Язык сайта

 

Язык сайта

 

Лорсанукаев У. «Нохчийн меттан говза хьехархо – Мандриева Асет»

«Дикачу д1адолоран т1аьхье а дика хир ю», – олуш кица ду-кх вайнехан. Цунна а дайна, дикачу д1адолорца болх бан йолаелира Мандриева Асет Гихт1ара юкъардешаран Эльдарханов Таштемиран ц1арахчу №2 школехь.

Шен дахаран 56 шарах 36 шо школана д1аделла цо. Оцу ехачу заманчохь шен дерриг дахар а, ницкъаш а, хаарш а д1алуш ю иза къона т1аьхье кхетош-кхиорна. 1975-чу шарахь Асета Нохч-Г1алг1айн пачхьалкхан университет чекхяьккхина.

«Дешар 1амор а, кхетош-кхиор а – дерриге а д1адахьаран бух бу урок, – кест-кеста олу Асета. – Дика урок – иза кхолларалла, искусство ю. Ткъа нохчийн меттан урокехь коьртаниг ду цхьана 1алашоне дерзийна ойлаяр, 1амочу темах кхачам боллуш кхетар».

Цо гуттар а боккхачу безамца, баркаллица дагалоьцу дешаран заведенехь шен хилла хьехархой а, хьехаран практикехула хилла методисташ а. Асет дукха хуьлу хьехархойн коллективца, школан бахамца доьзна дан деза г1уллакхаш кхочушдеш. Ткъа Асетна хьалхарчу а, коьртачу а меттехь ю урок, – кхидерг т1аьхьатеттина ду. Расписаница йолчу шен урокел сов, цо хаддаза д1ахьо кхийолу урокаш. Ткъа нагахь цхьана бахьанийна расписаница мукъа хан яьлча, кхузахь а шен нохчийн меттан урок д1аяхьа хьожу иза.

Асет дешархойн а, шен хьехархойн коллективан хьашташца ехаш ю. Цундела, кхеташ ду миччахьа а – ц1ахь, урамновкъахь, юкъараллин меттехь – цхьаьнакхетча, цо деш долу къамел школех, дешархойх, хьехархойн коллективах лаьцна хилар. Тахна 36 шеран белхан зеделларг долуш йолу Асет ч1ог1а тешна ю хьехархочун коьрта декхар – дешархо кхетош-кхиор, деша 1амор сийлахь г1уллакх хиларх. Цунна урокехь коьртаниг а, коьрта доцург а дац – дерриге а ду коьртаниг. Урокехь цхьана х1уманан г1овг1а ялар, ларамаза аьлла дош хьехархочун тидам боцуш ца дуьсу.

Цхьайолу урокаш (дукха хьолехь нохчийн литературан урокаш) Асета классал арахьа д1ахьо, практикица а, дахарца а герггара цхьаьна а юзуш. Цундела тахна цуьнан хьалха хиллачу дешархойх дукхахболчара хьехархочунна баркалла аларца дагалоьцу и урокаш.

«Бераш кхетош-кхиоран а, царна дешар 1аморан а уггаре коьрта кеп шегара масал гайтар ю», – дуьйцу Асета.

Цуьнан цкъа а дац балха т1аьхьа йисар, цхьа х1ума дицдар, я биэн ца хеташ хилар – дерриге а оьзда, г1иллакхехь ду цуьнан. Нахаца к1еда-мерза, амма нийсо езаш ю, дегалазамца т1еоьцу цо хьанна а хилла бохам, муьлхачу а меттехь хуьлуш долчун нийсонца мах хадабо.

Асет боккхачу доьзалан дика нана ю – ялх йо1 а, цхьа к1ант а ву цуьнан. Цуьнан х1усаман не1арш хьешашна гуттар а йиллина хуьлу.

Асета забар йо: «Сан доьзал – иза ц1ера хьехархойн кхеташо ю». Иза иштта дан а ду. Асетан пхи йо1 шайн ненан новкъа яхна, хьехархочун белхаш беш ю.

Шен х1ора дийнахь болчу балхахь Асета коьрта лору шайн школа чекхъяьккхинарш могаш-маьрша а, хила безачу барамехь дешар 1амийна а, оьзда а нах хилийтар, берийн пох1ма кхиор а.

«Муьлххачу а дикачу хьехархочун хиндерг, цу юкъахь, со тешна ю, сан хиндерг а, сан дешархойн берашкахь ду», – элира цо, сан шеца хиллачу къамелехь.

Суна хетарехь, иштта дешнаш дикачу, шен ц1ийца пох1ме йолчу хьехархочо бен эр дац. Иштта алархьама, шен дахарехь оцу дешнийн маь1нах чекхъяла еза. Цхьаццаберш хьехархой бу, кхиберш дика хьехархой бу. Болуш бу шайн дагца, пох1мица, оцу шаьш хаьржинчу г1уллакхна бина хьехархой а. Царах цхьаъ ю Мандриева Асет.

Бакъболчу некъа т1е бирзина, шайн ницкъаш а ца кхоош, вайн хинйолчу сирлачу кханенга сатуьйсуш, къона чкъор кхетош-кхиош, царна к1орггера хаараш луш, хан-зама ца лоьруш, хьанала къахьоьгуш схьайог1у тахана Гихт1ара №2 йолчу школан хьехархойн коллектив.

Дуккха а бу школехь балха т1ехь б1аьрла кхиамаш бохуш болу хьехархой. Амма тахана къаьсттина билгалбаха лаьа тоьллачарна юкъехь а тоьлларш. Уьш бу: биологи а, хими а хьоьхуш йолу Бибулатова Эниса а, географин хьехархо Шаипова Лиза а, физик Абубакаров Алибек а, историк Кадыров Сайд-Мохьмад а.

Иштта хьехархой мел бу, дешархойн дай-наной школехь долчу декъана сапарг1ат хила мегар ду.