Язык сайта

 

Язык сайта

 

Сулейманов А. «Берийн синош човйина хилча…»

Каимова Амната дийцарехь, Нохчийчоьнан уггаре а хаза меттиг – Шела ю. Цигахь йина а, ехаш а ю иза. 1972-чу шарахь, Шеларчу №8 йолчу юкъардешаран школе хьалхарчу классе деша яхчахьана, хьехархо хила лаам а, сатийсам а болуш хилла ю Амнат. Да-нана а, хьехархой а, накъостий а цунах хьехархо хир юй хууш, дог тешна бара. И бакъ хила а хилира.

1989-чу шарахь Нохч-Г1алг1айн хьехархойн институтан филологийн факультет чекхъяьккхина, Шеларчу №3 йолчу школе оьрсийн мотт, литература хьеха балха х1оьттира Амнат. Балхах самукъа а долуш, беза а безаш, 1997 шо т1екхаччалц болх бира къоначу хьехархочо. Амма чекхбаьллачу хьалхарчу т1амо дуккха а нехан ойланаш а, кхетамаш а хийцинера.

«Класса чу яхча, – дуьйцу Амната, – гуш хуьлура г1елделла, наб янза, 1адийча санна 1аш долу бераш. Церан б1аьра а хьоьжуш, х1ун дан деза а, х1ун г1о дийр ду а ца хууш юьсура со. Т1аьхьа кхийтира: оьрсийн мотт я математика 1амор эрна ду берашна, церан синош чов хилла хилча. Эццахь сацам хилира сан нохчийн берийн «доьхначу дуьненан» психологи 1амо».

Амнатна дика дагайог1у ша психолого санна дуьххьара т1еэцна йолу 10 шо кхаьчна йо1. Цо елха а йоьлхуш дийцира, шен нана цкъа яккхий тоьпаш евллачул т1аьхьа шен б1аьргашна хьалхха ялар.

Амната, йо1 мара а йоьллина, элира: «Кхера ма кхера! Со хьоьца ю! Вайшиъ цхьаьна хилча, шадерг дика хир ду!».

Йо1а, г1ийла ела а къежна, Амнат маракъевлира. Амнат кхийтира: кхид1а ша шен дахар берийн психологина д1алург хиларх. Бан безаш бара къастам: я хьехархочун болх кхид1а бар я ц1енна, бакъйолу психолог хилар. Школан психолог хила лаар туьйлира.

Ша деш долу х1ума доггах дан 1емина йолу Амнат психологи к1орггера 1амо йолаелира. Оьшуш йолу литература лохуш (х1инца санна Интернет чуьра схьаэцча йолуш яцара), семинарашка лелаш, квалификаци лакхаяккхаран курсашкахь доьшуш, болх а беш 1емаш яра къона психолог.

Иза кхечира Нальчике, Пятигорске, Кисловодске, Ростове, Владикавказе, Москох, Украине, Гуьржичу, Голланде, Германе. Цуьнан хьехархой хилира дуьненахь а г1арабевлла психологин говзанчаш: СПбМАПО-н берийн психиатрин, психотерапин, медицинин кафедрин профессорш болу Никольская И.М., Добряков И.В.; Санкт-Петербурган психотерапин а консультированин «Гармония» институтан психологаш, тренерш Ларинов С.К., Ильина И.Г.; Москохара РФ могашалла1алашъяран министерствон психиатрин институтан 1илманан сотрудник Корень Е.В.; иштта, Хорватера психолог Микуш Косс Анница; Ингалс пачхьалкхера психолог Жорман Расвита а, кхиберш а.

Амната дийцарехь, цунах психолог хиларна т1ехь а, цуьнан дахар цу кепара хийцадаларна т1ехь а доккха дакъа лаьцнарг Къилбаседа Кавказехь йолу «Юнисеф» олу организаци ю. Юнисефа Нохчийн Республикан дешаран а, 1илманан министерствоца цхьаьна йолчу проектаца Шеларчу №3 йолчу юкъардешаран школехь евростандартаца ши кабинет кечйира, оьшуш долу йийбар а, г1ирс а чу а буьллуш.

Нохчийчохь и саннарг 8 центр йина цара. Шеларчу психолого-методически центран куьйгалле Амнат х1оттийра. Оццу программица Амнатан аьтто хилира говзаллин кхаашеран «Консультирование в школе» боху дешар чекхдаккха а. Амма Амнатна хетарехь, берашна хила ма-деззара психологически г1о дархьама, берех кхетархьама тайп-тайпана технологеш а, методикаш 1амо еза, ткъа иза гуттар а 1емаш хиларца бен керадоьрзуш дац.

– Корматаллин курсаш, семинараш, мастер-классаш, – иза бу сан кхиаман ондда бух, – дуьйцу Амната, – х1ора семинар чекхяьлча, ас сайна карийна зеделларг балха т1ехь юкъадоккху. Диагностически, коррекционни, профилактически, просветительски болх бо ас. Психологин тренингаш йо, берашна, хьехархошна, дай-наношна. Т1аьххьарчу шерашкахь ас керла тренинган программаш юкъаяьхна: кхиархошна – церан шайх б1обулуш хилийтарна а, вовшашца бартхилийтарна а т1ехьажийна; хьехархошна а, дай-наношна – «Стрессан профилактика»; берашна – коррекционно-кхиарна а, ийна хиларна, шайн оьг1азаллина т1ехь 1уналла дарна т1ейоьг1на.

Ас юкъаяьккхина «Т1емавалар» («Полет») ц1е йолу релаксационни методика беро ша-шен мах хадабар-хьалаайар 1амош ю. Хьехархойн стрессана профилактика а еш, дагчуьра кхерам хилар д1а а доккхуш, шайн гушбоцу ницкъаш меттахбахийта 1амабо уьш. Х1унда аьлча хьехархойн балха т1ехь дукха ду уьш г1елболуьйтуш, оьг1азалла хаайолуьйтуш долу х1уманаш. Цара дешархошца а, шайн белхан накъосташца а йолу юкъаметтигаш галйоху. Хьехархо ша-шен дола далуш хилча, шех б1обулуш хуьлу хала киртиг т1ех1оьттича. Цо шен лелар, оьг1азалла а йоцуш, д1анисдо.

Цу аг1ор тренингаш хьехархошна ч1ог1а пайдехь хуьлу. Кхиазхошна еш йолчу тренингаша 1амадо царна шайх доллург хаийта, тайп-тайпанчу 1алашонехьа г1ерташ хилийтар, т1аккха шаьш-шайн маххадабар а лакхадолу церан. Цул совнаха, ас вовшах а тухуш д1ахьо к1оштарчу хьехархошца-психологашца семинараш. Царна сайниш а, кхечеран а разработкаш а йовзуьйтуш, инструкцеш ло. Школашкахь хьалхарчу классашкахь ФГОС а, керла стандарташ а юкъайохуш дакъа а лоцу. К1оштан хьехархойн-психологийн методически вовшахтохараллин кхеташонашкахь докладаш а йо».

Амнатан дуккха а сийлаллин грамоташ ю: НР-н дешаран а, 1илманан а министерствон а, Шеларчу дешаран урхаллин а, «РФ-н дешаран сийлахь белхахо» аьлла сийлаллин ц1е а тиллина цунна. «НР-н хьехархо-психолог – 2012 шо» аьллачу конкурсехь 3-г1а меттиг а яьккхира цо.

«Сайн болх даггара дукха беза суна, – кхид1а а дуьйцу Амната, – х1ора 1уьйранна хазахетарца, сатийсамца, цхьанна г1одан лаарца кабинетан не1 схьайоьллу ас. Кху балхо сайна а 1амийна суна дуккха а диканиг, оьшуш дерг: сатухуш хилар, синтеме хилар, къинхетаме хилар. Халачу т1еман шерашкахь балхо ницкъ луш, айса – сайх болу тешам алсамбоккхуш, халонашна хьалха охьа ца то1уьйтуш схьаеара со. Цул совнах, х1ара болх – беккъа болх хилла ца 1а суна, х1ара сан дахар ду, 23 шарахь сайн хьомечу накъосташца цхьаьна д1адоьдуш долу.

Со тешна ю муьлххачу бере а, доккхачу адаме санна, ладог1а дезарх, цунах кхета везарх. Нагахь беран цхьана а г1уллакхна т1ехь ойла ца латтахь, иза бен а ца хеташ делахь, цунна бехке вай – даккхийниш – ду, цунна х1ун оьшу ца хьаьжна долу. Берийн дагчу хьажа хаа деза, царна накъосталла дан деза кху доккхачу дуьненахь шен меттиг каро. Сан психологически кредо ю:

«Берах кхетар, иза ма-дарра т1еэцар, цунна г1одар».

Суна со ирс долуш стаг хета, х1унда аьлча сан безаш болу болх бу, цигахь соьга хьоьжуш б1еннаш берийн б1аьргаш ду: самукъане а, сингаттаме а, цецдевлла а. Цаьрга хьаьжча сайн болх оьшуш буй а, айса деш дерг пайдехь г1уллакх дуй а хаьа суна».

Дуьненахь психологи ч1ог1а яьржина а, ч1ог1а лоруш а йолуш корматалла ю. Адамийн синошна дарба деш бу психологаш. Оьг1азалла, х1уманах догдиллар, депресси, адамийн юкъаметтигаш галйовлар, кхин а, вайна хийла дош а ца хеташ, амма дуккха а цамгарш а, девнаш а лоьлхуьйтуш долчу х1уманашна дарба до цара. Оьг1азалла ч1ог1а меттахъяьлла хьал х1оьттича, уггар хьалха психологна т1е вахавезаш ву стаг, цхьа цамгар эккхале. Ткъа шарахь баланехь лаьттинчу вайн къомана цул ч1ог1а оьшуш х1ума дан а дац.

Уггар хьалха школашкара психологаш бара дешаран урхаллин органаша т1е тидам а бахийтина, болх байта 1амо безаш. Амнат саннарш п1елгашца багарбаллал бен бац вайн республикехь. Х1ора школехь а, берийн бешахь а д1аязбина-м хир бу, амма болх бан ма-безза беш бац. Масала, ЕГЭ д1аяла чубоьлхуш болчу кхиазхошца говзачу психолого кхерам д1абоккхуш болх бича, цара дуккха а дика д1алур яра экзамен. Вай тешна хир ду, НР-н Куьйгалхочо Кадыров Рамзана ма-баххара, цо аларе хьоьжуш а ца 1аш, нисдан деззачо и г1уллакх д1анисдийр ду аьлла.