Язык сайта

 

Язык сайта

 

Сулейманов А. "Бедригов Бадрудди: «Тхо хьалхарчу меттехь хила дезаш ду»"

Бедригов Бадрудди вина 1961-чу шарахь Т1ехьа-Мартан т1ехь. Цигахь чекхъяьккхина юккъера школа а. 1986-чу шарахь Нохч-Г1алг1айн пачхьалкхан университетан химико-биологически факультет чекх а йоккхий, Т1ехьа–Мартанан №4 йолчу юккъерчу школе хьехархо балха вог1у иза. 1989 - чу шарахь Т1ехьа-Мартанан к1оштан администрацин дешаран декъан (РОНО) заведующин заместитель х1оттаво Бадрудди. 1994-чу шарахь цу к1оштан дешаран декъан хьаькаман даржехь ч1аг1во и. 1997- чу шарахь цигара д1аволу. 2000-чу шарахь юха а РОНО-н куьйгалхо (х1инца дешаран урхаллин хьаькам) х1оттийна.
Бедригов Бадрудди ша болх бечу коллективехь а, вехачу юьртахь а, районехь а нехан ларам болуш куьйгалхо а ву, шен белхан декхаршца дика ларош говзанча а ву. Цуьнан къинхьегаман кхиамаш 1едало билгалбаьхна тайп-тайпанчу сийлахьчу ц1ерашца а, совг1аташца а. Царна юкъахь:
- Россин Федерацин юкъара дешаран сийлахь белхахо;
- Нохчийн Республикин хьакъволу хьехархо; 
- Профсоюзийн сийлахь белхахо ;
«Керла Росси кхолларна»-мидал ;
Россин, НР-н, к1оштан грамоташ .

Бадруддис куьйгалла дечу дешаран урхаллина юкъайог1уш 29 юккъера школа, 1-суьйренан школа, 2 ДЮСШ ю. Цул совнаха к1оштан дешаран урхаллина чуйог1у:
Эколого-биологически станци; Туризман а, мохк бовзаран кхерч; 
Школашна юкъара дешаран комбинат; Берийн кхоллараллин ц1а ; Технически кхоллараллин кхерч .
2007 -чу шарахь Кадыров Ахьмад-Хьаьжин ц1арах йолчу фондо юхайина: 
2001 -чу шарахь йохийна йолчу Сема1ашкара 2 школа, Бумбатахь йохийначу кхаа школана меттана 400 меттигаш йолу 2 школа юхайина. Ширачу Ачхойхь 200 меттиг йолу школа йина.
2008- чу шарахь к1оштан бюджетан таронах Т1ехьа-Мартант1ерачу №7 йолчу школана 250 меттигана, 
Котар-юьртахь-200 меттигана, 
Жима-Шаройхь-200 меттигана т1ехоьттина г1ишлош йина.

Хаьмби-Ирзехь, Янды-к1отарахь, Котар-юьртахь, Давыденкохь, Ша1ми-юьртахь а, кхин а 6 юьртахь а спортзалаш тойина. Иштта, меттигера бюджетан ахчанца Т1ехьа-Мартант1ера №4 школа а, кхин юкъарадешаран школаш а, т1ехотторш а дарца спортзалаш, столовеш еш, тойина. Давыденкохь юккъерачу школана капитальни ремонт йина. Сема1ашкарчу №2 йолчу школана 100 меттигана т1ехоттар дина.
2009-чу шарахь к1оштан куьйгалхо хиллачу Дадаев Мусас, Кадыровн фондера ахча а дехна, чекхяьккхина болх бан йолаялийтира, 1990-чу шарахь ян а йолийна сецна лаьтташ йолу 400 меттигна йолу школа.

«Оццу шарахь тхуна (урхаллин коллективана) а совг1ат дира к1оштан куьйгалхочо.-дуьйцу Бадруддис,-х1ара вай чохь долу исбаьхьа г1ишло яйтира тхуна. 2005- чу шарахь и куьйгалхо х1оьттичхьана, к1оштахь массо а аг1ор долу хьал буххера хийцаделира, къаьсттина дешаран декъехь. Массо а школаш ремонташ йина ю. Цхьаерш республикански школаш юхаметтах1иттаяран программица, вуьйш тхайн -тхешан ницкъаца. Кху шарахь «Дешаран учрежденеш алсамъяхар»-бохучу программица 4 школехь спортзалаш йина. Котар-юьртарчу №3 школехь, Валаргт1ерачу шклехь, Т1ехьа-Мартанан №6 школехь столовеш а, Сема1ашкахь йолчу №2-чу школехь спортзал а йина. Кху шарахь ян йолийна, керла шо долалуш болх бан йолаялийта 1алашо йолуш 300 меттигна 3 школа ю Закан-юьртахь. Спорткомплекс, 100 меттигна т1ехоттар а, столови а, библиотека а йина №7 йолчу Т1ехьа-Мартанан юккъерачу школехь.

Нохчийн Республикан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана к1оштан бахархошна совг1атна ян йолийна стадион а, спорткомплекс а ю. Тхан к1оштан куьйгалхо хиллачу Дадаев Мусас боккха тидам т1ебахийтинера къаьсттина дешарна, тхан лазамаш шен лазамаш а хеташ. Республикехь хьалхара меттиг латточарах ю тхан урхалла. 2015 шо т1екхачале ян 1алашо лаьцна кхо школа ю; Т1ехьа-Мартант1ехь а, Хаьмби-Ирзехь а, Котар-юьртахь а.

Урхаллехь нохчийн меттан, кхеттош-кхиоран белхан куратор йолчу методиста Архиева Айманис дуьйцу: 
- К1оштарчу школашкахь 1070 хьехархо ву, царах 719 лакхара корматаллин образовани йолуш, 311 юккъера леррина образовани йолуш ву, заочно доьшуш 30 ву. Т1еххьарлерачу 3 шарахь 856 (84% )хьехархочо корматалла лаккхаяккхаран курсаш чекхъяьхна . Х1окху дешаран шарахь болх беш 98 къона говзанча-хьехархо ву. 
Д1адаханчу дешаран шарахь нохчийн меттан а, кхетош-кхиоран балхана т1ехьажийна 15 мероприяти йина. Царах цхьаерш:
- Мамакаев Мохьмад винчу денна лерина семинар;
- Нохчийн Республикан хьалхара Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин дахарх а, леларх а лаьцна сочиненийн конкурс;
- «Нохчийн маттахь тоьлла газет» аьлла йолу к1оштан конкурс;
- Нохчийн меттан денна а, нохчийн фольклористан Джамалханов Зайндин 90 шо кхачарна а лерина йолу мероприятеш;
-«Дайн оьзда г1иллакхаш» - Закан-юьртахь д1аяьхьна конкурс. 
Администрацин куьйгалло, к1оштан урхалло дакъа а лоцуш, тоьллачарна ахчанан совг1аташ дира

1 -ра меттиг яьккхинчунна -100 эзар сом; 2- г1а меттиг-50 эзар сом; 3- г1а меттиг-25 эзар сом.
ЧИПКРО-н буха т1ехь «Хьехархо-2012» конкурс а д1аяьхьира. Керла-Шарара нохчийн меттан хьехархо Р. Исмаилова лауреат хилира цу конкурсехь.
- НР-н Муфтиятехь д1аяьхьначу «Суна ислам девза» ц1е йолчу республикански конкурсехь Йоккхачу Ачхойрачу Мазаева Маликас 3- г1а меттиг яьккхира. 
ЕГЭ д1аяхьарна жоьпалла долуш волчу урхаллин говзанчас Цугалов Расамбека дуьйцу: 
-ЕГЭ д1аяла аьтто хилийта тхан к1оштахь кхоьллина 1380 меттигна 5 куп ю.

Кху шарахь ЕГЭ д1алуш 938 бер 11 -чу классера ду, 1124 бер 9- чу классера ду. Семинараш а еш, цу балхана кечвина 154 хьехархо ву. Стохка 97% бераша д1аелира ЕГЭ. Д1аялале хьалха кхузза тестировани йо, оьрсийн меттан, математикин муха хуьлу хьожуш йолу экзаменаш ло. Стохка дешна девллачу берех 90% лаккхарчуй, юккъерачуй леррина йолчу заведенешка деша дахана. Кху шарахь дукха а бераша хаьржина обществознани, физика, хими. Массо а юьртахь спортивни майданаш а йина, футболан командаш а кхоьллина.

3- Республикан лакхарчу лигехь, 1-хьалхарчу лигехь, 1-2 чу лигехь ю. К1оштан чемпионатехь цхьацца долчу календарни ловзаршкахь 500-600 болельшикаш а гулло. 
Болх беш ю парг1ат кепарехь охьатоха латаран, кикбоксинган, тхеквондон, дзюдон, боксан, футболан, волейболан, шахматийн, шашканийн секцеш, республикански выставкехь 2- г1а меттиг яьккхина йолу судоавиамоделированин кружок.

Россин Федерацехь боксехула 4-за чемпион а, Европин хьалхе къовсуш дато призер а, кхин дуккха а турнирашкахь толамхо а ваьлла Мадаев 1аьрби. 
Россин хьалхе къовсучехь толамаш баьхна Хациев Акрама, Кутаев Ибраьх1има, Исаев Мовсара, Дагиев Хьасана.
Куьйгалатарехь (рукопашный бой) Россин, Европан, дуьненан чемпионаш бу вежарий Бибулатов Мохьмад, Муслим.
Республикан шашканийн спартакиадехь к1оштан цхьанатоьхначу тобано 1 меттиг яьккхина.

Дуьненаюкъарчу классан спортан мастер ву тренер а, спортсмен а волу, Нохчийн Республикан цхьанатоьхначу тобанан декъашхо, дзюдоист Адамов Юсуф. Россин толамхо иттех ву, масех Европа яьккхинарш а. И шадерг, вай лакхахь ма-аллара, тхан к1оштан куьйгалхочо (х1инца юьртабахаман министр волчу) Дадаев Мусас спортана лакхара тидам т1ебахийтина хилар дара. Ша футболист а, командин капитан а волуш, спорт езаш а, яржо лууш а, спортсменашна г1одеш а вара Муса. Бухахь автобус а йоллушехь, ДЮСШ-на кхоъ « Газель» елира цо.

Шайн районехь балха т1ехь дикачу аг1ор билгалбевлларш бийца аьлча, урхаллин куьйгалхочо Бедригов Бадруддис боху:
- Тхан вониш бан а бац, х1унда аьлча, тхан коьрта контролер а, тидам беш верг к1оштан куьйгалхо вара, болх дика ца бийриг сихха д1авоккхура (стохка 5 школан директор хийцира). Делахь а къасто луурш а бу.

Масала: массо а гайтаршца тоьлла школаш ю. Т1ехьа-Мартант1ера ООШ, СОШ №5, Валаргт1ера СОШ №2, ООШ, Давыденкера СОШ, Сема1ашкара СОШ, Бумтара СОШ а.

Бадруддис шех лаьцна к1еззиг дийцира, амма хаалора иза шен балхах дог а лозуш, чу садиллина хилар. Цул сов, ша лелош долу г1уллакх дика хууш, лаккхара говзалла йолу белхахо ву иза. Цундела цо куьйгалла дечу дешаран урхаллехь дика низам а, кхиамаш а бу:

- 2 г1ий-3 г1ий меттиг бохург тхуна башха могуьйтуш а дацара тхан куьйгалхочо. Тхо гуттар а хьалхарчу меттехь хила дезаш ду. Хьалхара меттиг даима цхьаьнгахь ца хуьлий хаьа , амма цу 1алашоне кхача тхайн ницкъ кхочург, тхайх доьзна дерг деригге дийр долуш ду тхо.- боху Бадруддис. Дала аьтто бойла шун, Бадрудди. Керлачу кхиамашка кхочийла шу!