Вайн республикехь уггаре а хазаниг юй те аьллачу, Iаламо кхелинчу меттехь Iуьллу Туберкулезна профилактика яран берийн санатори. Масех шарахь леррина гIишлошъяран белхаш бинчул тIаьхьа стохка схьайиллина ю иза. Гобаьккхина лаьттачу лаьмнашна юккъехь ю хIара дарбанийн учреждени. Кхунна юххехь ЧIишка цIе йолу юрт лаьтта, изза цIе лелош хIара санатори а ю. Хьалха, советан заманахь а, яра кхузахь берашна лерина санатори. Вайн республикера хилла ца Iаш, кхечу регионашкара а балабора кхуза кегий лазархой. Амма цу хенахь хилларг, доь доцуш, йохийна дIаяьллера Нохчийчохь 15-20 шо хьалха тIемаш хиллачу муьрехь. Цу заманахь кхийолу, ца хилча йиш йоцу учрежденеш санна, йохийна дIаяьккхира кхузарниг а. Амма, Делан къинхетамца, Нохчийн Республикехь меттахIитторан белхаш дIабуьйлабелча, Iедало шен коьртачу тидаме оьцург вайн регионехь школаш а, берашна дарбанаш лелоран учрежденеш а, берийн бошмаш а меттахIиттор а, керланаш яр а дара. Иштта федеральни а, республикин а Iалашонийн программашца догIуш, хьалха хиллачохь берашна лерина керла санатори ян йолийра ЧIишкана уллехь. Стохка белхаш кхиамца дIа а бирзина. Керла санатори ян йолийчхьана а кхузахь коьрта лор ю Идалова Луиса. Астрахански пачхьалкхан медицински институт а яьккхина, Нохчийн Республике 1991-чу шарахь цIа еана иза. Цуьнан говзалла берийн лор-фтизиатр ю.
– Со гуттар а яра лор хила лууш, берашна дарбанаш лелон говзалла караерзо къаьсттина лиънера суна. Дала сан цу тIехь аьтто бира. Хьалха кхузахь хиллачу санаторехь сан дас а, нанас а болх бина. ХIан-хIа, уьш лоьраш ца хилла (сан хаттарна жоп луш боху цо), амма царна безара шайн болх, цуьнан боккха ларам а бора цара. Кху меттигца сан дуккха хIума ду доьзна, со кхузахь кхиъна ю. ХIинца санаторин коьрта лор хилча, сан декхар ду кхузахь болх дика дIахIотто а, кхиамца иза дIабахьа а, – боху Луисас. Ша куьйгалла деш йолу санатори вайнзаманахьлера дарбалелоран учреждени ю, дуьйцу коьртачу лоьро. ХIара цхьаьний 300 бер тIеэца йиш йолуш ю, тахана кхузахь могашалла тоеш 90 бер ду. ДIадаханчу шеран 10-чу декабрехь дуьххьарлера тоба тIеэцна санаторехь. Кхуза бераш республикин тубдиспансерехь дарба лелийначул тIаьхьа реабилитаци ян далош ду, уьш цамгарх хьалхадевлла, шайгара а я шайна а кхерам боцуш ду, боху Луисас. Цул сов, нагахь доьзалехь туберкулез цамгар кхетта стаг велахь, цигара бер а даладо, лоьрийн сацамца, кхузахь профилактика ян. Хазачу меттехь, Iаламо а тIехь могашалла тоечохь масех бутт а боккхий, дарба хуьлий, цIа доьлху кхуза даьхкина бераш. Санаторехь йоккху хан дешарна юкъара ца довлуш дIахьо цара, цунна лерина шакъаьстийначу корпуса чохь школа ю. Массо а предметана оьшу хьехархой а бу, кхеташ-кхиоран болх бен кхиорхой а бу. Дарбалелоран-диагностически корпус а, бераш чохь дIадуьйшу корпусаш а ю кхузахь. Шишша берана лерина ю чоьнаш, шакъаьстина ванна а, санузел а йолуш. Дийнахь пхоьазза яахIума ло берашна. ХIоранна шена-шена къастийна дарба леладо, хIунда аьлча туберкулезана профилактика ярал сов, кхечу цамгаршна а диагностика а йина, дарбанаш лело дезаш хуьлу. Масала, цергашна, дегIан меженашна, кийрарчу лазаршна. Физиопроцедураш а, массаж а йо царна, нагахь дарба лелочу лоьро уьш язйина елахь. Берриге а оьшуш болу говзанчаш кхузахь болуш бу, санаторера ара а даьхна, бераш консультацешка я лабораторешка дига ца оьшу. Иштта, берийн мукъа хан а дика вовшахтоьхна хуьлу: церан самукъадолу ловзарш, телевизоре хьажар, арахь цIеначу хIаваэхь лелар, суьрташ дахкар, музыке ладогIар, кхоллараллин белхан занятеш яр – и дерриге а дIахьош хьехархой-кхиорхой бу. Дай-наной реза бу санаторехь шайн бераш лелорна а, царна дечу дарбанашна а, уьш дешарна юкъара ца бовлуш, схьабогIуш хиларна а. Доьзалера цкъа а арадалаза бер а ма даладо кхуза. Уьш юьхьанца сагатдеш хуьлу, амма, кестта кхузахь керла доттагIаллаш а тийсалой, вовшашна гIо а деш, доьшуш а, ловзуш а цхьаьний Iа. Берийн могашалла ларъярна боккха тидам тIебохуьйту вайн республикин куьйгалло. Иза дуккха а масалш тIехь гуш ду. Кадыров Рамзана, шен тергоне а оьцуш, чолхе операцеш ян Москва а, кхечу яккхийчу гIаланашка а кегий бераш дигийтина. ЗаьIап берашна оьшуш дерг дерриге а деш ду, царна лерина Къилбаседа Кавказехь уггаре а йоккханиг реабилитационни марказ йина, медтехника, оьшу молханаш деана. Ишттачу масалех цхьаъ ду Туберкулезана профилактика яран берийн ЧIишкара санатори. Вайна Нохчийчуьра бераш могаш хила лаьа, цуьнан дуьхьа вай ницкъ кхоор бац. ХIунда аьлча бераш – иза вайн халкъан а, мехкан а кхане ю. Уьш могаш а, ирсе а хилча, и кхане дика хир ю.