аьллачу ойланца д1аяьхьира нохчийн меттан хьехархочун Вагапова Асета ненан мотт хьехарна шен дахаран 50 шо д1адаларна лерина йолу суьйре. Дешаран белхахойн говзалла лакхаяккхаран нохчийн институто а, Соьлжа-Г1алин дешаран департаменто а, республикан нохчийн меттан хьехархойн юкъаралло а вовшахтоьхначу оцу суьйрене гулбеллера нохчийн меттан говзанчаш, 1илманчаш, яздархой, иллиалархой, республикан районашкара, ярташкара хьехархой, журналисташ.
Суьйре д1ахьочу г1алин №36 йолчу школан нохчийн меттан хьехархочо Батаева Альбикас а, Хьалха-Мартанан районан дешаран декъан коьртачу говзанчас Альтемиров 1арбис а бовзийтира гулбелларш: 1илманча Хасиев Сайд-Мохьмад, Нохчийн Республикин хьакъволу хьехархо Далатов Адам, халкъан яздархо Рашидов Шаид, поэташ Ахмадов 1умар, Цуруев Шарип, Юсупов Руслан, Борхаджиев Хож-Баудди, илланча Ясаев Мохьмад, «Орга» журналан коьрта редактор, яздархо Минкаилов Эльбрус, эшаршлакхархой Адамова Тамара, Бетильгериев Хьусейн, Вагапован хилла болу дешархой, цуьнан белхан накъостий, гергарнаш, иштта дуккха а кхиберш а.
Нохчийн халкъан артиста Ясаев Мохьмада д1ааьллачу «Гуьйре» иллино цхьа тамашийна цхьаалла кхоьллира «Грозный-Ситин» 32-чу г1атна а лакхарчу зала чохь нохчийн меттан хьехархочун сий айдан, цуьнан ларам бан гулбеллачарна а, кхушара цхьа башха к1еда, хаза лаьттинчу гуьйренан шийла дерза т1есерсачу денна а юккъехь. Залан стигал гучу мимарх т1ам тоьхна, нохчийн мотт буьйцу цуьнан хьеший а, коьрта турпалхо Асет а «декъалйира» к1айчу кхокхано а.
«Дикачу адамийн юьхь а хуьлу сирла,
Довха хуьлу кийрара мел долу дош.
Ахь дахар халкъана, махкана ло,
Яхь ларйо, ийманехь еха хьо, тхан йиша.
Цундела оха хьох дозалла до», - Рашидовн байташа а дийцира Вагаповга болчу сий-ларамах. Асет декъалъяран шен куьйгайозанаш делира поэта.
Шен юьртахо хиларна а, нохчийн мотт хьоьхуш хьанал къахьегарна а Асетах долу дозалла акростихца довзийтира Ахмадов 1умара:
Асет, ахь новкъа баьхначийн эзарнийн озаца,
Езачу ненах хьан амат тардина,
Тхан лерам бу хьоьга, хьуна ша хьакъ болуш.
Асетан дех-ненах а, церан доьзалх а лаьцна дийцира Хасиев Сайд-Мохьмада, цул сов, т1етуьйхира цо:
«Нохчийн б1овнан коьртачу б1ог1амах Ерда-б1ог1ам олу, иза оцу б1овнан х1усамнана ларало. Асет а, и санначу нохчийн х1усамнанойн а белша т1ехь лаьттина б1ов къовлу ц1урко т1улг а. Хийла, х1окху дуьненан харцоно массо а х1умнах дог доккхий, юьрта д1авахна, бежана-котам лелош 1ийр ма ву со, олий, айса нигат дича а, аша, зударша лелориг дага а дог1ий, юха а сайн болх д1акхохьуш, х1окху хене ваьлла-кх со. Шу хилар ду тхо хилар а. Дала дукхаяхайойла хьо».
Мартанхоша, Асетан гергарчу наха Барзукаев 1адлана а, Абдулхалимов 1алис а дийцира цуьнан а, шайн а къоналлин заманах лаьцна. «Асетца йолчу яхьна нохчийн мотт а 1амийна оха, ненан мотт а, нохчийн къам дезар а, царах доьзна дерг деза хетарна а цунах 1емина тхо», - ч1аг1дира 1адлана. Асетах дуккха а довха дешнаш элира Борхаджиевс, Бетильгериевс, Цуруевс, Минкаиловс, М. Айдамировас:
«Вайн махкахь вешан къоман матто д1алаьцна меттиг ца евзаш дац вай. Х1етте а, х1ара хьанна оьшу, аьллачу хаттарна шена жоп карийча а, и хала дукъ охьа ца кхуссуш, 50 шаре кхаччалц схьакхехьна хьехархо сий дан хьакъ ю. Дала сий дойла хьан, Асет», - дара церан бистхиларан коьрта маь1на.
Цунна лерина дийкира «Вигахьа, нана, со асара», - Хьусейна д1ааьлла илли а.
Шен хьехархочух лаьцна дийцира цуьнан дешархо хиллачу Байсултанова Розас:
«Сан хьехархочун сий-ларам бан шу вовшахкхетар сан дагна хаза ду, Дела реза хуьлда шуна. Суна Асет Бисултановна хьехархо хилла ца 1ийна, сан шолг1а нана хилла. Сайн маттах, сайн къомах, Даймахках дозалла дан цо 1амийна со. Уггар ч1ог1а дов деш олура цо тхоьга: «Хьуо мила ву хаий хьуна?». Иза дара, хьо нохчи велахь, хьоьца ледара долу х1умнаш хила ца деза. Хьоьца эхь, яхь, г1иллакх, оьздангалла, комаьршалла хила еза. Дега-нене, Даймахке, къоме, цуьнан матте безам хила беза. Асет Бисултановна, иман-беркат шортта лаьттийла хьан х1усамехь, вог1у хьаша ма оьшийла хьуна, могаш-маьрша йолуш, ирс-аьттонца, Дала дукхаяхайойла хьо тхуна».
Зурабова Фатимас а, Ибаев Султана а Асетна лерина язйина стихаш йийшира:
Шел оьзда хир йоцуш, нохчолла дезаш,
Шел тоьлларг кхин воцуш, ненан мотт безаш,
Олу дош – дешин мах, йо ойла – сирла малх,
Лаьар-кха ахь хьахадойла вайн нохчийн къам…
Шайн белхан накъостах довха дешнаш элира 39-чу школан векалша а. Нохчийн меттан хьехархочун сий-ларам барца Нохчийн Республикин Парламентан Председатела Абдурахманов Дукхувахас даийтина декъалдар а, Сийлаллин грамота а, Юкъараллин палатин куьйгалхочо даийтина декъалдар а, совг1ат а делира Асетна Юсупов Руслана.
Суьйре ерзош йистхиллачу Вагаповас баркалла элира шен къинхьегаман иштта лаккхара мах хадо гулбеллачарна.
«К1еззиг бац Нохчийчохь нохчийн маттана бецаш, цуьнан г1аролхой хилла лаьтташ болу хьехархой, – билгалдаьккхира цо, – уьш берриш а хьакъ бу иштта лара. Муьлхха а х1ума цхьаьна юьхь т1ера ма долалой, цундела, тахана вай вовшахкхетар оцу дикачу х1уманан – нохчийн меттан хьехархошка болчу лерамна юьхь лорур ю вай. Дела реза хуьлда шуна, нохчийн мотт безарна а, и бахьана долуш, со ларарна а!».