Язык сайта

 

Язык сайта

 

Дикаева Я: «Илли ала лаам сан цкъа а кхачалур бац»

Муьлххачу а къоман дахарехь йоккха меттиг д1алоцуш ю культура.

Ткъа цу культуран х1оттаман дакъа хилла д1ах1оьттина адамийн кхолларалла. Кхолларалин шатайпа хилар ду цуьнан хьаьрмехь боккъалла а пох1ма долчу наха бен къа ца хьегар. Нохчийн культурана а, кхоллараллина а шен дахаран дуккха а шераш д1аделла ву массарна а вевзаш, везаш волу иллиалархо, композитор, Нохч-Г1алг1айн Республикан хьакъволу артист Усманов 1имран.

1имран вина 1953-чу шарахь. Бераллехь 1имрана жигара дакъа лоцура ишколан культурни дахарехь. Цуо чекхьяьккхина Ростов г1алара Музыкальни-хьехархойн институтан вокальни отделени. Х1ара т1аьххьара ткъе итт шо сов ду цуьнан исбаьхьа хазчу иллеша вайн къоман лерса хьоьсту. Таханлерачу дийнахь 1имранан кхолларалла ца евзаш, цунна баркала а бахаза стаг каро хала хир дара нохчашна юкъахь…

Цундела тхо тешна ду, «Хьехархо» газетан дешархоша хазахетарца т1елоцур ду 1имранца тхан хилла къамел.

- 1имран, хьуна цхьана эшшара а хета мега х1ара хаттар, х1унда аьлча дуьххьара луш хир дац хьоьга иза. Х1етте а, айхьа дуьххьара кхоллараллехь яьккхинчу г1улчах лаьцна дийцахьа.

- Илли ала а, кхоллараллин некъ д1аболо а со дагахь школехь доьшучу заманахь дуьйна вара. Сайна дуьххьара илли хазделча, цу иллин исбаьхьалла, цуьнан хазна, цуо доккхуш долу самукъа, цуо оьцуш долу дог, цуо луш болу кхетам хиъча, суна дагатосура – делахь, суна хуурдарий-теша ишта нах т1е а берзош, цаьрга ойла а йойтуш илли ала. Жима велахь а, к1оргера чулацам болу илли бен суна хаз а ца лора. Суна хаьара, и болх атта болх боций. Х1етте а суна ч1ог1а лаьара илли ала. Тхан доьзалехь кхиъна бу сан кхолларалле болу безам. Х1унда аьлча, тхан дена ч1ог1а хазахетара пондаран аз а, эшарш а. Деккъа нохчийн иллешка ладоьг1на ца 1ара иза. Дозанал арахьарчу иллиалархойн пластинкаш хуьлура тхан ц1ахь. Масала, Робертин Лоретти а, кхиберш а. Оцу музыко т1еверзийра со кхоллараллина а, иллешна а. Ткъа байт язъяр, цу байта юкъахь адаман васт кхоллар, и пох1ма суна тхайн дешичера Гадаев Мохьмад-Селахьера, Дала гечдойла цунна, схьадеана ду. Суна ч1ог1а дукхавезара и. Ас хазахетарца т1елоцура цуьнгара тхан дега кхаьчна кехат, х1унда аьлча иза чуволлалехь кест-кеста вог1ура иза. Цуо даима соьга журналистан болх харжа олура. Сан ч1ог1а оза безам бара цуьнга, цуо язъйинчу байтех ас бераллехь дозалла дора. Цуьнан цхьацца йолчу, философски т1е1аткъам болчу байтех со воккхахилча бен кхетта а вац. 1972-чу шарахь иза вайх д1акъаьстинчу заманахь, со эскарехь г1уллакх деш вара. Суна вуно ч1ог1а новкъа деанера цуьнгара сайна хезна т1аьххьара хьехам боцуш, и сох д1акъастар. И хаам бохьуш соьга дог1учу кехатца, тхан дас соьга яийтинера цуьнан «Дарта» ц1е йолу байт. Ткъа, кхано, со ц1авеъча, ас цунна мукъам а баьккхира. Поэзе сан цкъа а кхачалур боцу безам Мохьмад-Селахь Гадаевс бахийтина бу.

- Жималлехь хьуна мила хила лаьара? Муьлха корматалла яра хьан даго къобалъеш?

- Х1оккху хаттарна ас делла жоп тамашийна а хета мега дешархошна. Жималлехь суна хьехархо хила лаьара. Бакъду, оцу корматалле бацара сан безам. Нагахь сайна хьехархоша «шиъ» диллича, ас х1оразза а оьг1аз а воьдий, сацамбора – Дала мукъалахь, воккхахилча сох хьехархо хир ма ву, олий. Т1аккха-м дешархошна сайна лууш долу оценка дуьллур ду хьуна ас дневникана т1е. Хуьлийла и «шиъ», я «пхиъ», ойлайора ас. Амма кхано, со кхийтира церан болх ч1ог1а хала хиларх. Цундела со таханлерачу дийнахь х1умма а дохко ваьлла вац айса и корматалла ца харжарна. Х1етте а атта хеташ бешхир бац и хьехархоша. Х1ора стеган шен-шенойла а хуьлу, шен-шенхьуьнар а хуьлу, ткъа цаьрга хьаьжжина цуо шена дахарехь некъ а хоржу. Цундела ас Далла хастам а бо х1ара пох1ма цуо суна даларна а, х1унда аьлча ас бен болх уггар хьалха нехан самукъа доккхуш болх бу, наха баркалла олу болх бу.

- Айхьа дуьххьара д1ааьлла илли я язйина байт тахана дагайог1ий хьуна?

-Дуьххьара ас яздина илли х1инца массарна а девзаш ду. «Малика» ю цуьнан ц1е. И илли дара ас дуьххьара д1ааьлла дерг а. Цунна т1ехь 1ама а волавелира со. Майрра д1аала мегар ду, и илли ду сох иллиалархо винарг, аьлла.

- Муьлха илли дара хьо г1араваьккхинарг? Муьлхачу иллина декхарийлахь ву хьо тахана массарна а вевзаш хиларна?

- Сан иллеш цхьаъ-цхьанна т1аьхьа «охьа дуьйла деллера». Х1етте а «Дагмара» илли дар-кх со г1араваьккхинарг а, массарна а къаьсттина дезаделла илли а.

- Дуьххьара хьан пох1ма къобалдинарг, ахь кхоллараллин дуьне хьайна схьадоьллучу заманахь хьуна куьйг кховдийнарг мила вара? Хьенан ц1е яккха луур дара хьуна?

- Бакъдерг ала деза, суна г1о динарш дуккха а бу. Дукхаберш уьш Ножай-Юьртан Культуран ц1ийнан белхалой бу – Эльмурзаев Бека, Бушуев Мохьмад, Салманов 1илман, Аздамиров Бек. Суна ч1ог1а хазахетарца цаьрца цхьана иллеш олуш. Со школера валарца со клубе воьдура, уьш иллеш олуш буй-те я репетици еш буй-те хьажа. Ткъа со нагахь царна т1е1оттавелча, сайн де эрна д1адахана цахетара суна. Церан муьлхха а илли, муьлхха а мукъам ч1ог1а хазахетара суна. Ткъа цаьрца цхьаьна со а г1ертара илли олу айса бохуш, цхьацца бахьанаш лело. Цара тергоцаеш ца витира со. Суна сатийсам а кховдийра, сох илли алархо хир ву аьлла.

-Хьо илли алархо санна вевзина а ца 1аш, гочдархо санна а вевзаш ву. Таханлерачу дийнахь дита-м ца дитина ахь и г1уллакх?

- Гочдар ас дитина дац. Муьлха а г1уллакх цкъа хьалха д1адолалучу заманахь стеган хобби санна д1адолало. Амма и кхоччуш лаккхарчу т1ег1ант1е даккха уггар хьалха харж еза, материальни аг1о ю кхузахь коьртаниг. Дукха къахьега а деза, болх бан а беза. Ткъа мах боцуш къахьега тхан боцучу аьттонца вуно хала ду. Х1инца а наг-нагахь ойла хуьлу сан цхьацца йолу кино гочъян, амма соьга цхьаьнга чекхадаккхалур долу г1уллакх дац иза. Ас х1етахь, ахь билгалъяьккхина кино гочъечу заманахь боьдуш т1ом бара, ахча а, таронаш а юьйцучохь а дацара, коьрта 1алашо нехан цхьажимма мукъне а самукъа даккхар яра. Ткъа соьца цхьана х1етахь цу кинофильман т1ехь болх беш хилларш а мукъа бара, балхахь бацара.

-Оьрсийн а, нохчийн а, я дозанал арахь а муьлха иллиалархой бу хьан даго къобалбеш?

-Бакъдерг дийцича, таханлерачу дийнахь оьрсийн эстрадехь х1ара ву аьлла сан даго т1елаьцна а, ас къобалвеш а цхьа а артист вац, х1унда аьлча адаман культурни хьашташ кхочушдан араваьлла вацц цхьа а. Попсас д1алаьцна шайолу сцена. К1оргера маь1на долуш, ойла йойтуш илли олуш цхьа а вац. Амма хьалха ишта дацара. Ас ч1ог1а лорура Магомаев Муслиман, Буль-Буль Оглы Поладан а кхолларалла. Дог даарца ладуг1ура ас церан эшаршка.

-Хьан-хьайн иллеш юкъахь муьлха илли ду уггар хьуна хазахеташ, ахь дог даг1арца сих-сиха ладуг1уш?

- Муха хир дара, боккха доьзал болуш долчу дега-ненега хаьттича, муьлха ду хьуна уггар дукха деза бер? Ишта хьал хили соьгахь и хаттар делча. Массо а иллеш ас айса яздина ду, цундела уьш массо а суна гергара а ду, хьоме а ду. Ас къахьоьгу х1ора иллин чулацам болуш хилийта, ладог1архочуьнга цунна т1ехь ойла яйта. Х1етте а суна хаза хета айса лирически чулацам болу иллеш д1аолуш, х1унда аьлча, уьш хаза а ду, ладог1архошна цкъа а к1орда а ца до уьш.

- Хьан массо а иллеш к1оргера чулацам болуш, шайна т1ехь ойла йойтуш ду, уьш массо а ахь яздина ду. Хьа-хьайн дахарера кийсагш юй церан чулацамехь юкъахь жимма а? Автобиографични дуй уьш?

-Дера ду. Нехан хьал хуур дац, сайчуьнца иза дуста ца дуьстича. Сайгахь долу хьал, суна дахаро кховдийна болуш болу некъ, суна хилла хало, ткъа иштта суна Дала белла ницкъ и хало эшо - и шадерриг сайн иллешкахь хаадалийта г1ерта со. Масала, халонаш генаевлча, толаман илли яздан дог дог1у. Дог доьхна хилча, г1айг1ано хьул йина ойла хилча, т1аккха илли яздан а, лакха а дог ца дог1у.

-Таханлерачу дийнахь вайн эстрадехь долу хьал муха хета хьуна? Цхьа а къегина седа буй вайн къоначу йишлакхархошна юкъахь?

- Вайн эстрадехь болчу илли алархошка ладоьг1ча, хетало ладог1архойн лаам а, ойла а царна бен доцуш санна. Х1унда аьлча, цара олучу иллин маь1на ца хуьлу, я и маь1на каро г1ерташ цара башха къа а ца хьоьгу. Муьлхачу а эшарна т1ебоьдуш болу некъ таханлерачу дийнахь нийса бац. Хьалха атта вахьа а ца ваьхьара илли ала. Аудиторин хьашташ кхочушдан сцени т1е девлла хилар х1инца лерачу артисташна, мел хала хеташ и делахь а, дицло. Масала, со илли ала сцени т1е ваьлча, суна ч1ог1а хазахета, сан дог айало, зал чохь 1аш болу ладог1архой къаьсттина ойлаеш, сан х1ора дашна т1ехь тидамбеш, соьга ладуг1уш гича. Ткъа х1инцалерачу артистийн и 1алашо суна ца го. Т1аьхьарчу хенахь дуккха а конкурсаш ю къона йишлакхархошна юкъахь еш. Со кест-кеста жюри юкъахь хуьлу цигахь. Пох1ма долуш кегийнах а дукхабу царна юкъахь, амма х1етте х1ара ву аьлла сан даго къобалвина, къасто лууш цхьа а вац, суна схьагарехь.

-Т1ейог1учу ханна муха ю хьан планаш, ойланаш?

- Т1ейог1у хан мел йисина хууш а дац, цундела башха дукха сатийса а цалаьа. Илли яздан сан лаам цкъа а кхачор бац аьлла хета суна. Цундела сан ладог1архой сагатдан ца кхиабеш, керла альбомаш а, керла эшарш а хир ю, Дала мукъалахь.

- 1имран, хьуна даггара баркалла ала лаьа хьайн мукъа хан йоцушехь х1окху къамелехь дакъалацарна. Дела реза хуьлда хьуна. Тхо тешна ду, хьан иллеш халкъалахь даима даха дуьсур хиларх а, ахь хьайн кхоллараллехь керла кхиамаш бохург хиларх а.