Суна гергахь, литературин хьехархочун коьрта декхар дешархошна 1амо билгаляьккхина исбаьхьаллин произведенеш йовзийтар хилла ца 1а. Уггар хьалха, суна хетарехь, цуьнан коьртачех декхар ду, юьхьша (личность) – адам кхиор. Ойла лехамехь йолуш, дахаран чолхенех кхета шен хьежамаш а болуш, морзахечу некъашкахь тилделла довр доцуш, диканна г1атта кийча, г1иллакхе, оьзда адам.
Цхьаболу хьехархой мелла а сингаттамехь хуьлу, классал арахьара дешар бохучу урокашкахь шаьш х1ун дан деза ца хууш. Ткъа суна а, ишта исбаьхьаллин литературин йийсарехь болчу кхечарна а кхаъ хуьлу цу сахьтех. Стенна аьлча, цу сахьташкахь хьехархочун бакъо ю, шена товш а, чулацаме а хета произведени юьхьар а лаьцна, болх бан, масала, цхьана-а гурахь а воцуш, хьайн дог лаьтташ, хьайна дош хеташ долу дийцар я байт схьа а эцна, кхиазхошна т1е1аткъам бан, церан адамаллин хьаса самабаккха, «партал» кхетам самсабаккха, 1ар-дахар тидарехь, кхеторехь, т1еэцарехь берийн гомха ойланаш к1аргьян, шорьян.
Цу декъехь ас кест-кеста г1ортор ечех ю Бексултанов Мусан кхолларалла а. Цуьнан дийцарш дешархошца цхьаьна талламе дохкуш, оха хийла ойланийн литтанаш херцийна, оццул х1ума Мусана шена дага а деъний те аьлла, шеконе а дуьйлуш, тхаьш-тхайх цец а дуьйлуш. Бакъду, цу кепара, байташ биста кхаччалц, исбаьхьаллин говзарш т1ехь къахьега, уьш берийн кхеле яхка, литературе шовкъ хиларал сов, иза йовза а еза. Вуьшта аьлча, нагахь хьехархо литература евзаш а, езаш а велахь, цунна атта хуьлу ц1еххьана лестинчу ойланна т1е куьце барзакъ духа а, цхьа жимачу, к1адбоцуш хеталучу х1уманна т1ера доккхачу маь1не ван а.
Соьга хаьттича, хаттарех йоьттина хила еза хьехархочо хаьржинчу произведени т1ехь д1ахьуш йолу урок. Хаттарш дукха мел хили а, дешархой ир-кара х1итто а, дахарца з1е яло а, дустарш дало а атта хуьлу. Хаттарш дала хаар а ю цхьа говзалла. Со теш ву уьш, д1о-о лакхахь, хьаькамаллин г1антахь а воцуш, кхиазхошка нисвелла, церан нийсархо а хилла дала деза аьлла. Дала деза, «диг детташ» санна, к1оршаме хьу йоцуш, к1еда-мерза, забар юкъаяло а магош.
Масала, ас сайна могуьйту ишта ала: «Хьенех, хьо ма яра, шайт1анан нанна Паккина дага цадог1ург а дага а дог1уш, маттана говза, хьуна х1ун аьлла хета? Валид а ву хаза дуьйцуш, 1ехийна 1уьргара лаьхьа а боккхур болуш. Хьуна х1ун ду товш оцу турпалхочуьнгахь? Цхьа лар т1ехь доццург а аьлла, и 1уьрг лаьхьана т1арал а гатдийр долуш-м Хьасан а ву шуна ван-м. Ахь муха туьду, Хьасан, йо1а делла жоп?».
Мухха делахь а, царах д1аэвелла, кхиазхойн нийса накъост волуш санна, дан дог1у хьехархочо къамел аьлла, сацам болуш ву со. Дешархойн дог-ойланаш самсаяхарехь, куьзгана чохь санна, дахар гарехь, кхеторехь аьтто беш ду Бексултанов Мусан цхьа мог1а дийцарш. Ткъа х1инца, хьехархошна г1о хиларе са а туьйсуш, (къаьсттина къоначарна, х1инц-х1инца и хала дукъ т1елаьцначу хьехархошна) ас ялайо «Къола» дийцар т1ехь д1аяхьа тарлучу урокан кеп.
Бексултанов Мусан «Къола» дийцар
«Нагахь хьан г1о оьшуш,
велахь цхьаъ тахна,
Сихлолахь цунна т1е,
кханеш ца йохкуш…»
Арсанукаев Шайхи
Доцца дийцаран чулацамах.
Коьрта турпалхой: воккха стаг Бахьарч, цуьнан х1усамнана Жоврат. Бахьарч цомгуш ву. Ши шо ду иза меттара г1аттаза. Цхьана лазарнера (больницера) кхечу лазарне вуьгуш, да лоьраш т1е а кхийлина, к1ант лома хьалавахна шен азделла даьхний дажо. Ц1ийндега хьожуш ерг Жоврат ю. Муьлхха а дархочо санна леткъамаш бо Бахьарча.
Шен ма-хуьллу иза тево Жоврата:
«Ма бехьа, Бахьарч, Далла леткъамаш, лазарш ма-ду уьш, лазарш», – бохуш.
Т1етесна юрг1а а некхана деза хеташ, вочу хьолехь волчу Бахьарча сагатдо арахь 1оьхучу аттана. Юккъехула:
«...Шим болийний цо, Жоврат?», – хеттаре а вуьйлу иза. – Лулахочуьнга Висхега ехий», – докъар ялар доьху цо Жоврате.
Вукхо ца еллий хиъча, цо билгалдоккху хьалха Висха ишта хилла цахилар. Цул т1аьхьа лазархочунна наб озайо. Майра набаро 1ехийна гича, д1атевжинчохь наб озайо Жовратна а.
Бахьарчана ша велла г1ан го. Г1енах цуьнан каш чу йог1у цхьа боьха, ирча х1ума, охкаделлачу т1ерех декхаш лаьхьарчий а долуш. Цо дуккха а ц1ерш ягарйо, адамехь товш йоцу сакхте ц1ерш: писалла, тешнабехк, хьаг1, догъ1аьржалла, моттбеттар…
«Хьо схьавог1уш, цхьа а вацара ас ц1ерш яьхначарах вала кечлуш?»
«И ц1ерш йолуш цхьа а вац суна вевзачарах!», – жоп ло Бахьарча.
Хорша еъча санна, куьйгаш а, дег1 а дегош хуьлу. Юха иза ц1еххьана, шена т1ера юрг1а охьа а кхуссуш, ирах1утту... Берзинчу когашца лайлахула, хьерваьлча санна, д1ахьоду керташкахула… Цо цхьа шабарш до, шех ка а етташ:
«Хир дац, дац… Йог1ур яц хьо Висхин каш чу – писалла, догъ1аьржо…», – Ша халла баьккхина алан цинц а бохьуш, иза юхаводу.
Амма цуьнга божлин не1 ца еллало… Иза цхьана «бухбацаре» охьавужу… Лайлахь вала веттало. Цу хенахь, шина шарахь г1еттина воцу ц1ийнда меттахь ца карийча, инзаре цецьяьлла, «маьхьарца, генна д1асадахна ши куьг а долуш», Жоврат араэккха.
«Вала ца везарг вала хьан! Хьо х1ун дан г1ерта суна? Ас хьан мила вийнера? Нахе х1ун доладайта г1ерта хьо суна?... Соьгара х1ун гучудаьллера хьуна, ва Бахьарч?! Хьан вала хьайн вала ца везарг!», – цо мара а вуллий, чувуьгу шат1улг санна волу Бахьарч.
Майра беллачу нехан ц1ерш яха воьлча, Жоврат еса деша стаг вало д1ахьоду, амма Бахьарч 1ожалло д1аваьхьна караво цунна юхаеъча.
Ишта бу дийцаран чулацам.
Хьехархо:
– К1ентий, мехкарий, уггар хьалха, шу мел тидаме хилла а хьожуш, цхьа гилгаш дохуш санна, вайн кхетам к1амбеш, шу мел хьекъало сагатдеш ду хаа хеттаре вийла воллу со. Вайн къоман кхолламехь луьра еъна хан карла а йоккхуш, авторо шатайпа кхетадо Жовратан елхар. Цо х1ун боху цу хьокъехь? Стенна йоьлху боху авторо Жоврат?
(Казахстанехь шен хаьддачу х1уна, Бахьарч д1а а кхелхина, шен т1аьххьара южучу г1орторна. И дийцаре деш дагадаийта тарло, къам дохийча, Жовратан санна кхаж баьлла вайнахалахь эзарнаш зударий хилла хилар).
Хьехархо:
– Некхан ваз т1етесна юрг1а а деза хеташ, вочу хьолехь ву Бахьарч. Х1етте а цхьа меттиг ю дийцарехь воккхачу стеган дахарца йолу з1е, шовкъ гойтуш. Д1авахана вала воллуш, дег1 г1орасиз хиллехь а, цуьнан дог-ойла сема а, дахарца йозаелла а ю. Муьлха ю и меттиг?
(1оьхучу аттана сагатдо Бахьарча. «…Къа хьарчор ду-кх цо ч1ог1а. Шим болийний цо, Жоврат? – хоьтту цо юккъехула. Аьттан мохь хезча: «...Цхьа ц1ов», – хазадо цо. Леш воллушехь а, цунна ша декхарийлахь а, бехке а хета ур-атталла хьайбанна хьалха а).
Хьехархо:
«…Хи-м ца дезара… балдаш т1аддехьа сан… Дела, д1аэцалахь со… Я та1зар х1унда… х1ун г1уда…», – валарчу вирзинчу стеган дешнаш цкъадолчунна инзаре дека. Стенна боху Бахьарча ишта?
(Цкъа делахь, цунна лазаран балех хьалхавала лууш санна а хета, 1ожалла т1е а эцна. Ша Делах тешаш, бусалба стаг хиларе терра, гарехь, иза кхоьру шегара цхьа ледарло яларна, г1уданна санна ша меттахь вахваларна… Цо, баккъала а кхера а кхоьруш, дехаре леткъам бо Деле ша д1аэцар доьхуш).
Хьехархо:
– Бахьарчан г1ан тида майралла к1енташкахь алсам хила там бу. Цуьнан маь1на муха ду аьлла хета шуна?
(Лазар коьрте а даьлла, г1орасиз меттахь велахь а, вай билгал ма-даккхара, Бахьарч дахарна сема, де эшначунна т1ех1отта а, г1оьналлин куьг кховдо кийча а волуш, хене ваьлла, догдика стаг ву. Шена гергахь, шен лулахочун Висхин докъар лачкъийна а, эхартахь цуьнга хотту болчу бартах иза хьалхаваккха лаьа Бахьарчана. Гинарг г1ан доллушехь, цуьнан хан яц кхетаман терзанца ша дийриг оза а я литта а. Цуьнан цхьа лаам-1алашо ю – Висха к1елхьарваккхар, мацах цкъа дика, «ишта» ца хиллачу стагна г1о дар).
Хьехархо:
– Муха, х1ун з1е яло мегар ду докъаран ц1евнний, Бахьарча лелочунний юкъахь?
(Докъаран ц1ов Бахьарчана гергахь лахвелла, к1езгалле вирзина Висха баланех, барт-хаттамах хьалхавоккху дог1а ду. Оццул холчохь ша воллушехь, ша виц а вина, цо хьанал, беркате ойла юьхьарлаьцна-кхечунна г1о дар).
Хьехархо:
– Лакхахь жоп дала г1иртинчу хаттарна т1е тевжина аьлча, мичахь ю аьлла хета шуна Бахьарчана халахетаран лакхе? (Мискъал зарратал шеко яц, уггар цунна халахетаран меттиг ю сел хала яьккхина докъар аттанна д1акхачо г1ора цатоар).
Хьехархо:
– Лерса къардан, сардамаш доьхуш санна, къамел хазадо Жоврата, меттахь 1иллина Бахьарч, ши куьг генна д1аса а даржийна, араиккхича:
«Вала цавезарг вала хьан! Хьо х1ун доладайта г1ерта суна! Х1окху масех шарахь ас лелийнарг дайа г1ерта хьо! Соьгара х1ун гучудаьллера хьуна, ва Бахьарч!».
– Цу кепара тамаше дешнаш хеза вайна Жовратера. Цкъа делахь, могуш, тап-таза волчу стаге а до къамел ма дац иза, аьлла а хета. Муха кхетадо вай цуьнан «девне» дешнаш? Уьш аьллера аьлла бехк баккха дог1ий Жоврате?
Ойлаейша, аш муха туьду х1ара дешнаш:
«Хьан вала, Бахьарч, хьайн вала цавезарг?».
– Мила ву шуна гергахь Бахьарчан вала йиш йоцург? Иза уггар хьалха ша Жоврат ю. Ма-дарра аьлча, къадоьхуш санна, цо ден дов шена деш ду. Кхид1а цо дечу къамелехь цо билгалдоккхург а ду, н1аьна екар, говр тарсар санна, кхето хала доцуш х1уманаш. Цунна мехала ду наха аьндерг, ишта-вуьшта валар хили-кх Бахьарчан бохуш.
Цундела боху цо: «Хьо х1ун доладайта г1ерта нахе!».
– Амма Жовратна уггар коьртаниг ду адам д1акхелхича яха юьсу ц1е. Ткъа ша валар, 1ожалла бохучу маь1нехь, цо т1еоьцу сагатдича а, ца дича а хила еза чаккхе санна, цхьа, муха ала иза, велавалар, сада1ар, мог1арера хьашт-дезарш листар санна.
Цундела боху цо ц1ийндега:
«Ма бехьа, Бахьарч, Далла леткъамаш. Лазарш ма ду уьш, лазарш… Собар деха дезара, Бахьарч, собар. Лазар массаьрга а ма кхочу… Дуьне ма ду х1ара, цхьа дуьне…».
– Чаккхенга кхочуш цхьа х1ума билгалдаккха дог1у. Муьлхха а дийцаран сюжетан сиз кхиаран я цу т1ера хиламаш кхиаран лакхе хуьлу, кульминаци а олу цунах. «Къола» дийцарехь и мичахь карайо вайна?
(Масех шарахь меттара г1аьттина воцу Бахьарч, араваьлла, керташкахула докъар ян вахар, цо хьасартне докъарх каеттар).
Дийцаран маь1на къасторна юьстах бита ца бог1у дешархой. Дика хаттарш дала деза. Пондаран мерзаш санна дека дог1у хаттарш, дешархой шаьш цу ойланна т1ебало йолчу 1алашонца. Уьш дукха мел хили а, жоьпаш а хуьлу башхалла йолуш.
Маь1на къасто, масала, х1ара хаттарш х1итто а мегар ду, суна хетарехь:
Цу дийцарехь х1ун ала г1оьртина, аьлла хета шуна, Бексултанов Муса?
Воккха стаг цомгаш а 1иллина, Далла дуьхьал вахи-кх ала воллуш хилла-те иза?
Стеган дахар цхьа маь1на долуш хила деза-м ца боху те цо?
Стеган дахар велла д1аваллалц муха хила дог1у цунна гергахь?
1. Х1ораннан а шен-шен хьажам бу, делахь а, суна моттарехь, дийцаран маь1на ишта дан а тарло: ша леш волчу хенахь а шена т1аьхьаюьсу ц1е ларьян еза стага, яха юьсург и йолу дела.
2. Дезийша адамаш вовшийн, тергоейша юххерачийн, ларлойша осалчу, к1еззигчу х1уманах.
3. Велла д1аваллалц маь1не хила деза стеган дахар, пайдехьа, догц1ена вехаш – т1аккха валар а хир ду сапарг1ат.