
Нохчийн маттах дерг девзаш а, и деза а хетаре терра, вайн Правительствос меттан хьокъехь кхоьллинчу комиссин цхьаъ бен йоцу зуда-декъашхо хаьржина иза. Асет евзарш тешна бу, цуьнан пох1ма а, хаарш а тоьар ду хьакъдоллучу аг1ор вайн маттана баха а, кхиа а аьттонаш карочу некъа т1ехь б1аьрла дакъа цуьнан хирг хиларх. «Нохчийн меттан а, литературин а коьртачу говзанчех ю тахана Асет».
Нохчийн меттан хьехархоша Батаева Альбикас, Хачукаева Кисас, Дамаева Имас, Дашаева Лайлас, Осмаева Фатимас, Альтемиров 1аьрбис, Бектамирова Асета, Магомадова Резедас, иштта кхечара а тоьшалла дора, Вагапова Асет шега къаьсттина лерам хила хьакъ болчу хьехархойх а, башхачу адамех а хилар. Нохчийчоьне къаьсттина болчу безамца, нохчийн халкъе болчу билггалчу лерамца, царна яцар шен дахаран коьрта некъ хеташ, уьш хьахочохь дозаллица корта лаккха айбечу амалца еха иза тахана а.
Дала аьтто бойла цуьнан а, шен къоман меттан дерг лаккхара хетачун массеран а.