Язык сайта

 

Язык сайта

 

Саралиева Т. «Дуьззинчу дахарца еха школа»

Вайн махкарчу массо а ярташкахь санна, дикачу агIор хийцамаш хилла Хьалха-Мартанан к1оштарчу ГIоййистехь а. ТIеман шерашкахь алсам эшамаш хилла а, дахарах чам болу баланаш лайна а ю хIара жима юрт. Делахь а, даиманна а хиллачун ойланашца вехаш хилча, керлачунна т1аьхьавазар ца хуьлу.

Цунна т1едоьг1на аьлча, вайн республикехь керла дахар дIахIотторехь Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана дечу гIуллакхашна юьстах ца йисира ГIоййист а. Ишттачун масал ду кхузахь цхьаъ бен йоцу, эвла йистехь, хазачу Iаламна лулахь къегинчу корашца гуш йолу юкъардешаран школа. Тахана кхузахь доьшуш 390 дешархо ву. Царна хьоьху 36 хьехархочо. Школин куьйгаллица а, коллективаца а цхьаьнакхеттачу тхан корреспондентана девзира школин дахар-хьал.

17 шо ду Дадаев МухIаддин цIарахчу ГIоййистерачу юкъардешаран школехь Зубайраев Руслан директор волу. 1979-чу шарахь хIара школа чекхъяьккхина, вайн университетан физикин факультете деша вахара Руслан. Дешнаваьлча, шен юьртарчу школе схьавеара иза.

Цул тIаьхьа хIокху 30 шарахь школаца доьзна ду Русланан дахар. Дуьххьарлерчу тIамо йохийнера кхеран юьрта юккъехь хилла школа. Мелла а куьг тоьхна, шина классехь бераш деша охьаховшо мадар а йина, юьртахойн-хьехархойн гIоьнца саьлнашкара кибарчик схьалахьийна, цунах кхин ши класс тIейина, 1996-чу шеран ноябрехь юьхьанцара школа дIайолаелира ГIоййистехь.

«Делан къинхетамца, мухIажарийн гIуллакхаш луьстуш хиллачу ООН-н Лакхарчу комиссариатан урхаллин гIоьнца кхин йиъ классан чоь йолу «щитосборни» школа йира тхуна, – дагалоьцу Зубайраевс, – и бахьана долуш, кхаа сменехь дешарца, юьртара дерриш бераш школе схьаэца таро хилира тхан. Ала деза, массанхьа а школашкахь санна, алапа доцуш хан оха а текхира. Амма Далла хьалха а, оцу берашна а, церан дай-наношна хьалха а тхайн-хьехархойн декхар дIа ца луш ца Iийра тхо.

2009-чу шеран май баттахь, тхох Дала бинчу къинхетамна, тхан юьртарчу маьждиге веара мехкан Куьйгалхо Кадыров Рамзан. Оха тхайн къа-бала балхийча, сентябрь баттахь шун бераш керлачу школехь доьшуш хир ду, элира цо. 2,5 баттахь хIара вайна гуш йолу, кхо бIе берана лерина школа йина а елира. Дела реза хуьлда Кадыров Рамзанна. ГIоййистахойн массеран а цIарах боху ас».

Школехь 15 класс, актови зал, столови, компьютерни класс, спортзал, физкультурин зал, мехкаршна а, божаберашна а лерина шиъ пхьалгIа а ю. ФГОС-н лехамашца билгалдаьккхина ма-хиллара, юьхьанцарчу классашкахь а, цул сов, физикин, химин, оьрсийн меттан кабинеташкахь а интерактивни аннаш а, математикин, биологин кабинеташкахь видеопроектарш а ю. Ингалсан мотт хьоьху лингафонни кабинета чохь. Муьлххачу урокехь шех пайдаэца йиш а йолуш, Интернет зIе а ю болх беш. Корматаллин агIор говза йолчу коллективехь тоьуш бу хьехархой а.

«Оха болх бахь, тхан болх бан аьттонаш бу-кх, – тIечIагIдира директора. – Ала деза, керлачу министра Байханов ИсмаIила а дакъалаьцна тхуна оьшург хилийтарехь. ХIокху деношкахь актови зала чу хIотто цхьа бIе кIеда гIант даийтина цо тхуна, Дела реза хуьлда цунна».

Карарчу дешаран шеран 1-чу эхашеран жам1аша гайтира школин билггала кхиамаш хилар. Масала, юьхьанцарчу школин т1ехдика а доьшуш 91 дешархо ву. Ткъа лакхарчу (5-11) классашкахь иштта дика доьшуш 93 дешархо ву. Къаьсттина аьлча, 11-чу классехь доьшучу 13 дешархочух – Яхъяева Хеда а, Хасаева Марха а, Хунарикова Лайса а, Габзаева Амнат а, Садулаева Марха а, Хунариков 1умархьаьжа а, Садаева Линда а т1ехдика доьшуш бу.

Республикин юкъараллин дахарехь цара цхьа билггала меттиг д1алоцург хиларх тешна бу церан хьехархой. Шен коллективехь кхиамца къахьоьгучу хьехархойх дийца дуккха а диканиг дара директоран. Дала могашалла латтайойла царна къона тIаьхье кхиорехь. Дахарехь ирс-аьтто а, юьхькIоме дешархой а ма эшабойла царна.

Шерашца ца ширло говзалла:

«ХIара 47 шо ду Жакалаева Халипата юьхьанцарчу классийн хьехархочун болх бо, – элира шен къамелехь дешаран декъехула директоран заместитель йолчу Зикаева Iайшата, – ала деза, тхан директоран Зубайраев Русланан дуьххьарлера хьехархо иза хилар а, ткъа иштта, тхан дукхахболчу юьртахойн хьехархо хилла а ю иза.

Федеральни стандарташ юкъайовларца, советски школин ламасташца хьеха Iеминчу, иштта хенарчу, аьлча а, дуккха а шерашкахь школехь болх бинчу хьехархошна школехь дан хIума дац, аьлла хетара. Амма Халипатан масало гойту, бакъ хьехархочун говзалла шерашца ширлуш цахилар а, муьлхха а керланиг юкъадалорехь церан зиеделларг оьшуш хилар а. Цунна тоьшалла ду цо хьоьхучу 3-чу классехь дика а, тIехдика а доьшу дешархой алсам хилар а. Юьхьанцара школа генарчу Казахстанехь чекхъяьккхира Халипата».

Оцу шерех лаьцна шен дагалецамаш бийкъира цо тхоьца:

«4 класс чекхъяьккхинера ас цигахь. Цкъа а ца йицло суна сайн хьехархо хилла йолу Евдокия Ивановна. Тхо «халкъан мостагIийн» бераш а доцуш, харцонан хьерах чекхдаьллачу декъазчу къоман бераш дуьйла дика хаьара цунна. Цундела тхоьца къаьсттина озабезам а бара цуьнан, оха дика дешча, чIогIа йоккхаера иза. Нохчийчоь меттахIотторан Указах тешначул тIаьхьа, цигахь цхьа де даккха а ца лууш хьаьвзинчу тхан дега-нене чIогIа дийхира цо, бераш дешарна юкъах ма дахахьара аьлла.

Цуьнан дехарна цара жоп далар хир дара, тхо цIадирзинчул тIаьхьа, 1960-чу шарахь Хьалха-Мартан тIехь хиллачу мехкарийн школа-интернате со деша яхийтар. Хууш ма-хиллара, юьхьанцарчу классийн хьехархо хила кечвора интернатехь. Бакъду, цул сов, цигахь директор хиллачу Малькевичан Е. куьйгаллица, дахарехь мехкаршна оьшу долчу кхидолчу массо а хIуманна – хIума тега, юург ян, стол кечъян, хелха довла, йиш лакха Iамабора уьш. Цхьа боккхачу бертахьчу, беркатечу доьзалан йоллу мехаллаш йолуш кхиадора тхо цигахь», – дагалоьцу Халипата.

Оцу заман чохь дешна нах кIезиг бара вайн, кхин а кIезиг бара дешна зударий. Цундела вайн къам юхадендаларехь цхьа билггала меттиг дIалецира мехкарийн интернаташа. 8 класс чекхъяьккхина Халипат шен юьртарчу школе пионервожати балха хIоьттира. Балхаца цхьаьна тIеоьшу дешаран хаарш а тIедуьзира цо хьехархойн училище чекхъяккхарца.

«Цкъа а ца йицло суна 1966-чу шарахь сайн хилла йолу дуьххьарлера класс, – боху Халипата. – Дикачу дашца а, доккхачу баркаллица а дагалоцу аса оцу хенахь директоран болх беш хилла йолу Эльмурзаева Р. а, хьехархой Ескиев М. а, Рогова Л. а. Царах Iемира суна бераш дукхадеза, цундела безабелира хьехархочун болх а.

Со тешна ю: цхьа а ФГОС хала гIуллакх дац, нагахь тIекхуьу къона тIаьхье диканна кхио нигат долуш хьехархо велахь. Цул сов, белхан коьрте бер а, цуьнан дуьне а, дахар а хIоттийна, цунна оьшург дерриге а, ша декхарийлахь верг хIетте а, шена юьхькIам болуш кхочушдеш велахь. ТIаккха хьакъдоллу алапа хьехархочунна дезарх а бехке дац аьлла хета суна».

Жакалаева Халипатан урокехь хиллачунна гур ду, иза башха зиеделларг долу хьехархо хилар, ткъа цуьнан дешархоша дийцарехь, цул диканиг ян а яц.