Язык сайта

 

Язык сайта

 

Гайтукаев А. «Гочдарш. «Делера СовгIат»

(Малхбузен къаьмнийн дийцар)

Вехаш Iаш вара цхьа чIерийлецархо. Хаза сурт-сибат долуш, жимастаг вара иза. Доьзал бара цуьнан – кхуьуш ши бер дара, даима велавелла-векхавелла гора иза. Дахарехь мел яккхий халонаш хиларх, хIуманна бIокъажор боцуш, догъэшна ца гойтуш вехаш вара иза. Ткъа цуьнан дахар аттачех а дацара.

Дукха жима волуш дуьйна дагахьлаьттара цунна хIорда йистехь йолу шайн юрт, даима къахьоьгуш волу шайн да, эсала а, кIеда-мерза а, даима массарна гIо деш а, хаза чомехь кхача кечбеш йолу нана а.

Делера СовгIат аьлла цIе тиллинера кIантана. Баккъалла, Дала дина СовгIат дан а дара иза. Даима самукъане вара, дена-нанна гIо деш хуьлура. Муьлххачу тобанна юкъа нисвелча а, везаш тIеоьцура хIара, делахь а кхуьнца хьагI ерш а, кхунна тIаьхьашха луьйш нах а нислора. Цхьабакъду, кхуьнца хьагI лело бахьана-м дацара.

Церан цIа берда йистехь дара. Лаха чохь – йистйоцу хIорд, ткъа иза паргIат а, тийна а боцуш хенаш йогIура. Таро йолуш нах бацара хIорш, амма даима хIусамехь унахцIеналла, низам дара, синтеме бехаш доьзал бара кхераниг. Шен хIусамнана а, кIант а чIогIа дукхадезара дена. КIиранна чIерийлеца ваханчуьра ша вухавоьрзуш, хIоразза а доьзална кегий совгIаташ дохьура цо: цкъа лахьорч (раковина) йохьура, я хIордан седа, ткъа наггахь – хи бухара маржан (коралл).

Цхьана дашца аьлча, бертахь, ийна, вовшашца мерза бехаш самукъане доьзал бара цераниг. ТIедеана дика а, вуон а цхьаьна ловра цара, Дела дагахьлаттавора, Делерчу гIоьнца ловра дахарера гIайгIа-бала.

Шераш дIаоьхура, Делера совгIат кхуьуш вара. Иштта цкъа кIиранна чIерийлеца вахана волу кхуьнан да накъосташа айбина цIа валийра. ХIорд чIогIа ловзабаьллачохь дукъо тIедоьжна, цо юкъахь Iаьвдина лазийна хилла иза.

ШолгIачу Iуьйранна Делера СовгIат тIе а кхайкхина, дас аьллера:

– Со бакъдуьнена ваха воллу, бIаьрхиш ма гайталахь, массо а ву вала везаш: цхьаъ – хьалха, важа – тIаьхьа. ТIейогIучу хенахь а хьо хIинца хьой ма-варра вуьсийла луур ду суна – Дела дагахь а латтош, нахана везаш волуш, хьайн цIе Делера СовгIат хилар диц а ца деш – доккха ниIмат-беркат ду хьуна иза. Яхьах, доьналлех ца вухуш ларъелахь и цIе. Массо адам дезалахь, ларалахь, хьайна цатам биначарна а Деле диканиг дехалахь, хьо ца веза нах а безалахь. Делера СовгIат аьлла цIе муха лелор ю стага, шеца дика болу нах а бен цунна безаш ца хилча. Нах вуон ма бийца, хьо цхьаммо а цкъа а вуон вуьйцур вац хьуна. Цкъа а оьгIаз ма гIо, адамашца дегабааме ма хила, хIунда аьлча, адамаш ца хилча, хьайна уллохь цхьа а воцуш, цхьалха хир ма вара хьо. Муха вехар вара хьо тIаккха? Цхьанна а хьалха шалхо а, юьхьдагалла а ма лелае, цул а стагана диканиг хьеха, я цунна уллора дIавала, хьайна цо деш долу къамел ца тахь. ХIоранна а гечдеш, къинтIера волуш хила, тIаккха хьуна а гечдийр ду. Ларамаза хьо а гIалатвала тарло; хIун хир тIаккха, ахьа гечдар дехча, оцу стага хьуна геч а ца дича?! Ахь дохковаларца Далла хьалха тоба дича, ткъа хьуна хьалха: «Ахь муха гечдира?» – аьлла, хаттар хIоттийча. Адамашка юхалург хIума луш хила, хьайгахь бухаюьсуш хIумма яцахь а. Хьайна духадаладезарг лардеш ма хила. Юхалахь, Далла хастам бе, ткъа ца лахь – оцу стагана вуон ду иза, цунна хир ду къа. Ткъа ахьа гечде цунна, диканца хьайн доIина юкъа а лаца иза. Даима велавелла-векхавелла хила, массеран гIолаца, массо адам лоруш а, дезаш а хила.

Оцу дешнашца дIакхелхира да. Оцу сингаттаман гIайгIа-бала лайра Делера СовгIато а, цуьнан нанас а, ткъа шен хан кхаьчча – тезетан барам а дIабирзира. Дан хIума дацара, виснарг ца ваьхча валац-кха. Делера СовгIатна зуда ялийра, шиъ доьзалхо хилира церан: кIанттий, йоIIий. Дена чIогIа дукхабезара шен доьзал. Тохара шен да санна, хIорда тIе воьдура иза. ЧIерий лоьцуш, уьш духкуш хене бовлура хIорш.

Делера СовгIатан дахарехь кIеззиг ца нислора ирхенаш, охьаненаш, хазахетарш, халахетарш, гIалаташ довлуш меттиг йогIура, амма цкъа а диц ца дора цо шен ден дешнаш:

«Массо адам дезаш-лоруш а, царна къинтIера волуш а хила».

Дала шена а гечдаре догдохура цо, ша нахана хIума гечдеш хилар бахьнехь.

Дела везаш а, хьанал-хьарам къастош хила а, оьзда а кхиадора цо шен бераш, ша волчу веанчуьнна хаза хьехам бора цо. Дахарехь нислучу диканехь а, вуонехь а нахана хаза масал хила вехара иза.

Ширчу заманахь дуьйна олуш схьадеана:

«Уггар тоьлла хьехам – шегара дика масал гайтар ду».

И башха хьекъале дешнаш дагахьлаттадора цо даима.