(Дийцар)
Вехаш хилла шен балхана ч1ог1а т1epa волу хьехархо. Иза балха т1ехь иштта шовкъе хилар ца дезара цуьнан дешархошна. Цу т1е хьехархочун могашалла ч1ог1а дика хилла, иза цкъа а цомгуш а ца хуьлура, цунна цхьана-шина к1иранна хьакхаялийтина а, сиркхо хьакхаялийтар дешархоша мосазза а Деле дехнашехь. Дешархойн дехарна Дала жоп делча, цара, шайн дагахь, к1еззиг даь1на а, садо1ур дара, киншканаш цхьацца ловзаршца хийца а хуьйцуш.
Иза дерриг церан сатийсам хилла дуьсуш дара, цхьана ира хьекъал долчу дешархочунна цхьа ойла (план) дагаяллац:
– Вай цхьаъ дан деза: цкъа аса т1е а вахна, цец-акъ ваьллачу суьртахь хьехархочуьнга а хьаьжна, хоттур ду, хьан б1аьргаш к1ел 1аьржа т1еданаш х1унда ду, – аьлла. Цул т1аьхьа кхин цхьаъ а т1еваха веза цунна, хьо иштта можа х1унда ву, хорша-м ца еъна хьуна, аьлла. Оцу тайпана хеттарш цуьнга масех стага дича, иза волалур ву шегахь цамгаран билгалонаш леха, цунна уьш карор а ю, х1унда аьлча массо а стаг шена цхьаъ хиларна кхоьруш, вогуш хуьлу.
И план дешархошна ч1ог1а тайна хилла, иза кхочушъян ойла а сецна яьлла хилла церан.
Иштта цкъа школе баьхкича, урок йолаялале х1орш хьехархочунна гонах гулбелла, ткъа ира хьекъал долчо леррина хаттар дина хьехархочуьнга:
– Тхан хьекъале хьехархо, тахна суна хьан б1аьрга к1ел цхьа 1аьржа гуо хаабели, кхераме юй-те хьан цамгар?
Цамгар х1ун ю а ца хууш волу хьехархо оцу хаттаро цецваьккхина, цо оьг1азе жоп делла:
– И х1ун къамел ю ахь йийриг, 1овдал! Со даима а хилла могуш, могуш х1окху сохьта а ву со!
Цо жимма веза а вийна, шен урок д1айолийна, делахь а, мелла елахь а, шеко-м кхоллаелла цуьнгахь, ткъа урок чекхъяьлча, т1ебаьхкинчу кхечу дешархоша т1аьхье-хьалхе, хьан хьажар х1унда г1елделла, хьо хьуо х1унда г1елвелла, маж а х1унда велла хьо, хаьттича, ша баккъалла а ч1ог1а цомгуш ву бохучух тешна иза. Т1аккха иза шен т1аьххьара урок а ца еш, д1аваха новкъа ваьлла.
Шен цамгарх г1айг1а а хилла д1авоьдуш волу хьехархо оьг1азъоьхура шен зудчунна – цо шен терго ца ярна, дешархошна а хааелла йолу шен цамгаран б1аьрла билгалонаш цунна цахааяларна. И бахьнехь кхуьнан коьрте цхьа вон ойланаш яьхкира: кхуьнан зудчо шена хуъушехь ца аьлла цамгарх дерг кхуьнга – кхуьнах мелла а сиха къастархьама (х1ара вала а валийтина).
Ишттачу сингаттамечу ойланашца х1ара чоьхьа воллушехь, х1усамнана кхунна, цхьана аг1ор, хазахетарца а, вукху аг1ор – х1ара хьалхе ц1авар бахьнехь цецъяларца а, дуьхьал хьаьдира. Зудчун к1еда-мерза хилар ц1архазамна лелош санна а тидна, х1усамда цунна т1е мохь хьекха вуьйлира:
– Сан юьхь ца го хьуна! Б1аьрса дайна хир ду хьан, хийрачу нахана а хааелла йолу сан халчу цамгаран билгалонаш а ца хаалуш!
– Суна-м баккъал ца хаало хьуна т1е хьаьжча хьо цомгуш хилар! – зуда иза теван г1ертара.
Оцу дешнех масла1ат ца хуьлура мискачу хьехархочунна, цо кхин т1е а мохь хьоькхура:
– Хьуна эхь хеттане а хетац. Со леш ву, хьуна и дерриг ган муххале а ца лаьа, цу 1ожаллин мулкалмоте со мараволлийта г1ерташ ю хьо!
Х1усамнана юха а иза теван хьаьжира. Майрачун кара куьзга а луш, цо элира:
– Хьо-хьуо хьажахьа, цхьана а цамгаран, сиркхонан бос хаалац-кха.
– Дохаде хьайн куьзга, суна чехка мотт билла, со когаш т1ехь латталац! – олуш, жоп делира хьехархочо.
Зуда кхийтира, ша цуьнга дехарш дарх, иза кхин т1е а дарвар бен, кхин г1уллакх хир доций, цундела иза йист а ца хуьлуш, мотт билла х1оьттира. Бакъду, кхунна дагадаьхкира вайн Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) дешнаш:
«Гуттар а ша цомгуш ву бохуш, ша цомгуш хеташ волчу стагна цамгар кхетар ю».
Иштта дуккха а ханна воьжначу хьехархочунна де-дийне мел дели а шен цамгар ч1аг1луш хетара. Х1етте а белхан шовкъ д1а ца яьллера кхуьнгара, кхуо шена Къуръан деша бахкар шен дешархошна т1едожийнера. Г1уллакх иштта дирзича ч1ог1а боьхнера дешархой: хьалха набахти цара доьшу класс хиллехь, х1инца царна набахтих таръеллера хьехархочун х1усам. Дешархой х1инца юха а ойлаян боьллера, оцу шолг1ачу 1азапах шаьш муха девр дара бохучун. Эххар а цара сацам бира Къуръан хьехархочунна ч1ог1а (оцу хьехархочунна шен корта ч1ог1а доьшу Къуръан бахьанехь лозу аьлла хетуьйтург) деша.
Иштта цкъа х1ара волчу шаьш даьхкича, х1ораммо а мохь бетташ доьшура Къуръан т1ера сураташ. Цара мохь, ца соццуш а, низам талхош санна а, беттара. Ткъа т1аьхьо царех цхьаммо элира:
– Тоийта! Шуна ца го, вай Къуръан доьшучу хенахь вайн хьехархочун корта лозу.
Дешархойн мохь-ц1ог1а бахьнехь хьехархочун корта боккъал а беста боьллера, цундела цо дешархой ша волчуьра лаьхкира. Дешархошна тайра и г1уллакх иштта д1адерзар.
X1инца дешархошна шаьш урокех мукъадовлар дуьззина а, т1аьхьало йолуш а хетаделира, уьш, вой даьлча санна, урамашкахула д1асабевдира, ткъа тоъал левзинчул т1аьхьа, шайн-шайн ц1а бахара. Берийн дай-наной ч1ог1а цецбевлира бераш оццул хьалхе ц1а даьхкича: бераша хьехархо цомгуш хилла аьлча а, ца тешара уьш. Юха гул а белла, и г1уллакх ма-дарра шайна довзархьама, хьехархо волчу ц1а кхета лиира царна.
Хьехархочун х1усаме кхаьчча, берийн дай-наношна гира тайп-тайпана къорза масех юрг1а т1е а тесна, хьацарлахь 1уьллуш волу шайн берийн хьехархо. Шайн б1аьргашна хьалха х1оьттина г1ийла сурт бахьнехь церан б1аьргех хиш даьхкира.
Шайна хьо иштта хала цамгар кхетта вуй ца хиънера а олуш, шайна ц1енчу даггара хьехархочунна г1олий хила лаар а хаийтина, д1абахара баьхкинарш.
– Суна сайна а ца хиънера х1ара-м, сан дешархоша хазахетарца х1ара «кхаъ» сайга баккхалц. Стаг балхо д1алаьцча, иза ша къахьоьгучу хенахь дукха чуьраваьлла хьийзича, наха схьааллалц, цунна ша цомгуш хилча а хаац.