Язык сайта

 

Язык сайта

 

Арбиев А. «Берсанов Хожа-Ахьмад волчохь хьошалг1ахь»

Хьере хилла, сихъелла йоьдучу заманахь дукхах долу адамаш дуьне лехарна тIаьхьадевлла, иманах, гIиллакх-оьздангаллах, къоман Iадатех, ламастех херадевлла хеталуш, дуьненахь хуьлучу хийцамашна тIаьхьакхиа гIерташ лелахь а, хазахета наггахь волчо мукъане а вайн къоман Iадатийн, гIиллакх-оьздангаллин верасалла деш. Халкъалахь олуш ду-кх: «ТIехь Iу воцу бажа хIаьжкIаш тIе бахана». И тайпа бежанел башха дийца хIумма дац адаман, я цо ша адам ду баха а ца оьшу, шегахь, сих-дегIах йоьлла вай лакхахь хьехийна адмаллин амалаш яцахь…

Адамалла вайна юккъехь яржош, гIиллакх-оьздангалла евзаш, езаш, ша иза цуьнан исбаьхьаллица лелош, тIекхуьучу кегийрхошка иза дIакхийдош болчарах ву вайна массарна а вевзаш, лоруш волу Россин Федерацин яздархойн Союзан декъашхо, Нохчийн Республикин культурин хакъволу белхахо, Iилманча Берсанов Хожа-Ахьмад.

Нохчийн къоман оьзда воI, яздархо, культура йовзархо, иза таллархо, нехан дов даьллачохь – маслаIат, чов хиллачохь – дарба хилла веха Хожа-Ахьмад шен дахарехь. Цо дуккха а шераш дIаделла Советан Iедал долчу луьрчу заманахь, нохчий нохчаллах буохуочу муьрехь, вайн къоман Iадаташ, ламасташ лардарехь, нохчашкахь гIиллакх-оьздангалла кхиорехь культурин министерствехь къахьегарна. Иза эрна а ца хилла, хIунда аьлча цунна хаьа ша дуьйцург бухболуш хилар, уггар хьалха иза шена тIера дIаволало, тIаккха нахана хьоьху цо бакъдерг а, хила дезарг а. Шена тIехь масал гойтуш хилча юкъараллин дог догIу ладогIа а, хезначух, гиначух пайдаэца а.

Вайн республикехь а, дозанал арахьа а Хожа-Ахьмад дика вевзаш а, лоруш а ву. Хетарехь, цхьа а хир вац цо лебечу оьздачу матто, хьоьхучу гIиллакхаша иман кхиорехь тIеIаткъам банза юьстах висна а, цуьнца гергарло доцуш, иза дукха ца везаш а. Цунна санна чохь садолчу а, садоцчу а Iаламан дахар девзаш вайн махкахь нах бу бохург а бакъдан хала ду.

Цхьа хIума-м хиъна суна: нохчалла, гIиллакх-оьздангалла, Iадаташ лоруш, уьш лардеш болу нах берриш а Хожа-Ахьмадана дукха безаш хилар а, цуьнан цаьрца гергарло хилар а. И дерриг а бакъдо 23-чу июнехь, оцу гергарчу нахах цхьаберш чукхайкхина, Хожа-Ахьмадара динчу хьошалло. Цхьа а сай-пайдий лехар а доцуш, вехаш я къен, Iедалан гIуллакххо я миска вахархо аьлла, бина харжам боцуш, шена амал тайначу, деган гергарло долчу, иманна, нохчаллина тIегIерташ болчу нахах дуьзнера Хожа-Ахьмада шайн керт-ков. Цо хьошалгIа кхайкхинчарна юккъехь бара вайн Республикехь бевзаш, лоруш болу нах: филологин 1илманийн доктор, профессор Тимаев Ваха, яздархо, «Хьехархо» газетан коьрта редактор Цуруев Шарип, РФ юкъарчу дешаран сийлахь белхахо Альтемиров Iарби, цуьнан ваша Муслим, Валарг тIера Дильмахин кIентан кIант Мохьмад… кхечу районашкара а тIехь цуьнан цIийнан, гергара нах а – Мохьмад, Султан, Адам.

Iуьйрре, йиллинчу хенахь 10 сахьт долуш схьагулбелира хьеший. Кхайкхинарш шортта белахь а, цхьаберш цхьацца тезеташ, сингаттамаш бовлар бахьана долуш а, вуьш дахаран сихаллехь шайна тIедехкина декхарш кхочуш дарехь аьтто ца болуш бисира бахказа. Делахь а, ша хьалха хIоттийнчу Iалашоне, шена дагахь дерг кхочушдаре кхечира хIусамда...

Шайн хIусамера хьаша-да ца хедачу Хожа-Ахьмадан хIусамнанас Амната а, доьзало а ларамца тIеийцира рогIера хьеший а, лелийра вайн къомана юккъехь бIешерашкахь лаьттина долу хьошалла…

Нохчийн кхерч, доьзал, доьзалера юкъаметтигаш муха хила еза масал гора церан кех чоьхьаваьлчхьана а. Кхин хIун оьшу стагана дахарехь, стенна оьшу тIекIел йина гIаланаш?! Царал тоьлу иманах, гIиллакх-оьздангаллах, Iадатех йоьттина лаппагIа а. Иза бу-кх бахам: иман, собар, барт, марзо, гIиллакх, ларам…

Ирс долуш, Дала дика дина стаг ву Берсанов Хожа-Ахьмад шен махкаца, халкъаца цхьаьна вахарна а, къоман оьздангаллица, дайша сийдеш лардинчу ламасташца, Iадаташца са деIарна а. Ткъа уггаре а доккха ирс ду барт болуш, иманехь йолчу хIусамнанас Амната кхерчахь йовхо латтош, ша санна иманехь кхиийнчу доьзалах воккхавеш, могуш-маьрша а волуш, нахана масала хила цуьнан вахар.

Шен ирс нахаца доькъуш, гIиллакх-оьздангалла, Iадаташ, ламасташ, гонахара Iалам довзуьйтуш, Хожа-Ахьмада язйина арахецна ткъе шиъ книга.

Вежарий, вайна мел хетахь а, вайн къа дац шуна, и тайпа къонахий вайна юккъехь мел бу, церан хьехамех вай пайда мел оьцу. Амма уьш боцуш вай дисахь, тIаккха вайн къам муха хир ду техьа, олий, ойла-м кхоллало сан а.

Теша лаьар-кха, Берсанов Хожа-Ахьмад могуш-маьрша а волуш Дала дуккха а шерашкахь вахавийриг хиларх а, иза санна болу, вайн къоман дозалла, къоман Iадатийн, оьздангаллин шайн дахарехь верасаш хилла лаьтта болчу къонахийн доь девриг цахиларх а.

Дала дукха вахавойла хьо, Хожа-Ахьмад! Дала могушалла а лойла хьуна кхин дуккха а шерашкахь!