Язык сайта

 

Язык сайта

 

Саралиева Т. «Белхан жам1 гойту г1уллакх»

Соьлжа-ГIаларчу Лермонтовн цIарахчу оьрсийн драматически театрехь гулбеллера Нохчийн Республикин халкъан а, хьакъболу хьехархой а, журналисташ а, дуккха а хьеший а.

Церан гулбалар лерина дара НР-н дешаран а, Iилманан а белхахойн профсоюзо арахецна «Нохчийн Республикин халкъан а, хьакъболу а хьехархой» цIе йолу энциклопеди а, 2003-2013-чу шерашкахь хьехархочун белхан говзаллин лауреатийн суьрташца кечйина кхушеран календарь а йовзийтарна.

Республикера бевзачу хьехархошца цхьаьна презентацехь яра Меркулова Галина коьртехь йолу Россин дешаран а, Iилманан а белхахойн профсоюзийн куьйгалхойн тоба а. Цхьаьнакхетарехь дакъалецира НР-н культурин министра Дааев Хож-Бауддис, НР-н дешаран а, Iилманан а министран 1-чу заместитела Тааев Илеса, НР-н парламентан социальни политикин комитетан куьйгалхочун заместитела Дадаев Лоьмас, НР-н корматаллин союзийн куьйгалхочо Солтагереев Хьусейна.

Презентаци йолалуш гулбеллачаьрга вистхилира НР-н дешаран а, Iилманан а белхахойн профсоюзан куьйгалхо Герзелиев Хизир:

«Тахана шун тидаме йиллина ю нохчийн халкъан а, хакъболу а хьехархой бовзуьйту «Энциклопеди» а, иштта календарь а. Оцу гIуллакхан Iалашо яра нохчийн халкъан къона тIаьхье кхиорехь шайн хаарш а, са а ца кхоош къахьегначийн цIераш цхьаьнатохар. Цуьнан кхачамбацарш дац а эр дац аса, хIунда аьлча цхьа а зеделларг доцуш, дуьххьарлера гIуллакх иза долу дела. Бакъду, тхан боккха лаам бара, «дикаллин, хьекъалан хIу тосуш а, дерзош а болчарна» хазахетар дан.

Энциклопеди тIехь 3 бIе сов халкъан а, хьакъболчу а (тахана а дукхахберш вайн школашкахь къахьоьгуш а болчу) хьехархойн цIераш ю. Цхьаццаберш вайх д1акъаьстинарш а бу, Дала гечдойла царна. Царна юккъехь бу шен цIе яьккхича а тоьуш волу Айдамиров Абузар а, Дала гечдойла цунна, Джамалханов Зайнди а, Махмаев Жамалди а, Дала дукха бахабойла уьш. Цара а, церан новкъа баханчу кхечара а сийдина хьехархочун корматаллин. Суьртийн календара тIехь дешаран декъан тайп-тайпана конкурсийн 44 декъашхо-толамхо ву – хьехархочун корматаллин седарчий. Вайн юкъаралло хьехархочун къинхьегаман хьакъболлу ларам бийриг хиларан тешамца, ницкъ кхочучу кепара алсам хьехархой вайн юкъараллина бовзийтарна лерина болх бу оха бинарг», – элира цо шен вистхилар дерзош.

Цул т1аьхьа къамелаш дира Тааев Илеса, Халадова Розас, Меркулова Галинас, нохчийн къоман зударша а, цуьнан хьехархоша а шайн къоман дуьхьа лайначу халонна сийлаллин х1оллам х1отто хьакъ хиларх элира Гелдаганарчу историка Магамадов Салама.

Презентацин болх дIабахьарехь бIаьрла дакъалецира РФ-н а, НР-н а халкъан артист, профессор, коьрта дирижер Хлебников Валерий куьйгаллехь волчу Нохчийн пачхьалкхан симфонически оркестро а, нохчийн халкъан артиста Паскаев Рамзана а, нохчийн халкъан артисткас Асхабова Хадижата а, Х1ирийн Республикин халкъан артисткас Юрьева Маринас а.

Гулбеллачийн массеран а дог айдеш, ч1ог1а самукъадаларца т1елецира НР-н хьакъйолчу артисткас, Москварчу Чайковскийн ц1арахчу консерваторин студенткас Исаева 1айнаа д1ааьлла эшарш.