1909-чу шеран 10-чу декабрехь Нажи-Юьртан кIоштара Чуьрч-Ирзе юьртахь дуьнен тIе ваьлла нохчийн гIараваьлла поэт, прозаик, драматург, гочдархо, Iилманча, вуьшта аьлча, похIма долу стаг Гадаев Мохьмад-Салахь.
Ша схьаваьллачу юьртах, цигарчу Iаламах лаьцна иштта яздо цо шен «Буьйсанан бере» цIе йолчу поэми тIехь:
«Со вина борз угIучу ламанан
Iин чохь,
Эндаже лечарчий, ижунна дуьйлуш,
Суьйренца хьийзачохь, буьрса
аз кхуьйлуш;
Вина чIу ца баллал луьстачу
хьуьн чохь,
Лаьттан тхов тиллинчу тишчу тхайн
буьн чохь –
Дада сайн ваьхначохь, къаьхьа
кад муьйлуш…»
XX-чу бIешеран 30-чу шерашкахь евзира Гадаев Мохьмад-Салахьан цIе нохчийн литературехь. Дагахь а доцуш, цIеххьана, амма шех тоьшуьйтуш, кхиъна ваьлла поэт волуш веара иза вайн литературе.
Нохчийн поэзин жовхIарех цхьаъ лара йогIуш йолу шен «Йисита» стихотворени хIетахь язйинера поэта. 1939-1940 шерашкахь зорбанера араевлира цуьнан поэзин а, гочдарийн а гуларш. Хууш ду, цо дуьххьара нохчийн матте СССР-н гимн а яьккхинийла.
Оцу муьрехь дукха а, кхиамца а къахьоьгура Гадаев Мохьмад-Салахьа оьрсийн а, советски а яздархойн произведенеш нохчийн матте гочъярехь. Гадаев Мохьмад-Салахьан «Стихаш» цIе йолу гулар 1940-гIа араяьлла. Оцу шерашкахь цо зорбане кечйина хилла стихийн, поэмийн, прозин а «Довха дог», «Безаман лирика», «ТIаьххьарлера безам», «Партизанаш», «Попан дийцар» киншкаш куьйгайозанехь йисира. Иштта Гадаевс язйинера «ЧIир екхар а, чIирхо витар а» киншка. Цунна юкъадаханчу ширачу хабарша, туьйранаша, баснеша, притчаша гойтура хIетахь литературе веана волу Гадаев Мохьмад-Салахь кхоллараллин лехамийн шорто йолуш яздархо хилар.
Билггал хууш дац ГадаевгIеран доьзал Гезлой-эвла дIа маца кхелхина. 1913-гIа я 1924-гIа шо олий, къовсамаш а хуьлу. Амма, билггал шолгIа терахь нийса хир ду бохург бакъдолчунна дуккха а герга ду, хIунда аьлча диъ-пхиъ шо кхаьчначу берана дагадогIур дац Чуьрч-Ирзера Iалам, иштта кIорга иза цуьнан иэсехь соцур а дац. Цигахь ворхIшеран школа чекхъяьккхина Мохьмад-Салахьа. Цигара дIавахана иза Ростов-гIалара рабфаке (рабочий факультете) деша. Цигахь доьшуш волчу шерашкахь бевза цунна дуьххьара философин белхаш, иштта Кантан а, Лапласан а космогонихула хетарш-гипотезаш а. Оцу шиннан белхаш Iамош, царна тIехь талламаш беш, волало иза шен Iилманан белхаш язбан а.
Нохчийн халкъ махках даккхале цо дуккха а меттигашкахь белхаш бина.
Рабфак чекхъяьккхинчул тIаьхьа, дика хаарш долу дешархо хиларна, Ростов-гIалин крайисполкаман аппаратехь балхахь сацийра иза, амма, хIинца вайна хууш доцчу бахьанашна, цхьа хан яьллачул тIаьхьа Нохчийчу цIа вирзина.
Цигара цIавеъча ишколан директоран болх бо цо (схьахетарехь, Аух-юьртахь (хIинца Дег1астанера Новолакск). Нажи-Юьртан райисполкоман жоьпаллин секретаран, тIаккха оццу кIоштан лаьттан декъан куьйгалхочун даржехь а хуьлу, Нохч-ГIалгIайн историн, меттан, литературин а Iилманан-талламийн институтехь Iилманан белхалочун болх а бо. ХIетахь шен дерриге дахар литературиний, Iилманний дIадала дагахь хиллачу Гадаев Мохьмад-Салахьна доьгIна ца хиллера, дерриге нохчийн халкъана санна, шен махкахь ваха. Халкъан мостагIчун иэхье цIе тиллина волу иза ГIиргIазойчу дIавигира. Оцу тIех хала даьхкинчу шерашкахь набахти чу воьллира иза дуьххьара.
Оьмаро шена еллачу 63 шеран 30 шо гергга хан набахтешкаххьий, ссылкехь а яьккхина Гадаев Мохьмад-Салахьа. Мохьмад-Салахьан кехаташа гойту иза, амнисти хилар бахьанехь, I953-чу шарахь набахтера мукъаваькхина хилар а.
Дукха хан йоццуш схьакарийна набахтехь волуш Гадаев Мохьмад-Салахьа язйинчу стихийн кхин а цхьа тетрадь. Цу тIехь ю цуьнан уггаре а тоьллачех йолчех цхьаъ «ЦIен-Берд» цIе ерг а, цунна коьрте диллина терахь а ду – 1949 шо. Гадаевн и могIанаш а ду цуьнан весетах цхьаъ. Амма шена деккъа цIена цхьаъ бен дехац цо: шен каш а, чурт а хьомечу юьртахь – Чуьрч-Ирзехь хила лаар. Ткъа дисина могIанаш дерриге а шел тIаьхьа буьсучаьрга, тIаьхьенашка, церан кIорггера гIайгIаярца яздина ду:
«Iожалло Iехаво, оьций дIахьой,
Ял йоцуш вирзинарг лар йоцуш вов,
Уьйрашна вицвелчахь, Далла а
вицлой,
Базло, бах, лахьти чохь
упханан тхов…
… Дог мерза гул а лой, ЦIен-Берде
гIой,
Дегнийн хьу ясталаш бIаьста-
гурахь…»
1956-чу шарахь Сибрехара уггаре хьалха цIабирзинчех вара Гадаев Мохьмад-Салахь. ХIетахь Iаламат дукха дара цо кхочушдан дагалаьцнарш. Жигара дакъалоцура цо вайн республика юхаметтахIотторехь. Цуьнца цхьаьна язйора шен керла говзарш, дуккха шерашкахь зорбане яха йиш йоцуш Iаьхкинарш арахеца кечйора. 1957-чу шарахь 3-чу классан дешархошна лерина «Дешаран киншка» кечйира Гадаевс, оцу шерашкахь нохчийн меттан Iамат а х1оттийра. Иштта, оцу муьрехь нохчийн мотт таллархочуьнца Чентиева Марьямца цхьаьна «Нохчийн меттан нийсаяздаран дошам» кхоьллира цо, амма цунна зорба ца туьйхира.
Гадаев Мохьмад-Салахь тIаьххьара набахти чу воьллира 1957-чу шарахь.
ТIаьххьара иза чувоьллинчу буса «Ленинан некъ» газето зорбатухуш хилла «Буьйсанан бере» поэмин дакъа а дешархошна ца девзира – иза а доцуш араделира Iуьйрана газета. Оццу бахьанина и поэма язъянза а йисира.
Гадаев Мохьмад-Салахь нохчийн халкъана мел чIогIа оьшуш ву бохучух кхеташ, цунна орцахъелира нохчийн къоман интеллигенци, хIетахь Н-ГI-н АССР-н яздархойн Союзан председатель волу Арсанов СаьIид-Бей коьртехь а волуш. Нохчийн литературехь Гадаев Мохьмада лелочун доккха маьIна а довзуьйтуш, цара суьдахошка дийхира, тоьпаш тоха дIакхайкхийна кхиэл муьлхха а кхечуьнца хийцахьара аьлла. И дIахьедар тидаме а эцна, СССР-н Лаккхарчу суьдо Гадаев Мохьмад-Салахь виэн кхайкхийна кхиэл ткъе пхи шо набахтехь яккха тохарца хийцира. Цул тIаьхьа и хан лахйира пхийтта шаре кхаччалц.
Кхоллараллин шолгIачу муьрехь язбира Гадаев Мохьмад-Салахьа нохчийн меттан Iилманан белхаш. Амма уьш куьйгайозанашкахь бисина.
ДIадаханчу бIешеран 80-гIа шераш чекхдовлучу хенахь бен зорбанехь арахеца ца йолийра Гадаев Мохьмад-Салахьан цIарах цуьнан говзарш. «Даймахке сатийсар» цIе йолу стихотворени дуьххьара зорбатуьйхира Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан «За кадры» газет тIехь. ХIетахь дуьйна цуьнан говзарш араюьйлу «Ленинан некъ», «Комсомольское племя», кIоштийн а газеташ тIехь, «Орга» альманахехь а. Иштта I993-чу шарахь арахоьцу «Буьйсанан бере» цIе а йолуш Гадаевн гулар а. Цуьнан кхолларалла Iамо йолийра школашкахь а, университетехь а.
Ша набахтера мукъаваьллачул тIаьхьа эха шарахь бен ца вехира Гадаев Мохьмад-Салахь. 1972-чу шарахь ша винчу Чуьрч-Ирзехь кхелхира иза. Цигахь ду цуьнан каш а, чурт а, цунна ма-лаъара, цо са ма-тийссара:
«Цигахь диънера ас бераллин той,
Цигахь лиънера сайн чурт а, дагахь.
Пепнаш кIел тIулг богIий, гонаха
берд хьой,
Безамна бIарлагIа елаш цигахь.»
Халахета иза тахана вайца воцуш, иштта боккха дагахьбалам бу цунна ша дийна а волуш шен гулар зорбатоьхна ца гар а. Делахь а, вай тешна ду, Гадаев Мохьмад-Салахь гуттаренна а вуьсур ву нохчийн халкъан иэсехь, шен къоман санна, бохаме, декъаза кхоллам язбелла стаг санна, шен халкъан, Даймехкан бакъволу патриот, похIма долу поэт, Iилманча санна а.