Язык сайта

 

Язык сайта

 

Гайтукаев А. «И байт ю эзарнийн меха»

Ненан маттах говза аьлла дешнаш к1еззиг дац. Уьш юх-юха яздар, дешар, хазийтар зен муххале дацара, мелхо а – беркаташлахь беркат ду-кх. Абдулаев Лечин дешнашца аьлча, ненан мотт 1амор шеца дарба долуш х1ума ду. Ойлае вай – Лечас доца а, говза а аьллачун. Ваьшна беркате, дарбане дерг х1ун ду а, вай 1ин чу (х1аллакхиларе) дуьгург х1ун ду а ца къасталучу хьолехь долуш, кху дуьненахь вай хан йоккхуш хилча, мел кхераме, чолхе цамгар хуьлу вайна кхеттарг.

Газетдешархочунна дагадог1у хир ду маттах, ненан матах лаьцна Мамакаев Мохьмада, Арсанукаев Шайхис, оьрсийн яздархочо Паустовский Константина, иштта д1а дуккха а кхечара аьлла маь1не, чулацаме, цхьа шатайпа башха дешнаш.

Маттах лаьцна Саидов Билалас язйина цхьа байт хьахо лаьа тахана юха а. «Ненан мотт» ю оцу байтан ц1е. Байт язйина 1973-чу шарахь.

Аса тахана мела а ойлайи оцу заманан. Вайн халкъан дахарехь атта боцу мур бара иза. 15 шо кхаьчнера нохчий шайн махка бухабирзина. Хрущевски, «жимма йохъяларан» («оттепель») хенаш д1аевллера. «Г1алг1айн хиламаш» бахьнехь а интеллигенцина, вайн дерриг халкъана ницкъ бира. Халкъ къаьстира шен къонахийх Гайрбеков Муслимах, Мамакаев Мохьмадах. Кхетам, хьекъал долуш верг ойлаеш вара – хиллачун, долуш долчун, хиндолчун а, вайн халонийн орамийн.

Яздархочуьнга Саидов Билале оцу дерригено «Ненан мотт» ц1е йолу байт кхоллийтира. Советан 1едал т1е а дале дуьнен чу ваьлла волчу, харцкхелийн заманан теш а хиллачу цунна гина болу некъ уггар нийсаниг хилла аьлла хета тхуна. И некъ бу – адамаша шайн ненан мотт 1амор, бийцар, ларбар, 1алашбар, цуьнан мутт, марзо йовзар. Иза – ден ц1ера мотт, бухера мотт дика хиъча бен, кхидолу меттанаш, 1илманаш 1емар цахилар шен к1орггерчу кхетаме диллар. Цунах къаьстича – шайн парг1ато, сий хирг цахилар д1ахаар…

Саидовс буьйцург беккъа цхьа нохчийн мотт бац («нохчо», «нохчийн» боху дош дан а дац цу байтехь). Поэто дозалла ойбу, вайна ма-гарра, муьлххачу а къоман ненан меттан. Шен мотт а бицбина, иза бовза а ца бевзаш, кхечу къомах волчу стага вайн нохчийн мотт 1амош белахь а, д1ахоийла массарна – иза сий-ларамечу нахана (къонахошна) юххехула а ца ваьллий…

Стагана шен ненан мотт безаш хилчхьана, дерриге а д1анислур долуш гина Саидовна.

Ненан мотт, ша оьшучунна – «пондаран аз», «чам тайна стом», «жовх1арийн х1онс», «вахарехь ирс», «бух боцу х1орд», ткъа ца оьшучунна – «гихь беза мохь», «д1атесна некъ», «совбаьлла г1ирс» хилар гайтина Саидовс говзачу поэтически г1ирсашца.

Массо а заманна а ч1ог1а мехала ю Саидов Билалан и байт. Нохчийн меттан Денна лерина суьйре къагор йолуш, ладоьг1начунна дика т1е1аткъам бийр болуш а ю иза. Оцу байтана мукъам а баьккхина, цунах илли дича, кхин а герга дог1ур дара и башха мог1анаш вайн адамашна, цхьа а маь1на-чулацам доцуш вовшахтаса хьийзийна а, мукъаме даьхна а долчу «мог1анаша» куьйла йина 1ачу. Юкъардешаран школа чекхйоккхуш волчу х1ора дешархочунна а дагахь хаа хьакъ яра х1ара байт.

Ойла а еш, юх-юха а деша вай халкъан хазнина вай т1екхио орцахдевлла долу Саидовн мог1анаш:

Хьох лаьцна яздина,

Дийца а дийцина.

«Хьайна безахь», бохуш,

Хьеха а хьо бина.

Хьехорах пайда буй,

Хьо хууш ца хилча?

Хьо бийца хуур дуй,

Хьо безаш ца хилча?

Хьо бийца 1емар вац

Дагна хьо ца безарг.

Юьхь к1айн а лелар вац

Хьо бийца цахуург.

Нехан говра хиъна

Вон бере шех хилла,

Кхардамехь вехар ву

Хьо хийра леринарг.

Хьуо безаш волчунна

Пондаран аз ду хьо,

Хьайца уьйр йоцчунна

Гихь беза мохь бу хьо.

Хьуо хууш волчунна

Жовх1арийн х1онс ю хьо,

Хьайца шовкъ йолчунна

Чам тайна стом бу хьо.

Хьайн хазнех кхиъначун

Вахарехь ирс ду хьо,

Хьайх хераваьллачун

Д1атесна некъ бу хьо.

Ойла хьайца ечун

Бух боцу х1орд бу хьо,

Кхин толош волчунна

Совбаьлла г1ирс бу хьо.

Сан ч1ог1а дог лозу

Хьо ца хууш волчух,

Амма эхь ца хета

1амо ца г1ертачух.

Суна сайн ца хета

Ненан мотт бицбинарг,

Б1аьрга ван ца веза

Кхечух и хийцинарг.

Хьо ца безаш волчо

Шен нана лорур яц,

Ненан сий ца дечо

Мехкан сий лардийр дац.

Ненан мотт ца хаар –

Шен кхерч цаларар ду,

Кхерчан да цахилар –

Маьттаза вахар ду.

Дагах чекх ов доккхуш,

1овжамен бийцало,

И дог малхах тардеш,

Хьо сирла бийцало.

Харцонан некъ хадош

Буьрса аз ду хьоьца,

Бакъонна некъ боккхуш

Хьехамен хьо буьйцу.

Суна хьох къахета,

Бийца ца хуучо,

Хьайн куьцах бохийна,

Мерза чам талхийча.

Чов хуьлу сан дагна,

Доггах ца безачо,

Шен г1алат дицдина,

Сийсазбеш, бийцича.

Хьайн ненан мотт хаахь,

Ас дозалла до хьох,

Даггара и безахь,

Ас хастам бо хьуна.

Доттаг1а, варийлахь,

Цунах ма херлолахь;

Ненан мотт хьайн бацахь,

Байлахь вуй, хаалахь!