Юьртабахаман къинхьегамхойн Вахитин, Заин боккхачу доьзалехь йина, кхиъна йолчу Лизин муха я стенна кхоллабеллера те нохчийн, оьрсийн меттанаш кIорггера Iамон болу лаам? Шеко йоццуш, оцу гIуллакхна «бехкениг» книшкаш яра.
Лизин ерриг а хан (йижна ерг а, сискал юург а) оцу цхьана хIуманна тIехьажийна яра. ХIорш, итт бер, йиша-ваша стоьлана гуонаха хевшича, Лизин голаш тIехь Iуьллуш «цхьайтталгIаниг» хуьлура.
«Сих кхоьтуьйтуш яа еза сискал», – бахарх, гIуллакх а ца хилла, ца гучуха IадIара кхеран да.
Лизина эхь хетара цунах, амма къайлаха а бIаьрг книшки тIе кхарстош хазахетара. Цу тIе муха Iийр яра юург юуш паргIат, турпалхойн дахаран хиламаш тесна битина?
Лизина дика хаьара церан ойланаш а, девзара церан аьзнаш а. Цунна уьш цхьабосса дукхабезара, Островскийн Павка а, Мамакаевн Зеламха а…
1973-чу шарахь ТIехьа-Мартант1ера №2 йолу юккъера школа кхиамца чекхъяьккхира йоIа. Цхьана шарахь оцу школехь балхахь а йисира. Лиза берийн, кегийрхойн вожати-некъгойтург яра. Самукъане а, кхуьнан ерриге хан дIалоцуш а бара болх, цу тIе кхиъна йогIучу йоьIан дахарехь мелла а алапа а сов дацара. Шен хаарш тоьаш ца хиларх кхийтира иза. Уьш алсамдаха дезарх шеко ца хиларал сов, ца ширлора книшкашка безам. Амма лакхара дешар деша яхийта ала а бIо ца булура дех.
«ЙоI шен кхерчахь бакъхьа ю», – диц ца далийта санна, кест-кеста олура цо.
Оьрсашна дайна, ирс дарах ирс хилира Лизин. 1974-чу шеран аьхка нана Заа, операци йина, Соьлжа-гIала больнице йиллира.
ХIора денна шена тIаьхьайогIучу йоьIан сингаттам дика хуучу нанас:
«ДоьгIнарг хир-кх», – аьлла, университете кехаташ чудалийтира.
Кхиамца дIаелира Лизас экзаменаш. Сакъерадаларан метта гIайгIа хилира царах. Дена ца хоийла дацара. Жим-жимма къадош дIаэлира нанас, ма-дарра ала ца хIоьттира. Лулахоша йоьIан дешар декъалдича хиира дена. ГIалахь а Iаш, доьшур ду бохург улле а ца дитира цо. Гуттар а санна, орцахъелира деца Iаждат. Шел йоккхах йолчу йишина дуьхьал дош ца дохьучу Вахитас, цхьана шарахь очно деша бакъо елира йоIана. Мел ирсе яра Лиза оцу дийнахь! Тахана а оцу дагалецамах йоккхаеран IиндагIа дикка лаьттира Лизин горгачу юьхь тIехь.
Лиза санна, литература езаш а, евзаш а, шаьш язъеш а болу Минкаилов Эльбрус, Ахмадов Муса, Юнусов Хьамзат, Сумбулатов Дени, иштта кхин а цхьамогIа оьзда, гIиллакх долу кIентий бара кхеран курсехь.
«ХIинца а гергарло леладо оха, – дуьйцу Лизас. – Тхоьца, зудаберашца, чIогIа лераме бара уьш. Шайн йижарийн ден доллу дола дора тхан. Цхьа Делан къайле хета суна, тхаьш цхьана курсе нисдалар. Дала ца нисдича нислуш дац ишттаниг».
Университетера хьехархой а – Тимаев Ваха, Овхадов Муса, Вагапова Тамара, Эсхаджиев Якъуб, иштта церан могIарера кхиберш а бара Лизина доллу «лазар» долуш – книшкаш езашверг а дукхавезаш. Оцу дерригено а йоьIан къастамна дикачу агIор тIеIаткъам бора.
Оьрсийн мотт хьоьхуш хиллачу Вердиевас дог оьцура йоьIан:
«Лиза, меттанийн мукъам дика бевза хьуна, аьзнийн декаран тидам кIорггера бо ахь», – олий.
Хено гайтира, кхуьнан хьехархо а шен дешархочух доллург дика хууш хилар.
Дика дагайогIу Лизина хьалхарчу сессин дуьххьарлера экзамен. Факультетан декан волчу Варлашкинан предметна «пхиъ» наггахь волчу студенто бен ца доккхура. Цу тIера йолаелла кхин лахара оценка Лизин цкъа а ца хилира.
«Хила-м хуьлура, Эльбрус орцах ца ваьллехь, – йоьлу иза. – Цкъа Хусаиновс «философин истори» предметан экзаменехь: «Мегар ду, «диъ» дели хьуна», – элира. Экзаменехь Iаш волчу Эльбруса: «ХIокху хене схьайолуш-м ца даьлла цхьа а диъ», – хазийра».
И хезначу хьехархочо, предмет «ахкийтира» Лизига, амма «пхиъ»-м диллира.
Хьалхара курс сихха чекхъелира. Цуьнан жамIаш деш, деканато Лизас дешначу школе а, цуьнан дега-нене а баркаллин кехат даийтира:
«Баркалла шуна, иштта оьзда а, хьекъале а йоI кхиорна. Дешарца, гIиллакхца даиманна къаьсташ, массарел тоьлла ю иза. Оха дозалла до Лизех», – аьлла.
Шен йоIера хиллачу юьхькIомах кIадвелира да. Лизас очно дешарца чекхъяьккхира университет.
1979-чу шарахь цIен диплом дохьуш ТIехьа-Марта №1 йолчу школе хьехархо хилла еара Осмаева Лиза. ДегIана эгIаза хиларна, йолчул а жима хетачу йоIана кIирнах 34 сахьтехь оьрсийн а, нохчийн а меттанаш хьеха а, царах Iаба а «бакъо» елира!
Белхан дукхалло а, берийн тайп-тайпанчу амалша а чам ца баьккхира кхуьнан ша юьхьарлаьцначу некъах, мелхо а меттанийн кIоргалле кхача Ростове аспирантуре деша яхара иза. Аспирантура чекхъяьллачул тIаьхьа, Дешаран белхахойн говзалла лакхаяккхаран институтехь лакхарчу хьехархочун болх бира Лизас. Кхо шо дIадаьлча, юха а схьаеира шен школе.
Шен харжамна дохкояьлла меттиг ца хилла Лизин, хIинца харжа безаш хилча а хьехархочун болх хоржур бара ша, боху цо. Цул сов, Лизин ши йиша а яхара кхуьнан лорах, Раиса ТIехьа-Мартанан №4 йолчу школехь нохчийн мотт хьоьхуш ю, ткъа Совдат лахарчу классийн хьехархо ю. ХIара йоккхае, кхуьнан диках болу дешархой а шайн хьехархочух масал эцна хиларх.
Уьш – математик Байдаева Луиза, историк Баталова Зураъ, филолог Тахаева Луиза, лахарчу классашна хьоьхуш йолу Мунаева Луиза, кхуьнан шен йоI географ Амнат, иштта кхин а. ТIехьа-Мартанан №6 йолчу школехь истори хьоьхуш ву кхуьнан дахаран накъост Хас-Мохьмад а. КIант Мохьмад а вахана университете, иза юрфакехь 6-чу курсехь доьшуш ву.
К1оштан хьехархошна юккъехь дика евза Лиза. Цуьнан къинхьегам билгалбаьккхина кIоштан дешаран отделера а, администрацера а, дешаран министерствера а Сийлаллин грамоташ яларца. Россин Президентан премин номинант а ю иза. Нохчийн мотт дIабаларх дерг хьахийча, соцунгIа хилира Лиза.
Стенан ойлаеш, луьттуш, луьстуш яра-м хаац суна и, амма:
«Дала гIо дийр ду нохчийн мотт бахийта, ткъа вай бахьанаш лелор ду, – сацам боллуш элира цо. – Мотт дIабаьлча, къам а дер ду дIа. Дала мотт белла, дуьнен тIе даьккхина къам ма ду вай. Муха хир ду иза, вайх дуьнен тIехь вайн маттахь хIумма а ца дисар? ХIан-хIа, кху тIаьххьарчу шерашкахь матте болчу лерамо а тешам кхуллу, нохчийн мотт бехарг хиларх…»
Даггара теша лаьа Лиза тешачух. Лаьа цуьнан дахарехь керла кхиамаш а, лакхенаш а хуьлийла а, цуьнан син паргIато ешалучу юьхь тIе цкъа а, книшкийн турпалхой бахьна долуш бен, сингаттаман марха ца хьодийла а.