Язык сайта

 

Язык сайта

 

Гайтукаев А. «Гочдарш. «Муо дIа ца болу»

(Малхбален къаьмнийн дийцар)

Вехаш Iаш вара атта моха йогIуш а, тIех сиха а волу цхьа жимастаг. Цкъа дас цуьнга цхьа гали хьостамий делира, хьайга хьайн оьгIазалла саца ца луш меттиг мосазза йогIу, кертана боьгIначу бIогIам тIе цхьацца хьостам тохалахь, аьлла.

Хьалхарчу дийнахь бIогIам тIе масийтта хьостам туьйхира цо. ШолгIачу кIиран чохь шегара оьгIазалла гучу ца яккха Iемира цунна: де-дийне мел дели бIогIам тIе тухучу хьостамийн терахь лахлуш догIура. Жимастаг кхийтира, хьостамий деттачул, шен амална тIехь урхалла дар а, собарца сатохар а гIоле хиларх.

Эххар цхьа де деара, хIара цкъа а собарх ца вухуш. Цунах лаьцна кIанта шега дийцича, дас цуьнга аьллера, хьой собарх ца вухуш, сатоха хьайн аьтто мосазза болу, айхьа хьалха дIатоьхначех цхьацца хьостам схьабаккха мегар ду хьуна, аьлла.

Хан дIайоьду-уш, цхьа де тIехIоьттира, оцу бIогIам тIехь цхьа а хьостам ца буьсуш.

КIентан куьг а лаьцна, иза керта юххе вигначу дас бохура:

– Дика ду и хьостамий хьоьга схьадахаделла, амма и ахь бохийна зоьрза бIогIам гуш бу-кх хьуна? Кхин цкъа а кхул тIаьхьа ша хьалха ма-хиллара хир бац иза. Стаге вуон дош аларца, цуьнан даг тIехь цу кеппара муо буьту ахь. Цул тIаьхьа хьо мел дукха бехказавийларх, и муо дIа ца болу.