«Дукха хан яра со берийн библиотекехь хилаза. Ма тамашийна дуьне дара хьо сан бераллин хенахь, хьо гуттар а шена тIевоьхуш, инзаречу туьйране кхойкхуш санна…», – иштта ойла кхоллаелира сан, Шеларчу к1оштан берийн библиотеки чуволуш.
Кху чохь чIогIа хаза ду: терхеш тIехь шортта книгаш, суьрташ, гайтаман гIирсаш. Библиотекин белхахоша тIекараллица тIеоьцу со. Тхан довзар хуьлу: кху библиотекин заведующи Зангаева Зиний, коьрта библиотекарь Муслиева Раисий ю суна хьошалла дийриг.
Библиотекин балхах лаьцна къамел хуьлу тхан. Заведующис дийцарехь, Шелахь берийн библиотека 1955-чу шарахь схьайиллина. Дуккха а шерашкахь кхуьуш, киншканийн фонд алсамйолуш, ешархой тIекхеташ, схьаеана ю библиотека.
Вайн республикехь тIеман хьал хIоттале 31 эзар киншка яра шайн фондехь, дуьйцу Зинас. Амма тIеман цIаро доккха зен дира библиотекина: дукха книгаш, яьгна, дIасакхехьна, хIаллакьхилира. Йиснарш вовшахтоьхна, чудаха хIусам нисйина, юха а болх дIаболийра берийн библиотекин белхахоша.
«Тахана тхан фондехь 10 эзар сов киншка ю, 1050 ешархо а ву, библиотеке дIа а язвелла, литературах пайда оьцуш. Гайтамаш вон бац, амма кхин а киншканаш тIехилча, дика хир дара», – боху Зинас.
Ас хотту, муьлхачу авторийн говзарш йоьшу хIинца бераша. Дукха хьолахь, хьалха санна, Чуковский Корнейн, Барто Агниян, Носов Николайн, Маршак Самуилан киншканаш йоьшу кегийчара, 10-14 шо долчара Купер Фениморан, Рид Майнан, Конон-Дойль Артуран, Грин Александран говзарш йоьшу.
«Ткъа нохчийн авторшца муха ду гIуллакх?» – олий, хотту ас.
«Нохчийн литература къаьсттина дукха йоьшу тхан ешархоша. Цу тIехь цхьа а латкъамаш бац тхан. Айдамиров Абузаран, Махмаев Жамалдин, Гайсултанов Iумаран, дуккха а кхечеран киншканаш хотту бераша», – дуьйцу Зинас.
Цо суна цхьа терхи гойту, цу тIехь ерриш а нохчийн авторийн киншканаш ю. Берашна къаьсттина дукхадеза «СтелаIад» журнал, иза массара а хоттуш ду. Амма и журнал а, берашна лерина кхин литература а библиотекашка кхачаран гIуллакх чIогIа ледара ду. Сел оьшуш долчу журналашна а, газеташна а подписка ян таро ца хуьлу библиотекарийн.
Кест-кеста киншканийн гайтамаш вовшахтухуш, авторш кхойкхий, ешархошца конференцеш еш, гIуллакхаш до кху библиотекин белхахоша. Берашца леррина болх беш ю коьрта библиотекарь Муслиева Раиса. Ша ешархочуьнгара хийца еана киншка схьаоьцуш, къамелдо цо киншкин чулацамах а, авторх а лоций, керла киншка харжа гIо до.
Шаьш долчохь бераша шайн куьйга цхьацца хIуманаш еш кружок ю, бохуш дуьйцу Зинас. Цара хьехархойн гIоьнца дина гIургIезан сурт, Республикански керла библиотека схьайоьллуш, гIала даьхьнера. Цига баьхкина Iедалера нах а, хьеший а баккхийбеш бара берийн говзаллах.
Иштта хьанал къахьоьгуш, шайн декхарш цIена кхочушдеш бу Шеларчу берийн библиотекин белхахой. Оьшуш а, мехала а гIуллакх ду цара дийриг: киншкане марзо кхоллар. Ткъа киншкано, хьекъал даларал сов, Даймахке, халкъе болу безам чIагIбо, дахарехь шен некъ харжа Iамаво.