Дуьненахь г1араваьлла хелхарча Эсамбаев Мохьмад вина 90 шо кхочур ду кху шеран 15-чу июлехь, иза дахарера д1авахна 2000-чу шеран январь баттахь. Махьмудан цхьайтта шо долуш Йоккхачу Атаг1ара Соьлжа–г1ала схьакхелхира Эсамбаевг1еран доьзал. Х1етахь булканаш ечу цехе вахара хинволу артист. Цуьнан дена 1алсолтина шен к1антах инженер я кхин говзанча хила лаьара. Амма кхиазхочун боккха безам бара искусстве. Жимчохь дуьйна исбаьхьаллин самодеятельностехь дакъалоцура цо. Хинволу артист репетицешка вохуьйтура цехехь болчу накъосташа, шаьш цуьнан метта болх а беш. Дуьххьара Нохчийн пачхьалкхан драмтеатрехь гира суна нохчийн халкъан сий ойур долу оьзда к1ант. Х1етахь фашистийн Германица беш т1ом бара. Концертийн программица т1емалойн самукъадаккха фронте воьдура артист. Т1аьхьо дуьненахь г1араваьлла хелхарча хилира Махьмудах. Иза муьлхха пачхьалкхе вахча а, церан къоман хелхарш а 1амадой, царачул а тоьлашха кхочушдора цо. Со г1алат ца ваьллехь, Махьмуд Бразиле вахча , церан газеташа яздинера: «Бразилхойн хелхарш кхечу пачхьалкхерчу Эсамбаев Махьмудера 1амаделаш». Иштта хьовсархой цецбохуш, кхочушдора х1индахойн, испанхойн, перуанхойн, кхечу къаьмнийн а хелхарш. Тайп-тайпанчу пачхьалкхийн вуно дукха совг1аташ а делира цунна, цуьнан ц1е гуттаренна а д1аязйина Москварчу пачхьалкхан «Россия» ц1е йолчу концертийн залан эстрадин седарчийн галерейн экъанна т1ехь. Эсамбаев Махьмудан комаьршаллах, нохчийн къомах дог лозуш хиларх лаьцна дуккха а дагалецамаш бисна и вевзинчу нехан. Цуьнан г1оьнца вайн республикехь драмтеатр, цирк, берийн бошмаш ехкира. Артист Дениев 1алви уллора гергарло лелош вара цуьнца. Цо дуьйцура: «Цкъа Махьмудера юхалург 20 туьма ахча даьккхира ас, киносъемкаш чекхъевлча, гонорар схьа а эцна, д1алур ду аьлла. Х1етахь ялх-ворх1 туьма бен баттахь алапа дацара артистийн. Ахча схьаэцначул т1аьхьа д1адала вахча, д1а а ца ийцира цо”.
Эсамбаев Махьмуд низам ч1ог1а долуш а, шен дош кхочушдеш а стаг вара. Цкъа, дагадог1у суна, со Грозненски районан «Ильичан весеташ» газетан редакцехь болхбеш волуш, Эсамбаевца цхьаьнакхета бартбинера оха. Хан а билгалйинера. Оцу дийнахь цхьаннахьа а д1аса цадовлуш, и варе сатуьйсуш 1ара тхо. Сахьташка а хьаьвсина, «цхьайтта ма дели» оха оллушехь, не1арх чоьхьавелира Махьмуд. Цуьнца д1ах1иттина суьрташ дахийтира оха. Эсамбаев Махьмуд доккха пох1ма долу артист хилла ца 1аш, бакъволу къонах хилар гучуделира вайнах махкахбаьхначу хенахь. Х1ора баттахь куьг яздан эха дезара стаг сийсаз вар санна хеташ, цунах лаьцна коменданте д1ахаийтира цо. «Делахь оха хьо Макара эсий ца дажийначу хьажор ву»,- аьлла, кхуьнан паспорт схьа а эцна, ара а ваьлла, пхи минот ялале юха чу а веъна, схьакховдийна коменданта. Къаьсттина билгалонаш бохучу аг1онна т1ехь яздина: «Эсамбаев Махьмудана бакъо ло Фрунзе г1ала ваха». Йозанна бухахь х1оттийна 1аьржа мух1ар хилла. Эсамбаев оцу аг1онна т1ера листок (кехат) схьа а даьккхина, комендантана хьалха охьакхоьссина. Шолг1ачу дийнахь министерстве а кхайкхина, паспорт дат1ийна, аьлла, бехкбаьккхина полковника. «Суна паспорт сан дас герз карахь лардинчу Советан 1едало делла, аса могуйтур дац цунна т1е боьха мух1ар тохар», - аьлла Махьмуда. Цул т1аьхьа дей-буьсий бен ца долуьйтуш, хьун хьокхучу гена махка д1ахьажийна артист. Цхьа шо - ах шо даьлча Фрунзерчу доттаг1аша г1айг1а а бой, юха а операн театре схьавалаво Эсамбаев. Махьмуд 1едалан т1ег1анехь а боккха ларам болуш хилла хиларан билгало ю, милицин органаша паспорта т1е нохчийн куй коьртахь цуьнан сурт тохийтина хилар. Иза д1акхелхича, Дала гечдойла цунна, вайнахана санна халахийтира кхечу къаьмнашна а. Шайн дагалецамашкахь довха дош элира дуккха а кхечу къаьмнех болчу ц1е яхханчу наха. Россин Пачхьалкхан Думин председатель хиллачу Селезнев Геннадис элира: «Суна хетарехь, цуьнан мостаг1ий хила а ца хилла, берриге а доттаг1ий бара». Яздархочо Боровик Генриха аьллера: «Эсамбаев х1окху лаьтта т1е веънера шен искусство гайтина ца 1аш, нохчийн халкъ мел пох1ма долуш а, башха а ду хаийта». Ша д1акхаьчначу меттахь нохчийн, г1алг1айн к1ентий маьхза шен концерте буьгуш, оьшучохь накъосталла деш, лерамаш бора цо. И доккха пох1ма долу артист хьахийча: «Ма дукха везара тхуна Эсамбаев и кхалхар ч1ог1а халахетта тхуна», - олура оьрсаша а, кхечу къаьмнех болчу векалша а.
Со Москвахь волуш, Эсамбаев Махьмуд «Новодевичье» ц1е йолчу кешнашкахь д1авоьллина аьлла хезнера суна. Цигахь цхьацца г1уллакхаш дечу белхалошка хаьттира аса Эсамбаев д1авоьллина меттиг. Цара шайна цахуург дуьйцуш, шайн Даймахка д1авигна иза элира. Кевнах араваьлча кассире хаьттира аса. Кхузахь ца воьллина, цуьнан каш мичахь ду ца хаьа шена, аьлла, жоп делира цо. Цул т1аьхьа Даниловски кешнийн адрес карийра суна. Цига ваха дийзира автобусца, т1аккха метроца, юха трамвайца. Чоьхьаваьлча гобаьккхина гуш ж1араш яра. “Бусалба нах д1абухку меттиг мичахь ю?” - хаьттира цхьана белхалочуьнга.”Х1окху новкъа д1авахча керта т1екхочур ву, цул дехьа ду”, – хезира жоп. Цо ма-аллара, лекхачу бетонан кертана т1екхечира. Кех а ваьлла, аьрру аг1ор д1авахча карор ду, дийцира кхечо. Д1аоьхуш, хоьттуш, т1аьххьара а карийра «Даниловское мусульманское кладбище», аьлла, йоза т1ехь долу аьчкан ков. Шуьйра т1ебоьдуш асфальтан некъ а болуш, генара дуьйна гуш дара Эсамбаев Махьмуд д1авоьллина каш. Нохчийн куй коьртахь, некха хьалха кхозуш Турпалхочун седа а болуш, боккха х1оллам бара лаьтташ.
…Майда д1алаьцна яра мраморни экъанаш. «Махмуд Эсамбаев» бохучу ц1арна бухахь бутт-седий, 1аьрбойн йозий дара. Цо гойтура дуьненахь а г1араваьлла артист, нохчийн къоман оьзда к1ант бусулба динехь, боккхачу ларамца лаьтте д1аверзийна хилар.