«Къонах ву», – махко а аьлла,
Юьртарчу кIентан цIе яьлча,
Ден-ненан долара волий,
КIант воьрзу Даймехкан дола!»
Соьлжа-ГIалахь №54 йолчу школехь дIадаьхьира Кааев Хьасан дагалацаран цхьаьнакхетар.
Кааев Хьасанера даьлла хьуьнар дийцина ца валлал доккха маь1на долуш ду. Эзарнаш адамаш кIелхьара даьхна цо, шен дахар дуьхьал дIа а луш.
Дагалацаман цхьаьнакхетар вовшахтоьхнера «Оптимум» цIе йолчу юкъараллин организацис Нохчийн Республикан Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIе латторан департаментан а, «Диалог» цIе йолчу кегийрхойн боламан а гIоьнца.
Билгалъяьхначу организацийн векалш а, иштта Кааев Хьасанан да Шарпуди, нана Шаймани, кхиболу гергарнаш а бара хьешашна юкъахь. Школан дешархоша Хьасанна лерина йолу байташ йийшира.
Ткъа цхьаьнакхетар дерзош, №54 йолчу школан директоран кхетош-кхиоран декъехула волчу заместитела Хьасанна тIера доIа дира, массара «Амин» а олуш.
Кааев Хьасан вина 1971-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь. Чекхъяьккхина №54 йолу школа. Эскарехь Х1аваан кхерамна дуьхьало яран эскаршкахь г1уллакх а дина, шен махкана а, къомана а пайдехьа хила лаамах вуьззина, цIа веара ша винчу гIала.
ЦIе йойъучун болх хаьржира Хьасана… Цигара вахара иза гIазоте а…
Соьлжа-ГIала. 1992-чу шеран 21-ра октябрь. Арахь шийла яра, хьоькхуш мох бара… Цу Iуьйранна Анисимовн цIарах йолчу мехкадаьтта кечдаран Соьлжа-ГIалин заводан №2 йолчу «нефтепаркехь» цIе елира. Догучу мехкадаьттан гIовгIано а, лелхарша а самабехира, Iалхан-Юртан, Iалхан-ГIалин, Кирован поселкан а бахархой. Йогучу цIаро дIалаьцнера мехкадаьттан сурсаташ чохь йолу 45 яй. Х1ора а яй 200 кубически метран барамехь бара. Царах эханнашна чохь бензин дара, вукхарна чохь качйина газ яра. Ши яй цхьаьна иккхира.
Цхьа гериг мукъне а пропан чохь йолчу яй чу кхеттехьара, Iалхан-юрт латтаца дIашарйина хир яра. ЦIаро дIалоцур яра Анисимовн цIарах йолу ерриге завод. Ткъа заводан кертахь бIе эзарнаш тоннаш мехкадаьттан сурсаташ а, качйина газ а яра. Кхид1а Кирован поселкехь йолчу бензин чохь долчу «резервуарашна» тIе летара яра цIе, жимма дIанехьа Новогрозненски «ТЭЦ-2»-н даккхий 1аьнаран яйнаш, цу йистехь химин завод а, йоккха нефтебаза а, масийтта нефтепарк а яра.
Гергга хиллачу бохаман сурт а хIотталур дац. Йогучу цIеран юккъехь Цельсийца эзар градус йовхо яра. ЦIе йойъу ерриге гарнизон яра гIаттийна, амма адамашка дуьхьало ца яларо цIеран къематана. Цу цIарах боккха бохам ца хилийта, пропан чохь йолчу яйнашна тIе боьдучу новкъахь дIакъовла езаш г1уй яра. Цхьаммо дан дезара иза.
Кхерамечу г1уллакхна хьалхавелира уггаре къона волу Кааев Хьасан. 21 шо бен дацара цуьнан хIетахь. Иштта а, цIе йойъуш, вагийна вара иза. ХIетте а, кхерам байна, цIе юккъе вахара Хьасан, цо сацийра хила гергга болу бохам, кIелхьара дехира эзарнаш адамаш. Амма лакхара мах белира шен хьуьнарах – шен дахар…
Доца, амма турпала дахар… Шен дахаран уггаре хазачу хенахь дIавахара иза дуьненчуьра. Кхинаш бахийтархьама шен дегI, шен са а ца кхоийра цо. Дийна воллушехь, цIергахь вегира къона Хьасан… ХIетахь дуьйна 20 шо хан яьлла, амма Хьасанан цIе а, цуьнан хьуьнар а дисина вайн дегнаш чохь.
Дала гIазот къобал дойла цуьнан! Цу тайпа майралла, доьналла, яхь йолу к1ентий ма эшабойла нохчийн къомана!