Язык сайта

 

Язык сайта

 

Мирзоева Я. «Дудаев 1абди – нохчийн литературин бухбиллархойх цхьаъ»

Литературо йоккха меттиг д1алоцу муьлххачу а къоман дахарехь. Ткъа поэзи цу литературан х1оттаман дакъа ду. Нохчийн къоман дахарехь сих-сиха т1ех1уьттуш хилла йолу хала киртигаш тергал ца еш, шайн дахар а, маршо а ца кхоош, нохчийн яздархоша, поэташа кхиийна нохчийн литература, лардина нохчийн дош.

Царна юкъахь ву нохчийн поэзин бухбиллархойх цхьаъ лара вог1уш волу Дудаев 1абди. Цуьнан 110 шо кхачарна лерина, иза дагалоцуш яра дукха хан йоцуш Зорбанан ц1ийнахь д1аяхьна йолу кхоллараллин суьйре.

Дудаев 1абди вина 1901 шарахь Элистанжи ц1е йолчу ламанан юьртахь. Ша вехаш волу зама санна, хала а, къиза а хилла цуьнан дахар. Шовзткъа шо а кхачале хаьдда Дудаев 1абдин дахаран некъ. Дала дуьненчохь шена яккха елларг к1еззиг хан хиллехь а, дуккха а мехала г1уллакхаш дан ларийна 1абди.

Нохчийн литературин классик санна вевза и вайн къомана юкъахь. Жималлехь, школе воьду хан т1екхаьчча 1абдин дас Дудас юьртарчу хьуьжаре деша вахийтина хилла и. Цунна ч1ог1а лууш хилла шен к1антах к1орггера ислам а девзаш, дика 1еламстаг хуьлийла. Амма кхолламо цхьаьнга а ца хоттуш, шена луъучу аг1ор д1анисдина цуьнан дахар.

Советан 1едалан заманахь, Нохчийчохь 1илма а, дешар а д1ах1отточу шерашкахь, Дудаев 1абди Соьлжа-Г1аларчу хьехархойн курсашка деша воьду. Ткъа уьш чекхяьхначул т1аьхьа шен юьртарчу школе хьехархочун болх бан вог1у 1абди. Дукха ца 1аш цу школан куьйгалхо а хуьлу цуьнах. Оцу хенахь дуьйна хьехархочун болх бо Дудаев 1абдис.

Уггар хьалхара шен байташ 1абдис ша хьехархойн курсашкахь доьшучу хенахь язйина. Уьш зорбане евлира 1923-чу шарахь дуьххьара нохчийн маттахь арахеца долийначу «Серло» газетан аг1онаш т1ехь. Цу газетехь зорбатухура Дудаев 1абдин массо а байташ, х1унда аьлча дукха хьолахь уьш шайна чохь къинхьегаме, машаре кхайкхам болуш хилла. Оцу байтийн ц1ерех а кхета мегар ду, церан муха маь1на хилла. Царах цхьаерш ю «Пионерашка кхайкхам», «Бераш кхетош эшар», «Дика к1ентий», «Мало ма е», и. кх. д1. а.

Дудаев 1абдин байташа ешархошна авторан лаккхара корматалла а, поэтически хаарш а гойту. Нохчийн барта кхоллараллин ламасташ хилла ца 1аш, Къилбаседа Кавказан а, Малхбалерчу къаьмнийн барта кхоллараллин а, поэзин а ламасташ хаало Дудаев 1абдин байташкахь. Авторо гойту вайн нохчийн меттан хазалла, иза чулацаме, хьалдолуш хилар а, къаьсттина иза гучудолу 1аламах, а берех а, безамах а лаьцна йолчу байташкахь. 30-г1а шераш юккъедаханчу хенахь Дудаев 1абдин поэзи шуьйра евзира республикехь.

1935-чу шарахь Дудаев 1абдин оьрсийн матте гочйина байташ Москва г1алахь араяьллачу «Нохч-Г1алг1айн поэташ» ц1е йолчу поэтически гулара юкъахь зорбане евлира. Ткъа ши шо даьлча, 1937 шарахь Пятигорскехь зорбане яьллачу «Советан Нохч-Г1алг1айчоь» ц1е йолчу поэтически антологи юкъа а яхара цуьнан байташ. Оццу шарахь Соьлжа-Г1алахь зорбане елира «Партизанийн эшарш» ц1е йолу цуьнан поэтически гулар.

Цуьнан кхоллараллин а, дахаран а т1аьххьара мукъам бара и гулар. Цу шеран 24-чу октябрехь кхечу поэташца а, журналисташца а, яздархошца а Советан 1едална дуьхьал хиларехь а, къомана юкъахь национализм яржорехь а харцонца бехке а вина, лаьцнера иза. Ткъа 24-чу декабрехь Нохч-Г1алг1айн АССР-н НКВД-н урхалло уггар лаккхара та1зар дан бина сацам кхочушбеш, Дудаев 1абдина тоьпаш туьйхира. Мел т1аьхьа делахь а бакъдерг метта ца х1уттуш ца дисира – 1958-чу шарахь Дудаев 1абдина реабилитаци йина.

Х1окху деношкахь нохчийн литература кхиорехь дуккха а мехала г1уллакх динчу поэтан Дудаев 1абди дуьненчу ваьлла 110 шо кхаьчна. Иза дагалоцуш Зорбанан ц1ийнахь гулбеллера Нохчийн Республикан кхоллараллин интеллигенцин векалш, кегийрхой, поэтан гергара нах а. Царна юкъахь вара Россин халкъан артист, поэтан к1ант Дудаев Муса.

Цхьанакхетарехь гулбеллачара билгал даьккхира Дудаев 1абди даггара шен къам а, мохк а безаш стаг хилла хилар а, нохчийн поэзин бухбиллархой и лара вог1уш хилар а.

Къиза кхоллам бахьанехь кхоллараллехь дуккха а къахьега Дудаев 1абдин аьтто ца баьллехь а, цуо къеггина лар йитина нохчийн литературехь а, доллучу нохчийн къоман иэсехь а.

Дала декъалвойла иза!