Шовхалова Хьава Нурдиновна, Хьалха-Мартан Мартан-Чуьра №1 йолчу школан нохчийн, оьрсийн меттанийн хьехархо, йина 1992 шеран ноябран 3-г1ачу дийнахь Хьалха-Мартан т1ехь.
Хьава жима йолуш дуьйна шен ненан мотт ч1ог1а безаш, цуьнца уьйр йолуш хилла. Цундела школа чекхъяьккхина 2011-чу шарахь нохчийн пачхьалкхан университете (оьрсийн-вайнахин отделени) деша йоьду. 4-чу курсехь доьшуш йолуш д1аболабо Хьавас хьехархочун некъ ша дешначу школехь. 2016-чу шарахь боккха кхиамца бакалавр даржан университет чекхъяьккхира цо. Цу шарахь магистратуре деша яхара нохчийн пачхьалкхан университетан «Нохчийн филологи» аьлла йолу направлени хаьржина.
Х1инца 2 курсехь доьшуш ю, шен «Нохчийн фольклоран кегийчу жанрийн исбаьхьаллин башхаллаш» ц1е йолчу магистрийн диссертаци т1ехь болх беш ю. Ларамаза дац Хьавас тидам нохчийн маттана т1е бахийтина хилар. Шен декхар лору цо ворх1е дайшкахь дуьйна ларбеш, сийдеш схьакховдийна болу вайн мотт ларбар а, безар а, кхиор а, т1екхуьучу чкъуранна иза марзабар а.
Хьавас жигара дакъа лоцу вайн махкахь д1ахьош долчу къийсадаларшкахь а, мероприятешкахь а. Т1аьххьара районехь д1адаьхьина долчу «Къона хьехархо 2018» ц1е йолчу къовсадаларехь 2-г1а меттиг яьккхина цо. Массийта грамота а ю Хьаван Хьалха-Мартан дешаран урхалло а, Мартан-Чуьра №1 йолчу школо а елла.