Язык сайта

 

Язык сайта

 

Саралиева Т. «Муха еха хьо?...»

2012-чу шеран 29-чу декабрехь дахаре даьлла дешаран хьокъехь долу Федеративни керла закон. 2011-чу шарахь юьхьанцарчу классашкахь юкъаялийна дешаран керла стандарташ. Царал ши шо хьалха ЕГЭ а. Мелла а хьалха, вайн махкахь лаьттина хьал бахьана долуш, дешаран дахарехь юкъадалочу керлачунна хенашца тIаьхьадисина хиллехь а, тахана Россин школашца нисса дIадоьду вайн школашкара дешар. Муха еха к1оштера цхьа школа, хIун хиламаш, хийцамаш, керланаш ду цуьнан дахарехь хьаьвсира тхо.

Къона тIаьхье кхиорехь дика ларабо ТIехьа-Мартанан №4 йолчу юкъардешаран школин хьехархой. Уьш кхузахь 48 ву.

– 519 бер долчу тхан школехь болх беш лаккхара дешар дешна ткъе бархI а, юкъара корматаллин дешар дешна шийтта а хьехархо ву, масех хьехархо лаккхара дешар доьшуш а ву, – дийцира директора Хатуева Зинас.

– Тхешан коьрта декхарш дика девза тхуна. Цундела къона тIаьхье йоза-дешарна а, школехь Iамочу Iилманех кIорггерчу хааршна Iамийна а ца Iа тхо. Уьш шайн Даймохк а, къам а, мотт а безаш, къоман гIиллакх-оьздангаллин буха тIехь гражданаш кхион йолчу Iалашонца болх беш ду тхо.

Ишттачу белхан аьттонна кечйина 15 белхан кабинет ю школехь. Керла дешаран шо долалуш кхин шиъ а – медицинин а, кхачанан а кабинеташ тIееъна, берийн хьашташ кхочушдарехь болх бан дIаюьйлаелла а ю.

1978-чу шарахь схьайиллина хIара школа шен цхьа билггала ламасташ долуш ю. Кхузахь дешна бу к1оштахь лоруш болу нах, масала: к1оштан администрацин куьйгалхо Хаджаев Беслан, дешаран декъан хьаькам Бедригов Бадрудди, Чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон белхахо, майор Берзигов Ахьмад, к1оштарчу 3-чу школан директор Сатуева Луиза, иштта кхиберш а.

– Дешаран шеран хьалхарчу декъехь динчу жам1 – иза дика жамI ду бохург дац тхан, – дуьйцу Хатуевас, – амма цунна тIера дIадуьйладелла, кхин а лаккхарчу жамIашка тхаьш кхочург хиларх теша тхо. Хууш ма-хиллара, 2012-чу шеран декабрехь тIеийцира дешаран керла Федеральни закон. Цу тIехь билгалдаьккхина ма-хиллара, 5-гIа классаш керлачу стандарташца деша дIаюьйлаелла. Оцу гIуллакхна стохка дуьйна а кечам бина хьехархоша, чекхъяьхна лерина курсаш, цхьа билггала болх бина дай-наношца. Юьхьанцарчу классашкахь оцу белхан мелла а зиеделларг делахь а, пхоьалгIачу классийн дуьххьарлера шо ду. Делахь а тхан хьехархоша ледарло йийриг цахиларх а, дешаран керлачу некъа тIехь церан цхьа билггала кхиамаш хирг хиларх а тешна ю со.

Муьлххачу а школехь санна, кхеран а хилла ЕГЭ-х йоьзна халонаш. ХIинца оцу гIуллакхах дIабоьлла а, 1-чу октябрехь дуьйна шина 11-чу классашкахь пачхьалкхан юкъарчу экзаменашна кечам бан буьйлабелла а бохку хIорш. Оьрсийн маттана а, математикана а лерина урокел тIаьхьара сахьташкахь болх бар экзаменаш дIаяларан декхарах делахь а, бераша хаьржинчу биологи а, хими а, информатика а, физика а, истори а, обществознани а предметашна а кечамбар дика дIадоьдуш ду школехь.

Зинас цIерш ца ехира шайн балхаца дика ларалуш болчу хьехархойн, цо дийцарехь, уьш берриш а, 48 шайх дика дош ала хьакъ ву. Дала аьтто бойла церан. Амма тхайн хьежамехь баккъал а шайх дика масал эца хьакъ болу хьехархой – Туганов Абуезид а, Эстамирова Серижа а йовзуьйту оха шуна.