Язык сайта

 

Язык сайта

 

Арсанукаев М. «Иза дика ду»

Генарчу мехкан цхьана паччахьан беран хенахь дуьйна цуьнца хьалакхиъна доттагI хилла. Цу доттагIчун Iедал хилла, муьлхха а хIума хилча, дика я вуон иза делахь а, цхьа хIума олуш:

«Иза дика ду!»

Цхьана дийнахь паччахь, шен доттагI а, дуккха а ялхой а эцна, талла вахана. ДоттагIчо, ишттачу меттиге шаьш нисделча, юла а юлуш, кхуьнга топ дIакховдош хилла. Мухха делахь а, цу дийнахь, топ юлуш, цхьаъ галдаьлла доттагIчун. Паччахьо, схьа а эцна, топ кхоьссича, цуьнан куьйган боккха пIелг баьккхина тоьпо.

ГIуллакх толлуш, тоьпе а, паччахьан куьйге а хьаьжна:

«Иза дика ду», – аьлла доттагIчо.

«ХIан-хIа, иза дика дац!» – аьлла, оьгIазваханчу паччахьо шен доттагI набахти чу воллийтина.

Цхьа шо гергга хан дIаяьлла цул тIаьхьа. Паччахь юха а талла вахана. Мичара бевли ца хууш, гучубевллачу акхачу наха паччахь а, цуьнан нах а йийсаре бигна.

ХIара гIуллакх Африкехь хилла, ткъа ширачу акхачу наха шайна каравеанарг вууш хилла цу хенахь.

Иштта, паччахь цхьана бIогIамах дIа а вихкина, цIе а латийна, вен кечбелла хилла каннибалаш (адамаш дуу нах).

Улло баьхкинчу царна гина паччахьан куьйга тIехь боккха пIелг цахилар. Шайн Iедалехь (уьш тIулгашна а, дечигашна а хьалха гора а хIуьтттуш, царна Iамалъеш хилла) тIехь сакхт долу хIума я адам дууш ца хилла цара. ДIа а ваьстина, паччахь дIавахийтина каннибалаша.

Ша цIа веача, цунна дагадеана шен пIелг дIа муха баьккхира. Цо шен доттагI набахти чуьра схьавалавайтина.

– Хьо бакъ вара, – аьлла паччахьо, – сан пIелг баккхар дика гIуллакх хилла.

Цо дийцина доттагIчунна шена хилларг.

– Со дохковаьлла айса хьо набахти чу волларна, ас динарг вуон хIума дара.

– ХIан-хIа, – аьлла доттагIчо, – иза дика ду!

– Ахь хIун дуьйцу? Дика муха хуьлу, ас сайн доттагI дийнна шарахь набахтехь валлийча?

– Со набахтехь ца хиллехь, хьоьца талла вахана хир ма вара.