Язык сайта

 

Язык сайта

 

Лорсанукаев У. «Поэт-илланча Дикаев Мохьмад»

Б1аьстенан 1уьйранна маьлхан хьалхарчу з1аьнаршца сама а довлий, дахаран хазалла нахана кхин а марзъеш долчу олхазарийн эшарех терра дара шен пхийтта – ялхийтта шо кхаьчча яздан волавеллачу Дикаев Мохьмадан зевне аз.

Дикаев Джунайдан Мохьмад вина 1941-чу шеран 1-чу сентябрехь Соьлжа-Г1алахь. Чекхъяьккхина хьехархойн институт. Къахьегна Нохч-Г1алг1айн пачхьалкхан университетехь литература хьоьхуш. Поэт, публицист, 1илманча- фольклорист вара иза.

Дахарехь 38 шо бен ца доккхуш д1авахана, иза дуьненчу ваьлла х1инца 70 шо кхаьчна. Иза тахана вайца вац. Иза бакъдуьнена д1авирзина, амма вайца яха йисина цуьнан исбаьхьа байташ, иллеш, дисина Дала доккха пох1ма деллачу стеган бен хила йиш йоцу говза дош. Шен йоцучу оьмарехь цо кхоьллина т1аьхьарчу т1аьхьенашна марзонца ладог1а а, деша а чулацаме, аьхна, ира мог1анаш. Вайн дукха бац цуьнан т1ег1ане кхаьчна поэташ. Дезачех дезчу жовх1арийн меха йолу цуьнан дукхахйолу байташ, авторан долара, цо шаьш яз ма-йиннехь, д1а а евлла, халкъан хилла, дерриге къоман дола евлла.

Дикаевс яздинчу «Нохчо ву со» ц1е йолчу иллин дешнаш тоьар дара вайна Мохьмад веза хета, цуьнан лаккхара мах хадо. Бакъволу нохчо муха адам ду гайтина цо оцу иллица, гайтина иза шен мохк, мотт безаш, шеца тешам, яхь, г1иллакх-оьздангалла йолуш, «цхьана а къоман къонахчуьнца гамо йоцуш» хилар.

Нохчо ву со,
Нохчийн зудчо борз ехкинчу 
буса вина.
Ц1оькъа – лоьмо шен
маьхьарца
Вижинчуьра г1аттавина.
Нанас иллин накха белла, 
Илли ала векал вина,
Нохчийн маттах, 
нохчийн махках
Берахь дуьйна дозал дина.

Х1аъ, «нанас иллин накха белла, илли ала векал вина» вара Дикаев Мохьмад. Оцу некхан шуьрица цхьаьна нанас оцу бакъволчу нохчочунна елла кхин а дуккха а доьналлин аг1онаш…

Дикаев Мохьмадан кхолларалла нохчийн поэзехь дийна цхьа мур бу аьлча, нийса хета. Цуьнан «Сан даймохк», «Догу сан дог», «Дагна синтем лоьхуш», «Кавказан 1уьйре», «Сан безам», «Ас лоьхург мила ю», «Хьан б1аьргийн нур» поэзин жовх1аршлахь а жовх1арш ду. Дуккха а нахана и дешнаш а, царна баьхна мукъамаш а девза, цара дегнаш меттах а доху.

Тхан юьртахь тийна ду,
Наб яйна со цхьаъ ву,
Лерина лоьхуш.
Ца гарна кхоьруш,
Сахиллалц леларх, к1ад ца луш,
Ас лоьхург мила ю?
Ала соьга,
Сирла седа,
Ирсах хьоьгуш,
Ас лоьхург мила ю?..

Иза дийна волуш поэзин кхоъ книга араяьлла Дикаевн: «Нохчийн х1усам» (1965 шо), «Догу сан дог» (1967 шо), «Деган мерзаш» (1971 шо).

Нохчийн поэзехь дуьххьара фольклоран, х1инцалерачу меттан синтез йина ду цуьнан дош, иза лаккхара поэзин культура йолуш поэт вара. Нохчийчоьнан сирла кхане хила декхар а, хьакъ а дуй хиъна, а цуьнгахьа сатийсина ца 1аш, къахьега а, къийса а кхайкхина, тахана а кхойкху автора вайга:

Дагна синтем лоьхуш,
Аре теллина,
Безаме сатуьйсуш,
Ойла г1елйина,
Буьйса 1аьржа хиларх,
Беттан лар гина,
Ирсах дог ца дуьллуш,
Ас сайн некъ бина…

Дикаев Мохьмада бина некъ оьзда а, ц1ена а бу. Иза дукха экаме стаг вара. Г1араваьлла волчу поэта, 1илманчас Сулейманов Ахьмада Мохьмад д1акхелхича элира: «Дикаев Мохьмад, мурйоьлла дечиг санна, кхерчахь сийсачарех вацара. Иза, чоь сирла а йоккхуш, вогучех вара. Вай и лар а ца вира».

Иза вайн вешан бехк бу – хьакъволчун сий ца дар, лар ца вар, цуьнан аьтто ца бар. Бусалба дин хьоьхучу наха вайга кхойкху стеган г1олацаре, стаг шен балица ша а ца вуьтуш, цунна орцах довларе, вовшашца мерза а, сий-пусар деш а хиларе. Хиллачух, д1адаханчух, зеделлачух пайда а оьцуш, тахана сема хилар – вайн декхар ду.
Дикаев Мохьмад санна поэташ сих-сиха ца бог1у, амма баьхкича, шайх классикаш а хуьлий, гуттаренна а буьсу уьш бакъйолчу поэзин хьаьрмехь. Иштта, поэтан-классикан Дикаев Мохьмадан ц1е нуьре лепар ю нохчийн мукъаме а, башха а дош дезачунна.