Аьчкан некъан Николаевски вокзалехь цхьаьнакхийтира ши доттагI: цхьаъ – стомманиг, важа – вуткъаниг.
Стоммачо вокзалехь хIинцца делкъейинера, даьттано хьандина цуьнан балдаш, къегара.
Цунах дезачу чагIаран хьожа етталора. Ткъа вуткъаниг хIинцца охьавоьссинера вагона чуьpa, цуьнгахь чамданаш а, шеддаш а бара. Цунах кофен а, дакъийначу жижиган а хьожа йогIура. Цуьнан букъа тIexь apaсхьа хьоьжура еха чIениг йолу оза зуда – цуьнан xIycaмнaнa а, лекха, цхьа бIаьрг хабийна гимназист а – цуьнан кIaнт.
– Порфирий! – воккхаверан мохь белира стоммачун, вуткъаниг гича.
– Хьовуй xIapa? Сан хьомсарниг! Ма дукха шераш дар-кхаганза!
– Сан Дела! – цецвелира вуткъаниг.
– Миша! Бераллин доттагI! Хьо мичара вели?
ДоттагIий кхузза мар-маракхийтира, тIaккxa шайн хих буьзна бIаьргаш вовшашна тIеттIа хьажийра. Ший а хазахетарна воьхнера.
– Сан хьомсарниг, – дIаволавелира вуткъаниг.
– Мадагахь а дацара! ХIapa цамоьттург! ХIай, соьга дика схьахьажахьа! Хьалха махиллара, товш стаг ву-кх хIинца а! Хьалха махиллара, куьце а, тамехь кечвелла а! TIaккxa, муха ву хьо? Хьал долуш вуй? Зуда ялийний?Со, хьуна ма-гарра, зуда ялийна ву...
XIapa сан зуда Луиза ю, Ванцен бахера... лютеранка... ткъа иза – Нафанаил, сан кIaнт, кхоалгIачу классан дешархо. Нафаня, xIapa сан бераллин доттагI ву! Гимназехь цхьаьна дешна оха.
Нафанаила, жимма ойла а йина, шен коьртара куй дIабаьккхира.
– Гимназехь цхьаьна доьшуш вара, – кхидIа а дуьйцура вуткъачо.
– ДагадогIий хьуна, оха хьо муха хьийза вора? Хьо, Герострат бохуш, хьийза вора, ахь, папироса Iуьттуш, пачхьалкхан книжка ягаярна. Ткъа сох Эфиальт олура, со моттто хардезаш хиларна. Хьа-хьа... бераш дар-кха! Макхера, Нафаня! Юххе тIегIo цунна... ткъа xIapa сан зуда ю, Ванценбахера... лютеранка. Нафанаил, жимма ойла а йина, ден букъа тIexьa дIалечкъира.
– TIaккxa, муха вехаш ву хьо, доттагI? – хаьттира стоммачо, воккхаверца доттагIчуьнга а хьоьжуш, – болх мичахь беш ву? Даржехь хьала ваьллий?
– Балхахь ву, сан хьомсарниг! ШолгIа шо ду коллежски асессор волу, Станислав – мидал а елла. Алап а ледара ду... И-м Далла дика хуур дара! Зуда музыкин урокаш хьоьхуш ю, ткъа ас дечигах порт сигараш йо. ТIехдика портсигараш! Цхьаннах сом а доккхуш, юхку. Нагахь цхьамма итт я цул сов оьцуш хилахь, хьо хьуо а кхета-кх, механа охьа а волу. Халий, аттий хене довлу-кх. Департаментехь болх беш вара, ткъа хIинца кхуза сехьа ваьккхина, кехаташ яздеш ву оццу ведомствехь... кхузахь болх бийр бу. Ткъа хьо муха ву? Штатехь белхало ву? XIa?
– XIa-хIа, сан хьомсарниг, лакхо-о айалахь, – элирастоммачо. – Со лаккхарчу штатехь ву... шиъ седа а белла.
Вуткъачун юьхьтIepa бос байнера, шаволччохь лацавелира, амма дукха цаIаш цуьнан бат шуьйрачу велакъажарехь массо а aгIop дIасаяхара; хеталора, цуьнан юьхьтIepa а, бIаьргаштIepa а суйнаш Iенаш санна. Иза шахебира, кхитIe а вуткъавелира, букъ сеттира... цуьнан чамданаш а, шеддаш а, гIутакхаш а хебаршка яхара, хебира... Цуьнан зудчун еха чIениг кхитIe а яхъелира;
Нафанаила, шаволччохь вула а луш, шен мундиран ерриген нуьйдарчий дIатийсира...
– Со, хьанлокхалла... ЧIогIа хазахета! Бераллин доттагI, ала мегар ду... ЦIеххьан иштта воккха хьаькам а хилла! Кхи-кхи-кхиъ!
– XIa, тоьарду!, – юьхь хабийра стоммачо. – Стенна оьшу и къамел? Вайшиъ берахь дуьйна ши доттагI ву – тIaккxa стенна оьшу даржана хьалха oxьaтeIa!
– Собардехьа... Хьо хиларна..., – велар лелхаш, кхитIe а хебира вуткъаниг. – Хьан локхаллин къинхетаме тидам… ГIора доуьйту хи санна… XIapaверг, хьан локхалла, сан кIaнт Нафанаил ву… зуда Луиза, лютеранка, кхечу кепара...
Стомманиг дуьхьал цхьаъ ала лууш хилира, амма вуткъачун юьхь тIexь оццул сийдар, мерзалла, лераме муьсталла а гина, лаккхарчу штатан хьаькаман дог керчира. Цо, дIа а вирзина, вуткъачуьнга, цуьнан Iодикаеш, куьг кховдийра. Вуткъачо цуьнан кхопIелг схьалецира, дерриге дегIаца цунна хьалха охьатаьIира, китайхосанна: «Хи-хи-хи» – аьлла, велар а оьккхуьйтуш. Зуда елакъежира. Нафанаила когаца чхашт дира, хурашка охьа а йожош.
Уьш кхоъ тамехь инзар бевллера.