Хьехархочун денна леринчу Российски Федерацин хьехархойн конкурсан толамхочунна, аьлла йолчу, дешаран министро Ливанов Дмитрийс куьг та1ийначу сийлаллин грамотица а, Президентан грантаца а, Нохчийн Республикера 60 хьехархочунна юкъахь билгалваьккхина Шеларчу берийн кхиазхойн спортивни школан (ДЮСШ) футболан тренер Ибрагимов Рамзан.
1948-чу шарахь Сибрехахь вина волу Рамзан, 1964-чу шарахь Шелара №7 йолу юккъера школа а чекх а йоккхий, Нохч-Г1алг1айн пачхьалкхан университетан спортан факультете заочно деша а воьду. 1970-чу шарахь дуьйна №8 йолчу юккъерачу школехь физкультуран хьехархо балхахь а волуш, Шеларчу «Вайнах» футболан командехь (12 шарахь) ловзуш хилла и.
Цу хенахь берийн футболан командин тренер а хуьлу иза. Цуьнан куьйгаллица Шеларчу берийн командо 4-за – Россин Федерацин ЮФО-хь хьалхара меттигаш боху. 1980-чу шарахь цу хенахь г1араяьллачу «Т1аьрсиган буьрка» олучу Ерригсоюзни турнирехь чемпионаш а хуьлу.
Нохчашна юкъахь дуьххьара Нохч-Г1алг1айн Республикан берийн «Хьакъволу тренер» ц1е елларг а ву Рамзан. Дуккха а грамоташ а, кубкаш а ю цуьнан. 2011-чу шарахь Нохчийн Республикан «Т1аьрсиган буьркан» кубок а яьккхира цуьнан командо. Садаев 1умаран ц1арах йолчу Нохчийн Республикан ветеранийн турнирехь а хьалхара меттиг а баьккхира.
Дуьйцу Шелара ДЮСШ-н директора Халидов Вахитас:
«Рамзан суна а, Шелара сан хенарчу футбол езачу массо нахана а, кегий долуш дуьйна вевзаш ву. Футболах а ловзуш, тренеран болх а беш, школехь физкультура а хьоьхуш, ша долу дахар берашций, футболаций доьзна ду Рамзанан, «Футболан дада» аьлла бераша тиллина ц1е а йолуш. Рамзана 1амош долу бераш цкъа а вониг, харцхьарниг лелош хааделла дац. Буьрканах ловза 1амадарал сов, г1иллакх-г1уллакх, иман-ислам (ламаз-марха леладайтар), низам лардайтар ч1ог1а ду цуьнан шен балха т1ехь. Бераша а, белхан накъосташа а ч1ог1а лоруш а, везаш а ву тхан Рамзан».
№8 йолчу юккъерачу школан директора Атуев Рамзана боху:
«Рамзан тхан школехь 40 шарахь сов физкультуран урок хьоьхуш хилла ву. Тхан коллективехь воккханиг а вара. Физкультура езаш долу кхечхьара бераш а и бахьана долуш дог1ура тхо долче деша. Уггар школе дан ца лууш долу бер а, вуон доьшуш долу бер а, цуьнан уроке дан г1ерташ, сатуьйсуш хилара. Х1унда аьлча цо х1ора урок шатайпа, керла х1ума далош, цхьа ловзар юкъадоккхуш, берийн самукъадолучу кепара д1ахьора. Къоначу хьехархойн наставник а волун дела, цуьнца дагабовлура массо а. Муьлхха хаттар эцна т1евахарх дала хьехар а, жоп а хилара цуьнан. Дуккха а г1арабевлла футболисташ бу цуьнан дешархой хилла, цо футболах ловза 1амийна. Масала, лакхарчу лигехь левзина Гайсумов Дени, «Терек» командин куьйгалхо Альвиев Руслан, администратор Ибрагимов Рукъман, «Вайнах» командин тренер Патаев Аюб, кхин дуккха а. Х1инца, халахеташ делахь а, школера д1а а ваьлла, беккъа тренеран болх а беш, 1ад 1аш ву иза. Амма шен школица йолу з1е хада ца йо. Кест-кеста вог1уш а, хьожуш а ву».
«Хьалха санна масийтта болх бан ницкъ ца кхочу, могашалла а яц. Школехь сайн са лаьтташехь, д1а а ваьлла, берех хада ца лууш, тренеран болх беш 1аш ву со, – дуьйцу Ибрагимов Рамзана. – Суо хаъал хилчхьана футболах ловзуш а, и езаш а хилла ву со. Дог1анехь, лайнехь, хотталахь, чу даха пайден меттиг а боцуш, мел ч1ог1а лоьвзича а нохчо гена а ца вохуьйтуш хенаш яра уьш. Амма футбол т1ехъезарна, къар ца луш, дикане сатуьйсуш схьадаьхкина тхо, х1инцалера ветеранаш. Тахана, Делан къинхетамца, тоьлла стадион ю, спортивни комплекс ю, ловза луучунна аьтто а бу, г1о а ду деш. Со кегийчеран тоба 1амош ву. Хила дезаш дерг 36 бер бен дац, амма сан 56 ву. Буьрканах ловза лууш долу бер т1едеъча, соьга «меттиг бац» – аьлла, духа цатохало, коьртаниг – цигаьрка узуш ца хилчхьана. Х1унда аьлча цу беран рицкъа футболах доьзна хила там бу, суна иза суо бахьанехь хада ца лаьа. Шолг1а – цунах г1араваьлла футболист ца хилахь а, тхо долчехь цунна диканиг бен 1емар дац: воккханиг ларар, иман-ислам, вуочу х1уманна т1е ца г1ертар. Т1аккха цунах дена – нанна дика во1 а, махкана пайдехь стаг а кхуьур ву. Шелара боцурш, Чуьйри-Эвлара, Сиржа-Эвлара, Гермчигара бераш ду со волче схьалелаш.
Сайна еллачу грантах лаьцна ала лаьара суна. Тхан к1оштахь сол диканиш а, г1олийниш а шортта боллушехь, со хьалхататтарна доккха баркалла ала лаьара суна Шелан к1оштан дешаран урхаллин хьаькамна Керимов 1елина а, цуьнан заместительна Исаева Нурина а. Воккха велахь а, кхин д1а а, кхин дика а болх бан дог доуьйту цара, оьшуш вуй а хоуьйту, амма декхарш сов а доху. Сайн болчу ницкъаца ларо хьожур ву-кх со».