Язык сайта

 

Язык сайта

 

Кузаев М. «Эдисултанов Шит1ин 75 шеран юбилейна т1екхочуш»

Нохчийн Республикан халкъан артист Эдисултанов Шит1а ца вевзаш стаг каро хала ду вайн махкахь. Цо ша вовзийтина хьалха хиллачу Советийн Союзан дуккха а г1аланашкахь санна, Чехословакехь, Венгрехь, Данехь, Норвегехь, Финляндехь, Швецехь, кхечу пачхьалкхашкахь а. Оцу мехкашка концерташка вахча, хьовсархоша везаш т1еоьцура доккха пох1ма долу артист.

Шит1а дукха везара нахана. Цуьнан забарша самукъадоккхура адамийн. Хелхарш ч1ог1а беламе дара цуьнан, хьовсархойн дог-ойла г1аттош.

Шит1а артист хила дагахь вацара. Советийн эскарехь г1уллакх деш вара лакхара сержант. Цигарчу эпсарша ч1ог1а лорура самукъане б1аьхо, цунах тешаш, тапча а лора, нийса тоха къийсалуш. Шит1а отпуске ц1авеара ша вехачу Алма-Атан областан Каскеленски к1оштарчу «Путь Ильича» колхозе. Оццу хенахь нисделира Алма-Атан операн театре Нохч-Г1алг1айн хелхарийн, эшарийн ансамблана корматалла йолу кегийрхой къасто Татаев Вахий, Хамидов Iабдул-Хьамиддий вар.

Доттаг1аша цига вигира т1емалойн духарца волу Шит1а. Жюрин председатель волу Хамидов Iабдулле халхийтира шайн накъост искусстван декъехь корматалла йолуш хилар. Конкурсехь чекхвелира Шит1а. Т1аккха Хамидов Iабдул-Хьамида кехат яздира Эдисултанов г1уллакх деш волчу эскаран декъан хьаькаме, шайн б1аьхо мукъаваккхар доьхуш. Иштта д1аболийра цо шен кхоллараллин болх.

Хелхар хала ду. Мел къона велахь а, 20 шарахь болх бича пенсе вохуьйту оцу корматаллица къахьоьгушверг. 1977-чу шарахь сада1а ваха бакъо йолуш вара Шит1а. Амма х1етахь Нохч-Г1алг1айн Республикан культуран министр хиллачу Сайханов Руслана дехар дарца Къилбаседа Кавказехь дуьххьарлера «Илли» ц1е йолу фольклоран ансамбль вовшахтуьйхира цо. Цуьнан репертуарехь халкъан иллеш, назманийн мукъамаш бара.

Х1етахь марсаяьллера динна дуьхьал йолу комунистийн пропаганда. Кегийрхой «талхабо» аьлла д1аяьккхира ансамбль. Х1инцалц адамаш делхийнехь, делахь х1ета церан самукъадоккхур вай аьлла, Эдисултановс вовшахтуьйхира «Синкъераме сахьт» забаре эшарш, дийцарш юкъадог1у концертийн программа.

Шайн самукъадаккха даьхкинчу адамех юьззина хуьлура х1етахь зал. Цкъа накъосташца концерте хьажа вахча, билеташ д1адевлла хиллера. Контролере удостоверени гайтина, суна Эдисултановна т1еваха лаара, юха араверву со, элира ас. Шит1ига соьца накъостий бу, билеташ хуьлийла хир дарий, хаьттира ас.

«Билеташ ца оьшу, схьачубалабе», – аьлла хьалхха г1енташ х1иттийна охьаховшийра тхо.

90-чу шерашкахь массанхьа а тезеташ лаьтташ, адамаш сингаттаме хиларна «Синкъераме сахьт» программа д1атесира халкъан доглозуш волчу артиста, цо юкъаялийра дагна 1аьткъаш йолу драматически сценкаш. Амма халкъана йовзоза йисира 90-чу шерийн т1амах лаьцна цо язйинарш.

Артист бохучу дешан маь1на муха дийр ахь аьлла, ас цкъа хаьттича:

«Шен къоман хазаниг, диканиг, оьзданиг кхечарна д1агойтург ву-кх и», – жоп делира Шит1ас.

Хала мур бара аьлла ца 1аш, шайн уьйт1арчу раг1у к1ел музей схьайиллира цо. 1алашйинчу экспонаташна юкъахь артистийн костюмаш, дечиг-пондарш, 1адхьокху пондарш, шедагаш, кхиболу г1ирсаш бара. Гуччу меттехь хьалатоьхнера Эсамбаев Махьмудан, Айдамирова Мареман, киноактерийн даккхий суьрташ.

Эдисултанов Шит1а тешара юха а «Синкъераме сахьташ» дог1ург хиларх. Адамашна сингаттам латтош болу х1ора инзаре мур д1абаьлча, юха а карладаккха дагахь а вара и ша, х1етахь долийнарг. Амма халахеташ делахь а, цунна доьг1на ца хилла машаре зама ган, юха балха вала.

2002-чу шеран 7-чу августехь дахарера д1авахара искусствон массо а дакъошкахь доккха пох1ма долу оьзда стаг. Дала гечдойла цунна.

Шеран к1еззиг цахиллехь а, цуьнан оццул вара артист. Кхоллараллин балхахь къахьега хьуьнаре вара. Адамашна везаш, царна хазахетар дохьуш хила волу иза вицван хала ду. Х1окху шеран 30-чу августехь 75 шо кхочур дара Шит1ин.