Язык сайта

 

Язык сайта

 

Халикова А. «Нохчийн меттан хазалла»

Вайнехан фольклорехь мехала хазна ю кицанаш. Кица – иза хьекъале къамел ду. Цхьана стеган я дерриг халкъан хьекъал ду иза.

Масала: «Ала - йоIе, хаза – несана», – олуш кица ду вайн. Цу чохь, хьекъал хиларал сов, халкъани эхь-бехк а ду гуш. И кица схьадалар иштта ду: несана уггар бехке стаг ву марда. Мардех шен ма-хуьллуу озалуш, несо цуьнца гIиллакх лелош ду вайн. Иштта, шен нус гIалатъяьлча, цунна дов а дина, шайна юкъара иэхь-бехк дIа даларна кхоьруш, мардас шен йоIана дов деш хилла, цуьнга ла а доьгIна, шен нус кхетийта, цунна шех иэхь хоьтуьйтуш. Гушма-хиллара, оцу кицанехь вайна халкъан амал ю гуш ерг. Иштта иэхь-бехк, гIиллакх шайна юкъахь хилла дела, оьзда баьхна вайн дай, цундела хьегна царах дерриге а къаьмнаш.

«Дешан толам сонтачунна бита», – олуш ду вайн. Лер-алар тIехь толам баккха а ца гIерташ, дечу гIуллакхца, гIиллакх хиларца, адамаллица баккха толам бохург ду иза. Ткъа сонтаниг гуттар олучу дашна чIогIа хуьлу. 
«Захало кура дуьйцуш ца хуьлу, хаза дуьйцуш хуьлу», – олу вай. ЦутIе доьгIна, забаре дийцар дало лаьа. Цхьана кIанта шена езачу йоIе олуш хилла: «Тоьлу хьуна, йола соьга», – олий. Цо и дукха баьхна, ша боккъала а яха езара цуьнга аьлла, оцу кIанте маре яхна и йоI. ДIакхаьчча, лаьттах тоьла а яьккхина, цу чохь Iаш карийна цунна и кIант. Мискачу бахамна тIекхаьчначу нускало аьлла: «Вай, ахь тоьлу ца бехира соьга?» – «Хьуна хIара тоьлла ца хетахь, ас кхин а охьа охку хьуна», – аьлла, жоп делла кIанта. Шена хастамна аьлла долу дош хьанна а тов, цундела, хьайн ма-хуьллу хаза дийца бохург ду иза. Иштта сонталла лело мегар дац бохург а ду иза, хIунда аьлча сонталла ша лелочунна бале йолу цкъамацца а.

«Лачкъийначунна – цхьа къа, яйначунна – исс къа», – иштта хуьлу вай вешан цхьа хIума лачкъийча, хIораннах а шек вуьйлуш, хIокхо я вукхо лачкъийна шен и бохуш, нахана наьIалташ кхайкхош. Ишттачу хьолехь адамна собар оьшу, лам санна долу собар, хIунда аьлча маттаца даккхий къинош летадо адамаша. Шена хIунду а цахууш, нахан а тIехь доцург кхоллар – иза доккха къа ду. Цундела, шен хIума лачкъийнарг кхиэлана Деле дIа а велла, собарца ваха веза кхин дIа а, ткъа цунна къинтIераваьлча, гуттар а дика ду. Дала иштта дог цIена стаг цхьа дика доцуш вуьтур вац.

«Ломал лекханиг айранал лахлуш зама а йогIу», – олуш ду вайн. Стагана дахарехь тIехIуттуш долу дика а, вон а Делера ду. Шена Дала деллачунна собарца ваха веза стаг. Собар вуонехь хила деза, олу вай, амма диканехь кхин а чIогIа оьшу вайна иза, хIунда аьлча, шена дика тIедеъча, цхьаверг куралло Iехаво дела. Диканехь а, вуонехь а сатухуш хилар – иза дика амал ю. Нагахь вай Iаламан тидам бича, де-буьйсано хуьйцуш, йочана йоькхано хуьйцуш, Iа бIаьстено хуьйцуш, вай кхета, иштта дахаран дика-вуон а дуйла хийцалуш. Халонна тIаьххье аьтто богIу, иштта хало а тIехIотта а тарло. Амма - коьртаниг, воха ца вухуш, дахарехь стаг а хилла, чекхвала хаар ду.

Синкъерамехь йоьIан хьекъал зуьйш хилла нохчаша, цуьнга дош хаттарца. Иштта цхьадийцар ду вайн фольклорехь дисна. ЙоIе и йига дагахь волчу кIанта синкъерамехь тхьамде хаттар дайтина, цуьнан хьекъал зерхьама. «Хьайн дай, деваший, мардай, мардеваший цхьаьна говрашкахь уьйтIа ваьлча, царех хьалхара охьа мила воссор вара ахь?», – аьлла. ЙоIа жоп делла: «Сайн дега болчу лерамна, деваша а воссор вара, мардега болчу лерамна, марда а воссор вара. Ткъа важа шиъ оцу хенахь шаьшшиъ гIорийна вацахь, шаьшшиъ охьа вуссур вара шайн дойшкара», – аьлла. Хьекъале лерина и йоI, яйнзабар а еш, хьекъале жоп делла цо, уггар хьалха шегахь гIиллакх хилар а гойтуш.

«Малх хьаьжначу дийнахь а, стогар а латабай, де захало». ЦутIе доьгIна, забаре дийцар дуьйцур ду вай. «Шайн юьртарчу йоIе безам бахна хилла цхьа жима стаг. Оцу йоьIан нана а, церан нах а бевзаш болу кIентан гергарнаш реза хуьлуш ца хилла оцу захалонна. Безамо хьовзийначу кIентан къоначу дагна атта ца хилла, оцу хабаре ла а доьгIна, йоIаца долу гергарло дIахадо. Цхьана дийнахь, йоI йогIуш лар а йина, хийисте вахана хилла и кIант. Дитта тIехьала а ваьлла, шен говр хьалаяккха гIерташ, цутIехьала ийзош хилла цо. Шена гиначу суьртах дукха чIогIа цецъяьллачу йоIа хаттар дина кIанте: «Хьо хIун дан гIерташ ву?» – аьлла. Ша-м говр дитта тIеяккха гIертара, аьлла кIанта. «Дитта тIейолуш хуьлу говр? Хьо хьера-м ца ваьлла!», – аьлла йоIа. «Дера, кхуьнан нана-м йолура дитта тIе а, мичча а», – аьлла, йоI зуьйш волчу кIанта. «Цуьнан нана йолуш хиллехь-м, иза а ер ю хьуна цу тIе», – аьлла, дукха цецъяллачу йоIа. 
ТIаккха кхетта и кIант, шега шен наха баьхнарг хIун хилла. ХIетахь дуьйна оцу йоIаца гергарло а ца лехна, боху, цо.