Язык сайта

 

Язык сайта

 

Гузуев Ш. «Саракаев Хьамзат – нохчийн яздархо, оьзда стаг, бакъволу интеллигент»

Россин яздархойн Союзан декъашхо, Россин журналистийн Союзан декъашхо, Нохчийн Республикан хьакъволу журналист Саракаев Хьамзат вина 1927 шеран 27-чу декабрехь. 20-чу б1ешеран юххьехь кхоллалуш хиллачу нохчийн интеллигенцин мог1аршкахь шуьйрачу хааршца а, нохчийн юкъараллин дахарехь жигара дакъалацарца а билгалбевлла бу Саракаевг1ар – Хьамзатан дехой а, цуьнан да Ибрех1имбек а.

Нохчийн культуран исторехь шайн лар юьтуш схьабаьхкинчу шен наха бинчу некъана тешаме волуш схьавеъна х1инцалц Саракаев Хьамзат а. Дуккха шерашкахь цо беркате къахьоьгу нохчийн литературехь. Цхьа мог1а прозин а, поэзин а, публицистикан а произведенийн автор ву и. «Нихлара т1ай», «Эдилханан некъаш», «Ибрагим-Бек», «Малхана т1аьхьа» иштта кхин дуккха а произведенеш нохчийн литература йоьшучара езаш т1еэцна.

Хьамзат иштта билгалваьлла гочдархо санна а. Цо нохчийн матте гочйина оьрсийн классикийн произведенеш. Дуккха шерашкахь Хьамзата белхаш бина Нохч-Г1алг1айн радиохь а, Нохч-Г1алг1айн книжни издательствохь а. Пенсе волуш «Вайнах» журналан коьртачу редакторан даржехь вара иза. Ма-дарра аьлча, и журнал х1етахь – 2002-чу шарахь, юхаденделла, д1адоладалар Саракаев Хьамзатан ц1арца доьзна дара.

Къоначарна шех иэца масал долуш, нохчийн бакъволу интеллигент, г1иллакхе, оьзда стаг ву Хьамзат. Цундела нахана юкъахь сий а, ларам а бу цуьнан. Хьамзатана «Дато бух1а» совг1ат дина ч1ог1а хазахетта тхуна. Цунна дог1уш а дара и совг1ат а, кхин совг1ат а.

Дала дукха вахавойла иза!