Хьехархо, хьох йозу т1аьхьенийн кхане,
Некъ хьуна сийлахьниг белла.
Сайдуллаев Хьасан
И ши мог1а шена юкъара вай схьаэцначу байтехь поэто говза гайтина хьехархочун белхан башхалла. Кхиболу нах бийшина болуш, лампанийн серлонаш йоцчу ламанан йоккхачу юьртахь «къеггина нур догу корехь», цу ц1а чохь «цхьаъ-м 1аш ю кехаташ хоьрцуш». «Ойланийн дарцо тем бойуш йолу хьехархо тховса йижна яц», берийн г1алаташ къасто дезаш ю иза, «лерина лехна». Шен хьехархочун лаккхара мах хадабо поэто: «Соьгахь ду ахь хьехна къилба», – аларца.
Хьехархочун декхарш дуьззина кхочушдан хьажар, ша дийрриг лерина, 1аьвшшина, дар – уьш бакъволчу хьехархочун билгалонаш ю аьлла хета. Муьлхачух ала мегар ду бакъволу хьехархо? Лахахь оцу хаттарна доцца жоп дала хьожур ю со.
Х1оранна а дагайог1у-кх шен школа. Тайп-тайпана уьш хиларе терра, башха-башха дагалецамаш буьсу вайн хьехархойх лаьцна.
Хьехархочо берийн синош, амалш, цаьргахь диканиг кхиадо. Сийлахь а, жоьпалла доккха долуш а болх бу цуьнаниг.
К1орггера хаарш хила деза, дикачух даима догтешна а волуш, бераш даима хьалхахьа дуьгуш, шен балхах самукъадолуш, берийн психологи дика евзаш, царна чулацаме урокаш луш хила веза бакъволу хьехархо.
Сайн кхетамехь, хьехархочуьнгахь ца хилча ца долу:
- берашца болх бан ох1ла хилар;
- жоьпаллин т1ег1а лакхара хилар;
- адамашца тарлуш, уьш лоруш хилар;
- шен хаарш тоаме ца хеташ, даима а керланиг хаа лаам болуш, шена цахуург хаа т1аьхьаваьлла хилар…
Х1уманна бендоцуш хила-м маггане а мегар дац хьехархочунна. Иза иштта хилахь-м, цуьнан дешархой а хила герга ду дешаре, дахаре бендоцуш хьоьжуш. Шен болх хьанала бан хьожуш хила веза хьехархо.
Къаьсттина доккха жоьпалла ду ненан меттан хьехархочунна т1ехь. Мотт д1абаьлча, къам д1адолу. Г1иллакх-оьздангаллин бух а бу мотт. Шен ненан мотт дика хуучу, шен ненан маттахь ойлаечу берана дика 1емар бу кхиболу меттанаш, 1илманаш. Цундела ларамаза дац аса нохчийн мотт, литература хьехар сайн говзалла харжар. 40 шарахь сов школехь нохчийн мотт, литература хьехна х1инца пенсехь волчу сан ден дас. 25 шарахь гергга дешаран хьаьрмахь къахьегна сан дас. Школехь ненан мотт хьоьхуш ю сан шиъ дейиша, хьехархо ву сан деваша а. Царах х1орамма а, ткъа иштта аса а вайн университет чекхъяьккхина. Кху шарахь Соьлжа-
Г1алара университет чекхъяьккхина сан вашас а, йишас а. Т1аьххьарчо караерзийнарг а нохчийн меттан хьехархочун говзалла ю. Аса иза дозаллина а, тхешан хьуьнарш гайта а ца яздо. Оцу дерригенца доьзна сайн жоьпалла доккха ду, аса 1аламат дукха къахьега деза, бохург ду сан иза.
Деша лаам болу дешархой дукха бу вайн. Уьш-м, берриге бохург санна, хуьлу дуьххьара школе баьхкинчу хенахь деша сатесна. Кхид1а, мел халахеташ делахь а, цхьацца хьелаш бахьанехь вочу аг1ор хийцамаш а хуьлу цхьаболчийн.
Бакъволчу хьехархочун декхар ду-кх т1аккха, оцу дешархочун дахарехь даима дика хийцамаш хилийта хьажар, ша беш болу болх лерина бар.
Муьлхха а болх бан беза кхачам боллуш дика, амма хьехар – иза шатайпа г1уллакх ду. Цунах йозу вайн кхане. Бусалба дино беза лору хьехархочун болх. Веза-Сийлахьчу Дала аьтто бойла доггах болх беш волчу хьехархочун кхиамашка кхача!