Язык сайта

 

Язык сайта

 

Эльдарханова З. «Деца еанчу дийнахь. Бепиган цуьрг» (берашна)

– ЛадогIал, Децин бераш, шух цхьамма бепиган цуьрг кхаьллича вузур варий иза? – хаьттира Децас стоьла гуонаха хевшинчу 1ачу берашка.

– Вай... Вацара дера! – дийладелира бераш.

– ЛадогIал, бераш. Оцу бепиган цуьрге адам ца дузорах, зингат я кхийолу жима сагалмат мацалла лечуьра кIелхьара яккхалур ярий? – шолгIа а хаьттира Децас.

– Яра... – аьлла, Децин къамело ойлане дехира ладоьгIуш Iен бераш.

– Варийлаш, Децин дика бераш ма ду шу, цкъа а дIа ма кхоссалаш бепиган цуьрг. Дала массо а садолу хIума юзон делла ялта ду иза.

– ХIинца алал Деце, сагIийна цIазамаш лой шуна? Шуна хезний, гиний баккхийчара «пIераскан буьйса ю тховса» аьлла сагIа дала дезар хьахош, кертахь я лулахь Iачарна бахьийта сагIин кад кечбеш?

– Хезна! Хезна! Со вохуьйту мамас конфеташ, туьха я шекар дIало олий, – элира жимачу кIанта.

– Гой шуна, мел хаза ду бусалба нехан гIиллакхаш. СагIа делча Далла дукхадезар ду шу. Цундела, эрна дIа ца кхуссуш, бепиган цуьрг а «Делан дуьхьа олхазаршна сагIийна» алий охьадиллалаш. Дала къобалдийр ду шун сагIа. Далла дукхадезар ду шу. Ялсамане дуьгур ду шу цхьана жимачу бепиган цуьрго. Вай деш дерг дерриге а хууш, гуш ву вайн Къинхетаме Дела.